Цветаева, Марина Ивановна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Цветаева Марина Ивановна
Tsvetaeva.jpg
Йина терахь 1892 шеран 26 сентябрь (8 октябрь)[1][2][3][…]
Йина меттиг Москох, Российн импери
Кхелхина терахь: 1941 шеран 31 август({{padleft:1941|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})[4][5][6][…] (48 шо)
Кхелхина меттиг: Елабуга, ГӀезалойн АССР, РСФСР, ССРС
ГӀуллакхан тайпа: поэт-аьзни, прозаик, гочдархо
Жигара шераш: 19081941
Жанр: поэзи, поэзин проза, мемуараш
Куьг: Куьг
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Цвета́ева Мари́на Ива́новна (1892 шеран 26 сентябрь [8 октябрь][7], Москох1941 шеран 31 август, Елабуга) — Детин бӀешеран оьрсийн поэт-аьзни[8][9], прозаик, гочдархо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бералла а, жималла а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цветаева Марина. 1911 шо. Волошин Максимилианан сурт

Цветаева Марина йина 1892 шеран 26 сентябрехь (8 октябрехь)[7] Москохахь. Цветаевас ша йина де даздора 9 октябрехь, доьхкура иза православин рузманехь сахьаб Иоанн Богослов хьахоран денца, иза билгалдаьккхира шен масех кхоллараллехь[10][11][12]. масала, 1916 шеран байташкахь:

«

ЦӀечу кенашца
Датта летира.
ГӀаш охьаийгира,
Нанас со йира.

Диттира бӀенашках
Дека гарголаш.
Де оршот дара:
Иоанн Деландош.

[13]
»

Цуьнан да, Иван Владимирович, — Москохан университетан профессор, гӀараваьлла филолог а, говзаллайовзархо — тӀаьхьа хилира Румянцевн музейн директор а, Исбаьхьа говзаллин музей кхоьллинарг а. Нана, Мейн Мария (схьаялар — полякийн-немцойн оьрсий хилла доьзалера), яра пианистка, Рубинштейн Николайн дешархо. М. И. Цветаеван ненанана — поляк Мария Лукинична Бернацки. Маринин яра жимаха йолу йиша Анастасия а, цхьанаденадина ваша Андрей а, йиша Валерия а.

Ялх шо долуш Цветаева йолаелира байташ язъян, оьрсийн маттахь язйина ца Ӏаш, французийн а, немцойн а меттанашкахь. Цуьнан амалаш кхоллаяларехь боккха Ӏаткъам бира цуьнан нанас, цунна лаара йоӀ музыкахо хила. 1899—1902 шерашкахь Цветаева доьшуш яра Музыкин массолелалун доьшийлехь В. Ю. Зограф-Плаксинин фортепианон классехь. Дегара Цветаевина безам беира антикин мифологе, и безам тӀаьхьуо гучубелира цуьнан байташкахь[14].

1901—1902 шерашкахь дийшира ЙоьалгӀачу зударийн гимназехь. 1902 шеран гурахь Цветаева Мария Александровнин карийна йовхарийн цамгар бахьнехь доьзалца дӀаяхара Италин Ривьере, ехира Нервехь Генуян гергахь. 1903—1904 шерашкахь дийшира Лозаннехь Лаказ йижрийн французийн пансионехь, 1904—1905 шерашкахь — Фрайбургера Бринкман йижрийн пансионехь.

1905 шеран аьхке чекхйолуш ЦветаевгӀар юхабирзира Россех. Марина ненаца а, йишица Анастасияца а ехира Ялтехь, цигахь кечам бира гимназе дӀахӀотта. 1906 шеран аьхка И. В. Цветаевс кхалхийра уьш Тарусе, цигахь 5 июлехь М. А. Цветаева елира.

1906 шеран сентябрехь Цветаева Марина пансионерка хӀоьттира зударийн В. П. фон Дервизан гимназин йоьалгӀачу классе, цигара ах шо даьлча дӀаяьккхира шен ойланаш а, кӀоршамалла а бахьнехь. Ца таръелира иза А. С. Алфёрован гимназехь а. 1908 шеран сентябрехь М. Т. Брюхоненкон долара зударийн гимназин ялхалгӀа классе дӀахӀоьттира[15], иза чекхъяьккхира шина шарахь.

1909 шеран аьхка Цветаева ша яхара дозанал арахьа. Парижехь иза дӀаязъелира аьхкенан университетан курсе ширафранцузийн литература Ӏамо.

Кхуза хӀоттаде хийца оьшуш доцу йоза

Кхоллараллин гӀуллакхан юьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цветаева Марина. Автографца сурт. 1917 шеран гергахь

1909 шеран гурахь Цветаева ихира лекцешка а, москохан символистийн арахецараллера «Мусагет» клубан гуламашка а, кхин а шо даьлча — «Къона Мусагет» гуонан гуламе, цуо дикка шорбира цуьнан литературин гергарлонин гуо.

1910 шеран сентябрехь — октябрехь Цветаевас зорба туьйхира А. И. Мамонтовн ДоттагӀаллин типографехь шен чоьтах дуьххьарлера байтийн гулам — «Суьйренан альбом», цунна чохь коьртаниг ишколан белхаш бу. Гулам лерина бу Башкирцева Мариян, иза билгаладоккху цуьнан «дневникан» агӀоно. Цуьнан кхоллараллин тидам бира гӀарабевллачу поэташа: Брюсов Валерийс, Волошин Максимилиана, Гумилёв Николайс. 1910/1911 шеран Ӏай Цветаевас язбира шен хьалхара емаллин язам «Саьхьарло Брюсовн байташкахь».

1910 шо чекхдолуш Москохахь Цветаеван вевзира поэт а, литературин емалча а Волошин Максимилиан[16]. ШолгӀачу шарахь иза хуьлу гӀарадаьллачу ГӀирмера волошинан «поэтийн цӀийнехь»[16]. Циггахь, Коктебелехь, 1911 шеран майхь Цветаеван вевзира Эфрон Сергей; 1912 шеран 29 январехь цара махбира Йоккха Палашёвски урамалгера Ӏийса пайхамар وصلة= варна лерина килсехь. Оццу шеран сентябрехь Маринин а, Сергейн а йоӀ хилира Ариадна (Аля). ТӀаьхьарчу шерашкахь, революци хиллалц, доьзало масийттаза аьхкенан хан яьккхира ГӀирмехь Волошинан дачехь. ТӀаьхьа мухажираллехь йолуш Цветаевас дагалоьцура, и шераш шен уггаре ирсе хан хилар: «Коктебель 1911 шеран — уггаре ирсе шо сан дахарехь, цхьанне а российн цӀийъеллачу стигло йойур яц и лепар»[17], «Коктебель а, чехин эвланаш а — уьш ю-кха сан синан меттигаш»[16].

1912 шеран февралехь арабелира Цветаеван шолгӀа гулам — «Сихьарлонан понар». 1913 шеран мартехь араболу кхоалгӀа а — «Шина жайнах».

1914 шеран октябрехь Цветаеван евзира поэтесса а, гочдархо а Парнок София; церан романтикин юкъаметтиг лаьттира 1916 шо кхаччалц[18]. Цветаевас Парнокан лерина байтийн «ДоттагӀ» цикл язйира. Цветаева а, Парнок а дӀасакъаьстира 1916 шарахь; Марина юхаеира майрачуьнга Эфрон Сергейга. Парнокца йолу юкъаметтигийн Цветаевас мах хадийра «шен дахарера дуьххьарлера бохам» аьлла. 1921 шарахь Цветаевас, жамӀ деш, яздо:

Зударий бен ца беза (зудчуьнга) я беккъа божарий (стеге), хуъушехь юкъара доккху долуш долу дуьхьалниг — ма инзаре ду! Ткъа беккъа зударий (стаге) я беккъа божарий (зудчуьнга), хуъушехь юкъара доккху инзаре хьомениг — ма сингаттам бу иза![19][20]

1916 шеран аьхка Цветаева кхелхира Александров гӀала, цигахь ехара цуьнан йиша Цветаева Анастасия шен майрачуьнца Минц Маврикийца а, кӀентаца Андрейца а. Александровехь Цветаевас байтийн цикл язйира («Ахматовга», «Москохах лаьцна байташ», кхин а), ткъа иза гӀалахь Ӏарна литературайовзархоша тӀаьхьа цӀе тиллира «Цветаева Маринин Александровн аьхке».

Гражданийн тӀом (1917—1922)[нисйе бӀаьра | нисйе]

1917 шарахь Цветаевас йоӀ Ирина йира, иза мацалла елира 3 шо хан йолуш Кунцевора бераш тӀеоьцийлехь. Гражданийн тӀеман шераш Цветаеван чӀогӀа хала даьхкира. Эфрон Сергей 1918 шарахь дуьйна гӀуллакхехь вара Российн къилбехахь Шайн лаамечеран эскаран могӀаршкахь. Цветаева ехира Москохахь, Борисоглебски урамалгехь, 1918 шеран ноябрехь гӀуллакхехь яра Къаьмнийн гӀуллакхийн комиссариатан (КъамгӀулком) Хаамийн декъехь, 1919 шеран апрелехь — Йийсархойн а, тӀемах бевддачеран а Ӏуналлин центран коллегехь, 1920 шеран ноябрехь — Халкомсерлонан театран декъехь. Оцу шерашкахь гучуелира байтийн цикл «ГӀургӀазан гӀад», уьш дог лазаш яра кӀайчу боламах. 1918—1920 шерашкахь Цветаевас язйо романтикин пьесаш, «Егорушка», «Паччахь-аьзни», «ЦӀечу говрахь» поэмаш.

Арахецарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Цветаева, М. И. Избранное / предисл., сост. и подгот. текста Вл. Орлова. — М.: Худож. лит., 1961. — 304 с.
  • Цветаева, М. И. Вечерний альбом. — М.: Книга, 1988. — 231 с. — (Книжные редкости). — ISBN 5-212-00306-7 (Репр. изд. 1910)
  • Цветаева, М. И. Стихотворения. Поэмы / сост., вступ. ст. А. М. Туркова; примеч. А. А. Саакянц. — М.: Сов. Россия, 1988. — 416 с. — (Поэтическая Россия)
  • Цветаева, М. И. Собрание стихотворений, поэм и драматических произведений в 3 т. / сост.и подгот. текста А. Саакянц и Л.Мнухина — М.: Прометей, 1990—1993
  • Цветаева, М. И. Соч.: в 2 т. / сост., подгот. текста и коммент. А. Саакянц. — Мн.: Нар. Асвета, 1988. — Т. 1: Стихотворения, Поэмы. — Т. 2: Проза[21].
  • Цветаева, М. И. Стихотворения и поэмы / вступ. ст., сост., подгот. текста и примеч. Е. Б. Коркиной. — 3-е изд. — Л.: Сов. писатель, 1990. — 800 с. — Тираж 150 000 экз. — (Б-ка поэта. Большая сер.)
  • Цветаева, М. И. Стихотворения; Поэмы; Драматические произведения / сост., подгот. текста, предисл. Е. Евтушенко; худож. Т. Толстая. — М.: Худож. лит., 1990. — 398 с. — (Классики и современники. Поэтич. б-ка). — Тираж 200 000 экз.
  • Цветаева, М. И. Собр. соч.: в 7 т. / сост., подгот. текста и коммент. А. Саакянц и Л. Мнухина. — М.: Эллис Лак, 1994—1995. — Т. 1: Стихотворения 1906—1920. — Т. 2: Стихотворения 1921—1941. — Т. 3: Поэмы. Драматические произведения. — Т. 4: Воспоминания. Записи. Интервью. — Т. 5: Автобиографическая проза. Эссе. Критические статьи. — Т. 6—7: Письма 1905—1941.
  • Цветаева, М. И. Неизданное. Сводные тетради / подгот. текста, предисл. и примеч. Е. Б. Коркиной и И. Д. Шевеленко. — М.: Эллис Лак, 1997. — 640 с.
  • Цветаева, М. И. Лирика / ил. В. Мишина. — СПб.: Вита Нова, 2006. — 480 с.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. SNAC — 2010.
  2. Find a Grave — 1995.
  3. Internet Speculative Fiction Database — 1995.
  4. Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #118638580 // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
  5. Цветаева Марина Ивановна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  6. Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF: платформа открытых данных — 2011.
  7. 1 2 Цветаева Марина Ивановна / Саакянц Л. Л. // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  8. Казак В. Цветаева Марина Ивановна // Лексикон русской литературы XX века. — Культура, 1996. — С. 448—449. — ISBN 1965693253.
  9. Скатов Н. Н. Цветаева Марина Ивановна // Русская литература XX века. Прозаики, поэты, драматурги. (П-Я). — ИРЛИ РАН, Олма-Пресс, 2005. — Т. III. — С. 619—623. — ISBN 594848307X.
  10. Долженко А. Я. Особенности функционирования имен собственных-библеизмов в раннем творчестве М. Цветаевой // Молодёжь и образование XXI века: Материалы VIII Межвузовской научно-практической конференции молодых учёных и студентов (г. Ставрополь, 19 мая 2011 г.). — Ставрополь: СГПИ, 2011. — С. 358.
  11. Майя Михайловна Полехина. "Путь комет--поэтов путь": Марина Цветаева, к постижению сущностного. — Магнитогорский гос. университет, 2005. — 250 с.
  12. Русская православная церковь отмечает день поминовения Иоанна Богослова 26 сентября по юлианскому календарю. В XIX веке разница между юлианским и григорианским календарями составляла 12 дней. В XX и XXI веках она составляет 13 дней (подробнее см. здесь).
  13. Марина Цветаева. Стихи о Москве (1916)
  14. Саакянц А. А. Глава 1. 1. Юность поэта (начало)(1910—1915) // Марина Цветаева: Жизнь и творчество. — М.: Эллис Лак, 1997. — 816 с. — ISBN 5-88889-033-2.
  15. Частная женская гимназия М. Т. Брюхоненко(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2004, 20 август). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 январехь. Теллина 2011 шеран 8 июлехь.
  16. 1 2 3 Волошин М. А. Письма / Давыдов З. Д., Купченко В. П.. — Директ-Медиа, 2012. — С. 2—5. — 52 с. — ISBN 978-5-4460-4070-4.
  17. Цветаева М. И. - Волошиной Е. О., 17 августа 1921 г.. tsvetaeva.lit-info.ru. Теллина 2020 шеран 6 майхь.
  18. Диана Левис Бургин. София Парнок: жизнь и творчество русской Сафо. — Инапресс, 1999. — 511 с. — ISBN 978-5-87135-065-2.
  19. Марина Цветаева: Любить только мужчин - это такая скука!. Комсомольская правда (2002, 9 октябрь). Теллина 2019 шеран 4 декабрехь.
  20. Сводные тетради 1.5. www.tsvetayeva.com. Теллина 2019 шеран 4 декабрехь.
  21. Виртуальная выставка / Книги М. И. Цветаевой(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 11 октябрехь. Теллина 2014 шеран 30 январехь.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гочдарш
  • «Стихотворения/Poesias», Veronica Filíppovna (Trans.), (n.t.) Revista Literária em Tradução, nº 1 (set/2010), Fpolis/Brasil, ISSN 2177-5141
  • «И звезда с звездою говорит»: Стихотворения Михаила Лермонтова во французских переводах Марины Цветаевой = «l’astre à l’astre lance un long regard»: Poèmes de Mikhaïl Lermontov traduits en français par Marina Tsvetaeva / РГАЛИ ; Дом-музей Марины Цветаевой ; [сост., подгот. текстов, введение, послесл., археогр. описание Е. Б. Коркиной ; худож. И. И. Антонова]. — М.: Дом-музей Марины Цветаевой, 2014. — 208 с. — 400 экз. — ISBN 978-5-93015-161-9.
Исбаьхьалчийн жайнаш
  • Сергей Шамшинов (Serge Chamchinov). Бесы, коллекция «Laboratoire du livre d’artiste», 12 экз., Dives-sur-mer, 2010.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]