Цветаева, Мария Александровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Цветаева Мария Александровна
ГӀуллакхан тайпа пианист
Йина терахь 1868({{padleft:1868|4|0}})
Йина меттиг Москох, Российн импери
Кхелхина терахь 1906 шеран 18 июль({{padleft:1906|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})
Кхелхина меттиг Таруса
Гражданалла Российн импери
Да Александр Данилович Мейн
Нана Мария Лукинична Бернацкая
Майра Иван Владимирович Цветаев
Бераш Марина, Анастасия

Цвета́ева Мари́я Алекса́ндровна (йинчу хенахь Ме́йн Мари́я Алекса́ндровна; 1868—1906) — Цветаев Иван Владимировичан шолгӀа зуда, Цветаева Маринин а, Цветаева Анастасийн а нана.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мария Александровнин да — Мейн Александр Данилович (1836—1899) — Балтикайистан немцо. Нана — Мария Лукинична Бернацкая (1840—1868) — схьайаьлла полякийн аристократин тайпанах; йелла йоӀ йинчул тӀаьхьа 3 кӀира кхочуш.

Марияга чӀогӀа дика дешийтира цӀа хьехархой а балош, Ӏамийра музыке а, сурт дилларе а. Йара дика пианистка, лууш йара концерташ йала, амма дас ца магийра говзаллин музыкантан карьера йан. Музыка, Цветаева Анастасиян тешаллица, иза Ӏемира Н. Г. Рубинштейнан дукха йезачу дешархо хиллачу Н. А. Муромцевагара, ткъа сурт диллар — исбаьхьалчегара Клодтегара. Цветаева Маринас 1914 шеран цхьаьна кехат тӀехь йаздина: «Музыкех Ӏабар, йоккха талант (иштта рояль а, гитара а лакхар, хетарехь, сунна гур дац!), меттанашна хьуьнар хилар, чӀогӀа дика хӀума дагахь латтар, чӀогӀа хаза мотт бийцар, оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь байташ, сурт дилла Ӏамор».

1891 шарахь маре йахара Цветаев Иван Владимировиче, цуьнан шолгӀа зуда хилла.[1] Дехачу шерашкахь йара цуьнан уллера Москохан исбаьхьа говзаллин музей йилларан гӀуллакхехь гӀоьнча:

Сан ден уллера белхало сан нана йара. Цуо лелош дара цуьнан кхечу мехкашца долу кехаташ, дукха хьолехь, къоламан хаза къамелаца, цхьа башха хаза забарца йа хасторца (французаца), поэтан могӀанца (ингалсхочуьнца), берех а, бешах а долу цхьаьна хаттарца (немцочуьнца) — адаман нотица гӀуллакхан кехатехь, шен официалан, наггахь аьтто баьлла дош карчор сихха дора тхан дега далун доцург. Аьттунан коьрта къайле йацара, дешан карчамаш, уьш лайш бу, ткъа йара деган йовхо, иза ца хилча дешан карчам хӀумма а йац. Цуо дена гӀодар дуьйцуш, аса уггаре хьалха боху цуьнан синмехаллин дакъа гӀел ца далар, зударша дакъа лаьцначохь даимна а толамхо хуьлий арадовлар. Музейн гӀодар уггаре хьалха ден синмехаллехь гӀодар дара: цунах тешар, ткъа оьшучехь, цунна хьалхара тешар.

Марина Цветаева. Да а, цуьнан Музей а : очерк.

1902 шарахь Мария Александровнин гучуйелира йовхарийн цамгар, доьзал дӀабахара Итале цунна дарба дан. 1905 шарахь ЦветаевгӀар йухабирзира Россеха, бехира ГӀирмерачу Ялтехь.

1906 шеран аьхка, Тарусехь, Мария Александровна йелира. ДӀайоьллина Москохахь Ваганьковски кешнашкахь (14 дакъа)[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Марина Цветаева вспоминала, что её мать семнадцати лет отроду испытала единственную в жизни любовь — к человеку, который был женат и, даже выйдя замуж, продолжала любить того, с которым потом никогда не искала встречи и которому, впервые и нечаянно встретившись с ним на лекции мужа, на вопрос о жизни и счастье, ответила: «Моей дочери год, она очень крупная и умная, и йа совершенно счастлива…» — см. очерк «Мой Пушкин»).
  2. Артамонов М. Д. Ваганьково. — М.: Моск. рабочий, 1991. — С. 176.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]