Хьесий (биологи)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Кеп:Терминан маьӀнаш

Хьаса

Хьаса (лат. textus, желт. histós[1]) — цхьаьнакхетта йукъара схьадалар долу клеткаш а, клеткашна йукъара хӀуманаш а. Дийна организмийн хьасанийн хӀоттам Ӏамабо гистологи олучу Ӏилмано. Тайп-тайпана вовшашца уьйр йолу хьасанаша кхуллу меженаш[2].

Дийнатийн хьасанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дийнатийн хьасанаш тобанаш йина йеа коьртачу тайпанашка: вовшахтасаран, пхьидан, нерван, эпителиалан. И тайпана хьасанаш ду массо а эуметазойашкахь, амма тайп-тайпана тобанийн дийнатийн церан хӀоттам а, эмбрионан схьайалар а къаьста[1].

Дерриг олхазарийн а, дийнатийн а эпителий хуьлу эктодермех а, эндодермех а, кӀеззиг тӀе мезодерма а тухий, тӀаккха кхоллало эндотелий, иза йу башха тайпа эпители, цуо йо цӀий лело система. Вукха агӀора, бакъйолу эпителиалан хьаса хуьлу йеккъа клеткин цхьаьна чкъоьрехь, уьш цхьаьна сецадо, луьста контакташ олу, къевлина вовшахтийсарша, кхуллу хаьржина чекхйолу барьер. Оцу хьасано къовлу организман йерриг тӀехалонаш, церан уьйр йу арахьара хьолаца, масала чкъор, садаӀаран некъаш, хьеранан-йоьхьийн некъ. Цуо кхочушйо дуьхьалонан , секрецийн, дӀахӀударан, функцеш, дӀакъастийна кхечу лахарчу декъера хьесех базалан пластинкица[3].

Вовшахтасаран хьаса[нисйе бӀаьра | нисйе]

КӀайн хесан вовшахтасаран хьаса

И хьаса лаьтта, дийна йоцучу, клеткин чуьра йоцу матрикс олучу, материало йекъначу, клеткех,. И матрикс хила тарло тӀуьна йа чӀогӀа. Масала, цӀийн йукъахь йу плазма, хӀунда аьлча матрикс а, даьӀахкан матрикс а чӀогӀа йолун дела. Вовшахтосу хьасано меженашна куц ло, шен меттехь лоттийта. Вовшахтасаран хьесийн масала ду цӀий, даьӀахк, хьорзам, кӀозйохургаш, мохьан а, ареоляран а хьесий. Вовшахтасаран хьесийн классификацин хьесапех цхьаъ ду уьш кхаа тайпана декъар: фиброзан вовшахтасаран хьаса, гоман вовшахтасаран хьаса, тӀуьна вовшахтасаран хьаса[2].

Дилхан хьаса[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дилхан клеткаша кхуллу дегӀан дацдаран дилх — дилхан. Дилхан хьасо болх бо, ницкъ беш а, лелар деш а, дегӀ лелоран а, кхин чоьхьара меженаш лелоран. Дилхан хьесий декъна кхаа тайп-тайпана категорешна: меженийн чоьхьара чутухучун чохь йолу висцералан йа шера дилх; дукха хьолехь даьӀахкашна тӀетесна гоман дилх, цара до шога лелар; деган чохь долу деган дилх, цигахь иза деттало дерриг дегӀехула цӀий тоттуш[2].

Нервийн дилх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нервийн дилхан курс

Нервийн системин йуккъера а, нервийн системин йисташкара а клеткашна нервийн дилхан классификаци йо. Йуккъера нервийн системехь нейронан дилхаша кхуллу коьртан хье а, букъан тӀум а. Йистера нервийн системехь нейронан дилхаша кхуллу туьтин а, букъан а нерваш, царна йукъахь моторан нейронаш а.

Эпителиалан дилх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эпителиалан хьесий кхуллу меженаш тӀехулара къовлу клеткашца, масала, чкъор, садаӀаран некъаш, репродуктиван некъаш, кхача охьу некъан чоьхьара чкъор. Эпителиалан чкъоьран йукъара клеткаш, шайна йукъахь йихкина йу серло чекхйолу, зоьртала вовшаххуттийлашца; ишттачу кепара, оцу хьасано доза хӀоттадо арахьара хьелашна а, цуо къовлу меженашна а йукъахь. Оцу лардаран функцин тӀе эпителиалан хьаса говза хила тарло секрецина, схьакъесторна, абсорбцина. Эпителиалан хьасо гӀо до меженаш микроорганизмех, чевнех, тӀуналла дӀайаларх лардан.

Ораматийн хьесий[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ораматийн хьесий декъало кхаа хьесийн системе: эпидермис, механикин хьаса, новкъадоккху хьаса[3][1].

  • Эпидермис — гӀеннийн а, къона ораматан дилхан а тӀехуле кхуллу клеткаш.
  • Новкъадоккху хьаса — пхенийн хьесийн коьрта компоненташ йу ксилема а, флоэма а. Цара дӀакхоьхьу организман чоьхьара тӀуналла а, йуу хӀуманаш а.
  • Механикин хьаса — и хьаса кхечарал кӀезиг дифференци йина бу. Механикин хьасо фотосинтезца дуу хӀума кхуллу, дуу хӀуман резерв Ӏалашйо.

Ораматийн хьесий декъа тарло шина тайпана — меристематин а, гуттаренна а хьесий.

Меристематин хьаса[нисйе бӀаьра | нисйе]

Меристематин хьаса лаьтта жигара йекъалучу клеткех, цуо ораматаш йахйо стаммайо. Дуьххьара лакхайовлу билгала, спецификин меттигашкахь, масала, гӀаддан йа орамийн баххьашкахь. Нисса оцу меттигашкахь хуьлу меристематин хьаса. Оцу хьесашкара клеткаш сферин йа полиэдрин, йеакӀуон кепара йу, дуткъа клеткийн пардонаш долуш хуьлу. Меристемо йо керла клеткаш, йуьхьанца хуьлу шеш меристемин клеткаш, керла клеткаш дегӀдаккхарца а,кхиарца а церан амалш меллаша хийцало, цара дифференци йо меристематин хьесашкахь кхоллало регионан компоненташна, классификаци йо:

  • Апикалан меристема — хуьлу кхуьучу гӀаддан а, ораматийн а боьххьехь, цуо гӀад а, орам а бахбо. ГӀодан а, орамийн а баххьашкахь цара кхуллу кхуьу дакъош, жоп ло орамат йахйалийтарна, цунах а иштта олу йуьхьанцара дегӀдаккхар. Оцу меристемо жоп ло меже асанца йахйалийтарна.
  • Латералан меристема — и меристема лаьтта коьртаниг цхьаьна воьдаллехь йекъалучу клеткех, цара меженан диаметр а, локхалла а тӀетуху. АгӀонан меристема дукха хьолехь кхоллало тӀуссан камбийн кепара диттан чкъоьран бухахь пхенийн камбийн пикотийн пхенийн курсашкахь . Оцу камбийн жигаралло даладо шолгӀа дегӀдаккхаре.
  • Интеркаляран меристема — и меристема лаьтта гуттаренна хьесашна йукъахь. Дукха хьолехь уьш шедан бух тӀехь, интернодехь, гӀан бух тӀехь хуьлу. Цара орамате дегӀдоккхуьйту, интернодан барам тӀетухура. Цара даладо маргӀал кхолларе а, кхиаре а.

Меристематин хьесийн клеткаш тера йу структурица, хуьлу йуткъа а, сетташ а йуьхьанцара клеткийн пардо, иза лаьтта целлюлозех. Уьш лаьтта компактехь, шайна йукъахь клеткашна йукъара йесалла йоцуш. ХӀора клеткехь лаьтта йуькъа цитоплазма а, арагӀоьртина хӀоъ а. Меристематин клеткийн йуькъа протоплазмехь чӀогӀа кӀезиг вакуолаш йу. Дукха хьолехь меристематин клеткийн воьда, полигоналан, йеакӀонан кеп хуьлу.

Меристематин хьесийн клеткийн боккха хӀоъ хуьлу кегийрачу вакуолашца йа уьш йоцуш, ткъа клеткашна йукъара йесалла ца хуьлу.

Гуттаренна хьаса[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуттаренна хьесий билгалдаха таро йу йекъайаларан хьесап дайна, ораматийн дегӀехь гуттаренна цхьаьна меттехь лаьтта меристематин хьесо кхоьллина дийна йа йелла клеткийн тоба санна[1]. Шайна тӀе цхьа билгала роль оьцу меристематин хьесийн, йекъайаларан хьуьнар дов. Оцу гуттаренна кеп, барам, функцеш лоцу хьесапах клеткийн дифференциаци олу. Меристематин хьесийн клеткашна дифференциаци хуьлий тайп-тайпана гуттаренна кепара хьесий до. Гуттаренна хьесий кхаа кепара хуьлу:

  • Беркъа гуттаренна хьесий
  • Чолхе гуттаренна хьесий
  • Башха йа секрецин хьесий

Беркъа хьесий[нисйе бӀаьра | нисйе]

Схьайаларх, структурех, функцех тера йолу клеткийн тобанех олу гуттаренна хьаса. Уьш хуьлу йеа кепара:

Паренхима[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ораматашкахь иза лаьтта говзалла йоцу дуткъа клеткийн пардош долу дийна клеткех, уьш дукха хьолехь клеткашна йукъара йесаллехь йузуш кепа туху. Уьш, дукха хьолехь, шен кепаца изодиаметрин хуьлу. Оцу хьесо сацайо ораматаш, кхин а дааран сурсаташ латтадо. Цхьацца меттигашкахь паренхимо латтайо хлорофилл, фотосинтез а йо, иштта меттигехь цунах хлоренхима олу. Хин ораматашкара паренхимехь хуьлу йаккхий хӀаваан йесаллаш, хин буха ца йахийтархьама. Ишттачу кепара паренхимех олу аэренхима. Паренхимин цхьайолу клеткашкахьйу метаболин нехаш.

Колленхима[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза хьалхарчу дегӀан дийна хьаса бу, паренхима санна. Клеткийн пардош дуткъа ду, амма церан ду целлюлозин хин, пектинан хӀуманийн (пектоцеллюлозин) стаммдаларш масех клетка цхьаьнакхета маьӀгашкахь. Оцу хьесо орамат чӀагӀйо озаяларехь, ткъа клеткаш лаьтта компактаца, йу чӀогӀа кӀезга клеткашнайукъара йесаллаш. Хуьлу коьртаниг гӀодан а, гӀашшан а чкъоьран бухахь цӀий хьаьдча. Иза дац Монокоташкахь а, орамашкахь а. Наггахь цунна чохь хуьлу хлорофилл, цуо гӀо дан тарло фотосинтезан.

Колленхиматозан хьасо къоначу ораматийн гӀад йукъара гӀо лоцу хьесо санна болх бо. Уозалуш механика агӀора гӀолацар, саттар, чӀогӀалла латтайо цуо. Цуо гӀодо шекар доккхуш а, крахмал кепара иза Ӏалашдарехь а. Иза хуьлу гӀан йистехь, мохо датӀадарна дуьхьало йо.

Склеренхима[нисйе бӀаьра | нисйе]

И хьаса лаьтта стаммий пардо долу, кӀезиг барамера йелла клеткех а, протоплазмех а. Оцу камерийн ду чӀогӀа а, тӀех сов стаммий а шала пардош, цуьнан бахьна ду цхьабосса йекъар а, лигнинан лакхара секрецш а. Царна йукъахь йац молекулашна йукъара йесалла. Лигнин охьахаар дукха стомма ду, иза бахьнехь клеткийн пардош хуьлу онда а, чӀогӀа а, хи чекх ца долуш а.

Эпидермис[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ораматийн йерриг тӀехало лаьтта клеткийн цхьаьна чкъоьрах, цунах олу эпидермис йа тӀехалонан хьаса. Эпидермалан дукхаха йолу клеткаш дикка чӀапа йу. Клеткин арахьара а, агӀонан а пардош дукха хьолехь стаммий ду чоьхьарчу пардошал. Бенаша кхуллу клеткашнайукъара йесаллаш йоцуш дийнна гӀа. Цуо Ӏалашдо гӀодан дерриг дакъош.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 Ткань (оьр.). Биологический энциклопедический словарь. Теллина 2019 шеран 22 майхь.
  2. 1 2 3 2005 // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  3. 1 2 Tissue (ингалс.). Britannica. Теллина 2019 шеран 22 майхь.