Дог-ойла
Дог-ойла — лахара жигараллин дикка еха эмоцин процесс, цуо дӀайоьдучу психикан процессийн эмоцин бос бо[1]. Дог-ойла къастайо аффектех, синхаамах, эмоцех.
Билгалбаккха тарло кхин а:
- цхьаьна объекто я хиламо бина эмоцин хӀоттам (масала, сурт я мукъам). Ишттачу меттигехь дуьйцу оцу объектан дог-ойланах (суьртан дог-ойла, мукъаман дог-ойла).
- цхьаьннан (политикин ресурс йолчу социалан тобан, белхан дакъа долчу адаман, иштта кхин а) сатийсаман а, гӀертаран а, тӀехьажаман а, лааман а система.
Терминан маьӀна а, доза а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дог-ойланца кхета, адамо шен дахаран хьолан йукъаметтиг гойту, эмоцин процесс. Дог-ойла къастало чӀогӀаллийца а, хенан йохаллийца а, ткъа иштта лахарчу жигараллийца а. Иштта дацахь иза хила тарло дог-ойла йохаран симптом.
Говзанчаша доза туху «дог-ойла» а, «синхаам» а, «аффект» а, «эмоци» а, «сагатдар» а кхетамашна йукъахь:
- Синхаамах къаьсташ, дог-ойланийн объектах тасар дац: уьш кхоллало дахаран хьолан. Иза бахьнехь дог-ойланаш, синхаамах къаьсташ, хила йиш йац амбиваленталлин[2].
- Аффектех къаьсташ, дог-ойлан дац ала мегар ду арахьара гучудаккхар, хенаца алсама еха а, ницкъаца гӀийла а ю[2].
- Эмоцех къаьсташ, дог-ойланаш хенаца еха а ю, кӀезиг жигаралла а ю[1].
- Сагатдар кхетадо деккъа субъектан-психикан эмоцин процессийн агӀонца, физиологин хӀоттам йукъа ца богӀу.
Башхаллаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дог-ойлано билгалйоккху адаман дахаран йукъара гӀора. Иза йозу коьрта мехалла болу, адаман субъектан агӀонех Ӏоттало Ӏаткъамех. Даиман ца кхета, оцу я кхечу дог-ойланах, амма иза даиман хила-м хуьлу. Яхъелла гӀуон дог-ойлано депресси ян тарло.
Дог-ойланехь физиологин компонент хиларо (муьлххачу эмоцехь санна) йо иза цӀенна организмера физиологин процессашна Ӏаткъаме. Уггаре дика девза Ӏаткъаман масалех цхьаъ ду цӀано йохаран синдром.
Дог-ойлано Ӏаткъам бо адамийн а, хиламийн а мах хадорна, ткъа иштта тардалийтарна а, хила тарло гӀуллакхийн жамӀан мах хадорна а. Иштта, «гӀуо» дог-ойла йолу адамо кхераман мах алсама хадабо, «дика» жог-ойла йолучу хенахьчул.
Владимир Левин хетарехь, «Ӏаткъамех мукъайаьккхина дог-ойла, ша дика хуьлу: нагахь хазахетта ца хилахь а, амма цхьаьнаэшшара хуьлу; айаелла йацахь а, собаре хуьлу»[3].
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Психология. — Юрайт-Издат, 2003. — 576 с. — 5000 экз. — ISBN 978-5-9692-0465-2.
- ↑ 1 2 Леонтьев Алексей Николаевич. Потребности, мотивы и эмоции (ru). — Москва, 1971.
- ↑ Леви В. Л. Не только депрессия: охота за дог-ойлам. — М.: Торобоан, 2008. — С. 126. — 352 с. — (Конкретная психология). — 10 000 экз. — ISBN 978-5-901226-16-2.