Iилман методологи

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар

Ӏилман методоло́ги, ма-дарра кхетийча, — иза Iилман гӀуллакхийн методех а, процедурех а лаьцна Ӏилма ду, ткъа иштта юкъара хааран теорин декъах (гносеологи) а, кхин а башха Ӏилман хааран теори (эпистемологи) а, Iилман философи а.

Методоло́ги, прикладни маьӀнехь, — иза талламан белхан хьесапийн а, тӀеваран а система (вовшех йоьзна цхьана хиларан комплекс) ю, цунна тӀетевжа талламча (Ӏилманча) билгалчу дисциплинан гуранчохь физикехь, химехь, биологехь, кхечу Ӏилман дисциплинашкахь хаарш гулдарехь а, кечдарехь а. Ца оьшу методологи методикаца иэян.

Ӏилман методологин коьрта Ӏалашо ю къовламе нисйина а, чекхъевлла а хьесапийн, кепийн, бакъонийн, нормийн системийн апробацица эвристикан кепара хаар латтор. Талламан балхахь аьтту хилийта (масала, бакъаӀаморан областехь) Ӏилманчан хаа еза кепан «къайле», хила еза Ӏилман ойлан эвристикан[1]. Хаа еза йолуш йолу методологи, хӀунда аьлча хӀора талламчан аьтту бац шен, оригиналан тӀехьахитта тоъал нах болуш Ӏилман талламан методологи кхолла, буьззина бух болуш, цуо иза кхайкхо йиш йолуш шен Ӏилман ишкол кхолла. Цундела талламчийн коьрта дакъа, Ӏилман жамӀашка кхачархьама зийна методологин кепаш лелош, тӀетовжа деза болчу некъашна (кепашна).


Кхиаран специфика[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏилман методологи кечъяран уггар доккха дакъа лаьцна Платона, Аристотела, Бэкона, Декарта, Канта, Гегела, кхин а философин классикаш. Оцу хенахь церан белхашкахь Ӏилман методологи хӀоттара вовшехтоьхна, гӀийла къаьстачу кепехь, Ӏилмаллин юкъара ойланашца а, цуьнан ораман хьесапашца а талламаш цхьана нислуш. Масала, Аристотела а, Бэкон а классификаци йо Ӏилман хаарш, Ӏаламах а, адамах а лаьцна бакъ хаамаш бахархьама кховдайо шиъ коьрта кеп: логикан-дедуктиван а, эксперименталан-индуктиван. И.Канта кечдо хааран корматаллин юкъара дозанаш, ткъа Шеллинг а, Гегел а кхолла гӀерта Ӏилман хаарийн универсалан система. Оцу талламийн яра алсамо дӀатаьӀна амат, хӀунда аьлча Ӏилма, XVIII бӀешерана юккъара XIX бӀешо доладаллалц, йоккха роль йолуш дацара социалан дахарехь.

Юкъараллин юкъаметтигийн прогрессаца цхьана, технологин сфера а, промышленностан кхолларш а социумехь хьалхара плане таттарца Ӏилман доккха маьӀна хуьлу керла технологи ярехь а, кхолларан балхехь кепаш нисъяр рационалан хьесапашца дарехь а. Доккха маьIна долуш хуьлу иштта теоретикан талламаш Ӏилман методологин областехь. Контан, Спенсеран, Дюркгейман, кхечу а авторийн белхашкахь кхоьллина ца Ӏа деккъа Ӏилман хаарийн хьесапаш, амма кхуллу Ӏилман-хаарийн белхан билггала вариантийн кепаш, кхин тӀе дукхах дерг социалан уьйрашна а, юкъаметтигашна а тӀейирзина а йолуш.

Ӏилман методологи хӀуттуш башха маьӀна долуш хилла талламхой Буль, Фреге, Пирс логикан-математикан хааран областехь. Оцу авторша ойланан белхийн нормийн а, процедурийн а формализацин бух боьттира, цуьнца дӀайиллина формализацин а, математизацин а логикан хааршан аре, логикан-методологин ӀаламӀаморехь гуманитаран Ӏилманашкахь бина белхаш лело аьтту бина.

КӀезиг маьӀна дацара Ньютонан классикан физикан бухан хеттарш хӀиттийна электродинамика, релятивистан а, квантан а механика хӀоттаран. Фарадейн, Максвеллан, Эйнштейнан, Планкан, кхечу Ӏилманчийн керланиш гучудахаро таро йира цхьаболчу хиламийн а, процессийн а бухан (электричество, серло, кхин а) Ӏалам къасто, амма дуьззина эцча Ӏаткъам бира Ӏилман методологин хӀиттамийн областан. Масала, квантан-релятивистан механикан кхиаро, теоретикан хӀоттам дӀататтархьама а, бух гайтархьама а, совдехира деккъа математикан некъаш. Иштта меттигаш гӀуллакхдина ца Ӏара деккъа талламан экспериментан жамӀаш вовшехтохаран Ӏалашонна, амма лелара шеш регулятиван Ӏилман-хааран процесс хилла. Хьекъал гаран конструкцеш арататтар цхьатерра бакъо йолу Ӏилман талламан декъашхой ларар цхьана тергоца а, экспериментаца а къобалдан буьйлабелира, дукха хьолахь иза гӀоле а лоруш, хӀунда аьлча практикехь теореш арататтаран, кхолларан, зеран юкъара хан яцъян таро ло дела.

Оцуо шадолчо йира Ӏилман йоккха прогресс ХХ бӀешарахь, йира цунах марзвеллачун хааран хьаштонах («цӀеначу бакъдолчух») профессионалан юкъаметтигийн сфера.

Ледаме кхетамаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Iилман метод (грек. methodos) — керла хааршан а, муьлххачу Ӏилман гуранчохь Ӏалашо кхочушъяран а методаш коьрта некъаш цхьана
  • теори (грек. theoria тидам, таллам) — иза чолхе дуккха а аспектан хӀоттам бу, шена чохь йолу:
    • зеделлачун жамӀ дар, юкъараллин практикан Ӏалам а, юкъаралла а кхиар гойтуш долу объективан законаш
    • муьлхха цхьа Ӏилма я цуьнан дакъа кхуллуш йолу жамӀ даран хӀоттамийн цхьаалла
  • гипотеза (грек. hypothesis бух, хетарг) — иза аратеттина долу муьлххачу хиламна кхетам балархьама Ӏилман хетарг ду, иза зер зеделаргашца, ткъа иштта теоретикан бух бар бакъ йолу Ӏилман теории хилийтархьама
  • терго — Ӏалашонна хьажийна гар, Ӏалашонан гӀуллакхна диллар дина, ткъа Ӏилманехь — хаам прибораш тӀехь гар, объективан аматаш йолу а, шолгӀа тергонан чоьтаца ларъян ялар, я кхин талламан методаш лелор (масала, эксперимент)
  • эксперимент (лат. experimentum — чам баккхар, зеделларг) — иза нийсса лоруш долчу хьолехь хилам Ӏаморхьама хӀоттийна зеделларг ю, хиламан боларан терго яран аьтту беш долу

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Гуляихин В. Н. К вопросу о методологии диссертационных работ в юридической науке // Юридические исследования. 2012. № 1. С. 92-106.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]