Чулацаман тӀегӀо

Цветаева, Валерия Ивановна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Цветаева Валерия Ивановна
ГӀуллакхан тайпа хореограф, мемуарист
Йина терахь 1883 шеран 9 январь({{padleft:1883|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Йина меттиг Москох
Кхелхина терахь 1966 шеран 17 август({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг Таруса
Да Цветаев, Иван Владимирович
Нана Иловайская, Варвара Дмитриевна
Майра Шевлягин Сергей Иасонович

Цвета́ева Вале́рия Ива́новна (1883 шеран 9 январехь, Москох1966 шеран 17 августехь) — российн а, советийн а хелхарча, хореограф, хьехархо, мемуаристка[1]. Цветаева Маринин ден йина йиша.

Суртдилларан говзаллин музей йиллинчу Цветаев Иванан а, оперин йишлакхархочун Иловайская Варварин а дуьххьарлера бер. Дийшира ХӀуцӀена маьхкарийн Екатеринин институтехь а, Москохан лакхара зударийн курсашкахь[1]. Революци хиллалц хьехархо болх бира мехкан тайп-тайпана дешаран меттигашкахь, масала, Козлов гӀалин хӀазнин зударийн гимназехь (1907—1908, хьийхира истори)[2] а, москохан Е. Б. Гронковскаян зударийн гимнази (1910-гӀа шераш, истории йоцуш, французийн мотт хьоьхура). Кхин а 1910-гӀа шерашкахь йора Москохан исторех лаьцна публикин лекцеш.

1912 шарахь ша некъ бира Алтай[1].

1910-гӀа шераш чекхдовлуш марзделира маьрша хелхарш. Ӏемира Дункан Айседорегара (цуьнан немцойн ишколехь) а, Людмила Алексеевнин а «Гармоникин гимнастикин а, хелхаран а студехь». 1920 шарахь йиллира шен хелхаран студи «Боларан говзалла», цу тӀе ша хьоьхура боларан пластика. 1923 шарахь студин пачхьалкхан курсийн статус йелира. Курсаша кечбора синтетикин артисташ, дешархоша Ӏамайора, ритмика, сценин гимнастика, акробатика, жонглировани, жухаргалла. Дешар дӀахьора ВХУТЕМАСан гӀишлон чохь а, Московшвея клубехь а, аьхка Цветаевас дешархой буьгура Тарусе, уьш цигахь Ӏара Валерия Ивановнин дачехь, ткъа кхин а меттигера ишколан гӀишлон чохь. Цветаевас гулйинера говза хьехархойн коллектив, тидам бора дешархойн синмехаллин кхиарна — къамелаш дора говзаллин дуьхах, хелхаран теорех, сурт дилларах лаьцна, балабора музыканташ а, исбаьхьалчаш а. Курсийн говзанчашна йукъахь боккха леерам бара, дешархойх дукхаха берш гӀарабевлла циркан артисташ хилира[1][3].

1932 шарахь курсаш дӀайехира (цу тӀе прессехь бехке йора Цветаева, куьйгалхо йолун дела), цул тӀаьхьа Цветаевас болх бира Оперин-драмин студехь тренерхо К. С. Станиславскийн куьйгаллехь, цӀахь а Ӏамадора бераш. 1939 шарахь дуьйна болх бира Мосэстрадин программийн режиссёр-хӀоттонча, ткъа тӀом чекхбаьлча — Пачхьалкхан циркера Акробатикин студехь хьехархо-режиссёр[4].

1950—1960-гӀа шерашкахь йехира Тарусехь, йаздира дагалецаман жайна.

Майра — Шевлягин Сергей Иасонович (1879—1966)

Ваша — Цветаев Андрей Иванович

Дена бина йижарий — Марина а, Анастасия а ЦветаевгӀар

Библиографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Цхьан а совгӀат доцуш… : шен дахарехь Цветаев Иван Владимировича лелийначух доккхаха долу дакъа, леладора йукъараллин дуьхьа. Цуьнан заманахь цунах олура «Цхьан а совгӀат доцуш …» : автогр. И. В. Цветаевн, язд. В. И. Цветаевас / материалаш зорб. кечам Н. А. Кублановская. — Иваново : Арах-ла Иваново, 2005.
  • Сайн орамашца — даиман исбаьхьалча : дагалецамаш, суьрташ, документаш, А. И. Морозовца дӀасакхехьийтина кехаташ / Цветаева Валерия; текст хӀоттор, кечйар, хьалхара йаззам, билгалдахарш – Е. Б. Соснинан; Ивановн областан Оьздангаллин а, туризман а департамент, Ивановн областан исбаьхьаллин музей. — Иваново : А-Гриф, 2018

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Музы Трехпрудного переулка : неизвестное о семье Цветаевых в письмах, фотографиях, док. / Е. Б. Соснина. — Москва : Дом-музей Марины Цветаевой ; Иваново : Референт, 2005. ISBN 5902022150, 9785902022152
  • Анастасия, Валерия и Андрей Цветаевы. Разными дорогами / Анискович Л. И. — Москва : Логос, 2007.
  • Иловайские и Цветаевы / Сост. Жупикова Е. Ф. — М.: Новый хронограф, 2015.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]