Яхья ибн Шараф ан-Нававий
| Яхья ибн Шараф ан-Нававий | |
|---|---|
| Ӏаьр. يحيى بن شرف النووي | |
| | |
| Шайхуш-шафиӀийят, къутӀубул-авлияъ, шейхул-ислам вал-муслимин, Ӏумдатул-фукъахӀаъ вал-мухьаддисин, сафватул-авлияъ вас-салихьин | |
| Говзалла | мухьаддис, факъихӀ, Ӏеламстаг |
| Вина терахь | 1233 шеран октябрь |
| Вина меттиг | Нава, Хьавран, Шема мохк |
| Кхелхина терахь | 1278 шеран 22 декабрь[1][2] (45 шо) |
| Кхелхина меттиг | Нава, Хьавран, Шема мохк |
| Динлелор | ислам, суннаталла |
| МазхӀаб | шафиӀийн мазхӀаб |
| Динан Ӏилманан гӀуллакх | |
| Дешархой | Умар ибн Бандар ат-Тифлиси[вд] |
| ГӀарадевлла белхаш | аль-Минхадж фи шарх Сахих Муслим[вд], Арбаин ан-Навави[вд], Рияд ас-Салихин[вд], Бустан аль-‘Арифин[вд], Аль-Азкар ан-Навави[вд], Минхадж ат-Талибин[вд] |
Яхья ибн Шараф ан-Нававий (Ӏаьр. يحيى بن شرف النووي; 1233 шеран октябрь, Нава[вд], Даръа[вд] — 1278 шеран 22 декабрь[1][2], Нава[вд], Даръа[вд]) — иза бусалба Ӏеламстаг а, мухьаддис а, факъихӀ а, меттан Ӏилманча а ву. ГӀарабевллачу шафиӀийн мазхӀабера факъихӀех цхьаъ ву иза. Иза гӏараваьлла фикъхӀехь а, хьадисехь а, лугӀатехь а, биографийн Ӏилмангахь а жайнаш а, сочиненеш а йазйарца, царах ду масала: Риядус-салихьин а, МинхӀажут-тӀалибин а, Ровзат а. Иза шафиӀийн мазхӀабан редактор (мухьаррир) а, тодеш верг (мухӀаззиб, мунаккъихь) а, къепе далош верг (мураттиб) а ву олий къаставо, хӀунда аьлча шафиӀийн факъихӀашна йукъахь Ӏамалйар сецна ду ан-Нававийс толийначунна тӀехь. Ан-Нававийна цӀе йоккху «шафиӀийн шайх» олий, нагахь шафиӀашна гергахь «шайхайн» дош леладахь, цуьнца лууш верг ан-Нававий а, Абул-Къасим ар-РафиӀи аль-Къазвини а ву.
Ан-Нававий вина 1233-чу шарахь (хӀижрин 631-чу шарахь) Навахь (Шема мохк). Цуьнан 10 шо кхаьчначу хенахь, дас туькан чу болхбан хӀоттийнера иза. И болхбаро мукъаза ца вира иза Къуръан Ӏамадан а, и чекхдаккха а, ша гӀеметтахӀоьттина а волуш. Шен махкахь Навахь висира иза, шен 18 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа Димашкъе дӀакхелхира иза. Димашкъе веара иза 1251-чу шарахь. Шеман муфтий Ӏабдуррахьман ибн ИбрахӀим аль-Фазари волчохь сецира иза, цуьнгара Ӏилма схьа а оьцуш. Димашкъехь Ӏийра иза 28 шарахь гергга. И шераш дӀадаьхьира цо Ар-равахьийят олучу хьуьжаран цхьана жимачу чоь чохь, Ӏилма а Ӏамош, и дӀа а хьоьхуш, жайнаш а йаздеш. Иза куьйгалле хӀоьттира Дарул-хьадис ал-ашрафийят олучу хьуьжаран, 1278-чу шарахь ша дӀакхалххалц цигахь болхбира цо.
ЦӀе а, харц цӀе а, тайпа а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Иза ву: Абу Закарийя Яхья ибн Шараф ибн Муррий ибн Хьасан ибн Хьусайн ибн Мухьаммад ибн ЖумӀат ибн Хьизам аль-Хьизами ан-Нававий. Цхьаболчара иза «аль-Хьизами» тайпане виллар, Хьизам ибн Хувайлид сахьабега виллар ду боху, ан-Нававийс ша бакъ а дина иза.
Ткъа цуьнан харц цӀе (лакъаб): цунна харц цӀе тиллина хилла «Мухьйиддин» (дин дендийриг) аьлла, ткъа иза йезаш вацара и харц цӀе, ша эсала хиларе терра, хӀунда аьлча дин даим дийна лаьтташ ду, ша дендеш волчуьнга хьашт а доцуш.
Ткъа цуьнан да ву: Шараф ибн Муррий. Иза туька карахь йерг хилла. Цуьнан долахь ши туька хилла, цу чохь йохк-эцар а лелош.
Нах цхьана муьлххачу а махкана тӀейазбо, уьш цу махкаца бевзаш хилийтархьама, ткъа имам ан-Нававий нийсса бӀостанехьа вазвина хилла Нава-гӀалина тӀе, тӀаккха и бахьанехь йевзаш, гӀарайаьлла хилла Нава.
Дуьнен чу валар а, кхиар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Имам ан-Нававий дуьнен чу ваьлла Навахь, мухьаррам беттан йуккъерчу итт дийнахь [11-20] хӀижрин 631-чу шарахь, 1233-чу шеран 16 йа 26 октябраца ма-доггӀура. Иза ваьхна шен дас ӏуналла а деш. «Цуьнан да вара дуьнен чохь шен хьал хьуламе а долуш, шен рицкъанехь беркатдина а волуш. Ан-Нававий кхиъна къайленгахь а, диканехь а. Ӏаш висира иза шен ден туькан чохь, цхьана ханна» — имам аз-ЗахӀабийс ма-дийццара[3].
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 AA.VV. Encyclopaedia of Islam, Encyclopédie de l’Islam (фр.) — 1913.
- 1 2 Jahja Ibn Scharaf Nawawi // Brockhaus Enzyklopädie (нем.) — F.A. Brockhaus, 1796.
- ↑ نزهة المتقين شرح رياض الصالحين، مجموعة من العلماء، الطبعة الرابعة عشر، 1407هـ-1987م، مؤسسة الرسالة، بيروت، ص9-12