Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович
Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович
Байракх Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин призедент Байракх
 — 1996 шеран 21 апрель
Хьалха хилларг Джохар Дудаев
Когаметтаниг Аслан Масхадов
Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин 1-гӀа вице-президент
 — 1996 шеран 21 апрель
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг Саид-Хасан Абумуслимов

Дин ислам
Вина терахь 1952 шеран 12 сентябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Выдриха, Шемонаихан кӀошт, Кхазакхийн ССР
Кхелхина терахь 2004 шеран 13 февраль({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (51 шо)
Кхелхина меттиг Доха, КъатӀар
Парти Нохчийн къоман йукъара конгресс а, Советан Коммунистийн парти а
Дешар
Динлелор ислам
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»
Орден «Къоман Сий»
Пачхьалкх  НРИ
Буьйр дар Qoman Eskar
Латар

Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович  (1952 шеран 12 сентябрь, Выдриха, Шемонаихан кӀошт, Кхазакхийн ССР2004 шеран 13 февраль, Доха, КъатӀар) — 1996 шарахь Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин куьйгалхо волу Дудаев Джовхар дхьа кхелхийначулла тӀехьа, Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин Низамца Яндарбиев Зелимхан Пачхьалкхан куьйгалле веар (1996 шеран 21 апрель — 1997 шеран 12 февраль).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович Кхазакхстанехь вина ву. Тайпан Хьала — Кело ву. Нохчийн къам Сибрехара, Даймахка йугӀа доьрзучу муьрехь, Зеламха валош цуьнан доьзал цӀа беар, шайн Дай баьхна Йоккхачу — АтагӀа. 17 шо кхечначу хенахь, кибарчк йуттуш, жагӀ кхоьхьуш балха хоьттира. 1972 шарахь сурне кайкхира. Оццу хенахь, филологан (нохчийн мотт, литература) факультете Нохч — ГӀaлгӀайн Пачхьалкхан Университете деша хоьттина, 1981 шарахь дешна велира.

Университет йеккханчулла тӀехьa Нохч-ГӀалгӀайн зорбан цӀийн куьйгалхо балха вахар. 1985—1986 СССР йаздархойн Барта йукъа йогӀуш йолу исбаьхьаллийн литература нахал йаккхаран Коммитет Куьйгалхо хоттийра Зеламха. Хийцамийн зама тӀе йеъча, политикин жигар болх болийра Зеламхас, «Барт» олучу цхьанакхетараллийн куьйгаллехь. Цулла тӀехьа Нохчийчохь кхолла йелар «Вайнехан Демократан Цхьанкхетаралла», цуьнан Куьйгалле веар Зеламха. Нохчийн исторехь и цхьанакхетаралла даккхийчу элпашца меттиг дхьа лоцуш йу, хӀунда аьлча, Маршонехьа болийна боламан коьртехь бара оцу цхьанакхетараллийн декъашхой. Зуда йалийна вара, 5 берийн да вара Зеламха (3 йоӀ, 2 кӀант). Воккхах волу кӀант вардан бугӀа вахан велира, дезтӀкъалгӀа шерийн чеккхенехь. Жимах волу Даудан чойнаш йира Дохехь, Зеламхан дуьхьала гӀаскхийн къайлах сервисан ницӀкъахь дхьа йехьанчу операцехь диначу эккхарехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]