Юкабад

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Юкабад
Ӏаьр. يوكابد‎‎
ӏебар. יוֹכֶבֶד
Аль-Мутаваккилат, Умм Муса
Йина меттиг Мисар
Кхелхина меттиг Мисар
ДӀайоьллина меттиг: Мисар
Къам исраилхой, жуьгтий
Да Лави
Майра Ӏимран ибн КъахӀат
Бераш Муса, ХӀарун, Марьям
Динлелор ислам
Лоруш йолу динаш ислам, жуьгталла, керсталла
Дозуш хилла адамаш ПирӀун

Юкáбад (Ӏаьр. يوكابد‎‎; ӏебар. יוֹכֶבֶד‎, Юхевед — «Дела сан хастам бу») — иза Муса а, ХӀарун а пайхамаран а, Марьяман а нана йу. Ӏимранан зуда а йу.

Дахар дIайаздар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Юкабад дуьнен чу йаьлла Мисарахь. Библи чохь деана ду и хьехор: «Іамраман зудчун цІе Юкабад йара. Иза а йара Лавин тайпанах схьайаьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу йаьллера. Іамраман а, Юкабадан а ши кІант вара: ХІарун а, Муса а. Иштта цхьа йоІ а йара церан, цу шина кІентан йиша йолу Марьям»[1].

Иштта иза хьахийна йу Сийлахьчу Къуръан чохь:

Оха Муса [пайхамаран] нене хаам бира: «Накха ло цунна [йа вакхаве иза дуьненчу ма ваьллинехь]. Нагахь хьоьга [хьайн кIантана Мусана цхьа бохам хиларна] кхерам хIоттахь, хи чу таса иза. Кхера а ма кхера йа гIайгIане а ма хила хьо. Оха йухаверзор ву хьуна иза [хьан кIант Муса], элчанех а вийр ву Оха иза». (Аль-Къасас, аят 7)


Муса [пайхамаран] ненан дог, [Мусана сагатдар доцчу дуьненан массо а хIуманех] дасса а делла, дIахIоьттира. Гучудаккха герга йара иза цуьнах дерг [Муса шен кIант хилар], нагахь Оха цуьнан [Муса-пайхамаран ненан] дог чIагIдина ца хиллехьара, иза муъминех а хилла латтийтархьама ۝ [Муса пайхамаран нанас] элира цуьнан йише [шен йоIе Марьяме]: «Таллахь цуьнах [Мусах] дерг! [ЛадогIахь цуьнах хIун хуьлу!]». Геннара цуьнан терго еш Iара иза [Мусан йиша], царна [пирIунан гонна] хаа а ца хууш ۝ [Бераш] кхобучарех вакхар хьарамдира Оха цунна [Мусана, иза шен нене йухаверзавале] хьалха, [Мусан йишас] аллалц: «Цхьа доьзал бийций ас шуна — шуна иза [Муса] кхобун болу, доггах цунна дика а лууш?» ۝ Цу кепара йухаверзийра Оха иза [Муса пайхамар] шен нене — цуьнан бIаьргашна синтем хилийтархьама а, иза гIайгIане цахилийтарахьама а, цунна хаийтархьама а АллахIан ваIда бакъ йуйла. Амма царех [цатешначарех] дукхахболучарна ца хаьа [и]. (Аль-Къасас, аяташ 10-11-12-13)


Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]