Коьртан хье

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар


Коьртан хье (лат. cerebrum, шира.-грек. ἐγκέφαλος) — коьрта меже ю коьртачу нервийн системан дукхаха йолчу хордин садолчеран коьртан чеккхе а ю; букъадаьӀахкашйолчеран туьтан чохь бу хье. Анатомин номенклатурехь букъадаьӀахкашйолчеран, царна юкъахь адам а, хье дукхах дерг билгалбоккху encephalon олий — латинин кепа тоьхна грекийн дош; дуьххьанца дуьйна латинин cerebrum синоним хилла боккхачу хьен (telencephalon).


Коьртан хье лаьтта дуккхачу а вовшешца синаптикан уьйр йолчу нейронех. Оцу уьйранца цхьана болх беш, нейронаш кхуллу хала электрин импульсаш, цара доладо дегӀо бечу белхан.

ТӀеххьарчу шерашкахь коьртан хье Ӏаморехь йоккха прогресс йоллушехь, дуккха а цуьнан балхах дерг къайле ю. Шаьшшайолу клеткаш болх бар кхеттал дика хьехна, амма вовшешца эзарнаш, миллионаш нейронаша болх беш хье цхьа хӀума санна болх баран кхетам бу чӀогӀа кӀезга. Цигахь оьшу кхин дӀа а талламаш бан.


БукъадаьӀахкйолчеран коьртан хье меже санна[нисъе | нисъе чухулара]

Адаман коьртан хье (формалин чохь чӀагӀбина)

Коьртан хье — коьрта дакъа ду КНС. Коьртан хье хилар дийца мегар дац къевллана маьӀнехь чӀераш тӀиера волавелла, букъадаьӀахкйолчарний бен. Амма и термин паргӀата леладо лакхаракоьллинчу букъадаьӀахкйолчеран аналогин структура билгалйоккхуш — масала, сагалматийн «коьртан хье» олу наггахь гулъеллачу ганглин къамкъарган уллора нерван хӀозах[1]. Гомха организмийн аматаш хьехош хье ца буьйцу, юьйцу коьртан ганглиш.

Коьртан хьен бозаллин барам дегӀан дозаллин барамца лаьрчи хуьлу проценташкахь: хьорзаман чӀерийн 0,06—0,44 %, даьӀахкан чӀерийн 0,02—0,94 %, цӀогадолу хи-лаьттанийн 0,29—0,36 %, цӀогадоцчеран 0,50—0,73 %[2]. Декхачеран коьртан хьен барам буьстичи шортта боккха бу: даккхий киткепарчеран 0,3 %; кегий киткепарчеран — 1,7 %; приматийн 0,6—1,9 %, адаман 2 %.

Уггар а боккха коьртан хье бу декхачеран тайпанара киткепарчеран, цӀомкепарчеран, приматийн тобанерачу. Уггар хала а, функцийолуш а хье лору хьекъале адамниг.

Хьен хьаса[нисъе | нисъе чухулара]

Коьртан хье туьтан чохь боллу (лахара организмаш йоцучеран). Цул сов, иза къевлина бу чкъоьро (лат. meninges), чӀогӀа (лат. dura mater) а, кӀеда (лат. pia mater)а хьасанца вовшехтесна — царна юкъахь ду пхенан я машан (лат. arachnoidea) чкъор. Чкъоьрашна юкъахь а, коьртан хьен, букъан тӀуман а тӀехула лаьтта церебробукъан (букъатӀуман а олу) тӀуналла — ликвор (лат. liquor). Церебробукъан тӀуналла кхин а ю коьртан хьен огаца. Совъяьллачу оцу тӀуналлех гидроцефали олу. Гидроцефали хуьлу дуьнен тӀе волуш дуьйна а (дукхах дерг), схьаэцна а.

Лакхарчу букъадаьӀахкйолчу организмийн коьртан хье лаьтта цхьа могӀа структурех: хьен ах агӀонийн чкъоьрах, базан ганглих, таламусах, кӀасархьех, хьен гӀадах. И структураш вовшехтесна ю нервийн хьесашца (чекхдоху некъаш). Клеткех лаьтташ долу хьен декъах сира хӀума олу, нервийн хьесех лаьттачух — кӀайн хӀума олу. КӀай бос — иза хьесий къовлучу миелинан бос бу. Хьесийн демиелинизацино чӀогӀа талхабо коьртан хье (яьржина склероз).


Хьен клеткаш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьен клеткаш юкъайогӀу ладаме кхин тӀе а функцеш кхочушъеш йолу нейронаш (генераци а еш нервийн импульс луш йолу клеткаш) а, глиян клеткаш а. (Нейтронаш хьен паренхима хилар лара мегарду, ткъа глиян клеткаш — строма). Билгалйоху афферентан нейронаш (экаме нейронаш) а, эфферентан нейронаш (царех цхьа дакъа леларан нейронаш олу, наггахь и башха нийса а йоцу цӀе яржайо эфферентан шайолу тобана а) а, интернейронаш (юкъайоьхкина нейронаш) а.

Нейронаш юкъара коммуникаци хуьлу синапсца дӀаяларца. ХӀора нейронан хуьлу аксон олу деха га, оцу чухула цуо кхечу нейронашна импульс дӀало. Аксон екъало кхечу нейронах хьакхалучохь кхуллу синапсаш — нейронийн дегӀа тӀехь а, дендрит (доцу га) тӀехь а. Шортта кӀезга хаало аксо-аксонан а, дендро-дендритан а синапсаш. Иштта, цхьана нейроно схьалоцу дуккха а нейронашкара хаам, шайн рогӀехь, импульсаш а йогӀуьйту кхечарна.

Дукхах йолчу синапсийн хаам балар химин некъаца хуьлу — нейромедиаторшца. Медиаторш тӀеаткъадо постсинапсан клеткашна, мембранин рецепторшца уьйр лоцуш, уьш царна спецификан лигандаш ю. Рецепторш хила йиш ю лигандах дозуш долу ионин некъаш, царех олу кхин а ион-некъийн рецепторш, я уьйр йолуш хила тарло клеткийн юкъарчу шолгӀа юкъалелачу системашца (иштта рецепторех олу метабонекъийн рецепторш). Ион-некъийн рецепторийн токаш хуьйцу клеткийн мембранан заряд, тӀаккха цуо иза самайоккху я сацайо. Ион-некъийн рецепторийн масалаш хила тарло ГАДМ (сацоран хлоридан некъ) рецепторш, я глутамат (самабоккху натрин некъ). Метабонекъийн рецепторийн масалш ду ацетилхолине, норадреналине, эндорфинашка, серотонине долу мускаринан рецепторш. Ион-некъийн рецепторийн балхо сацаме дуьгу я самадоху, церан эффекташ кхуьу сихо метабонекъийн рецепторел (1—2 миллисекунда 50 миллисекундан — масех минотан дуьхьал).

Коьртан хьен нейронийн кеп а, барам а тайп-тайпана бу, цуьнан хӀора декъехь бес-бесар клеткаш ю. Къастайо аксонаш кхечу дакъошка импульсаш дӀало шакепара нейронаш а, хӀора дакъан чохь коммуникаци ешйолу интернейронаш а. Шакепара нейронийн масалаш ду коьртан хьен яккхийн эхигийн чкъоьран пирамидин кепара клеткаш а, кӀасархьен Пуркинье клеткаш а. Интернейронийн масалаш ду чкъоьран тускарийн клеткаш.

Коьртан хьен цхьадолчу декъашкарчу нейронийн жигаралла гормонашца модуль ян тарло.

ХӀинццалц хууш дара, дийнатийн нервийн клеткаш бен метта ца хуьттуьйла. Амма кестта Ӏилманчаш терго йина, хьожа кхетийтарах жоплучу адаман хьен декъехь, хьалхарчу клеткех кхиина нейронаш хуьлий. Цхьана хенахь цара гӀо дан тарло лазийна хье «тобеш»[3]. Хьен чуьра гӀодан клеткаш екъалучура совца, хромосомийн цхьайолчу меттигийн жигаралла дохадо, нейтронашна шакепара йолу структураш а, уьйранаш а кхоллаяла йолало. Оцу меттигера дуьйна лара мегар ду клетка юьззина нейрон. ХӀинца евзаш яц нейронаш жигара кхуьу 2 меттиг бен. Цхьаъ царех — диццадалийтаран зона. ШолгӀачу йогӀу леларах жоп лушйолу хьен зона. Цуьнца дазадо цхьана хена функцийн цхьа дакъа, я шадерг лазийначул тӀехьа меттахоттар оцу хьен дакъа.


ЦӀийлаттор[нисъе | нисъе чухулара]

Хьено, цӀийлатторан машанехула цӀий а тоттуш нейронашка болхбайта, дукха энергин йойу. Коьртан хьен цӀий латтадо даккхийн пхенийн кхаа бассейнера — шина чоьхьарчу логан пхенийн (лат. a. carotis interna) а, коьрта пхенийн (лат. a. basilaris) а. Туьтан чухула чоьхьарчу логан пхена чеккхе ю хьалхара а, юккъера а хьен пхенаш (лат. aa. cerebri anterior et media). Коьрта пха бу хьен ген вентралан тӀехула, кхоьллина аьтту а, аьру а букъадаьӀахкан пхенаш вовшахтесна. Цуьнан геннаш ду хьен тӀехьара пхенаш. Бийцина болу ялх пха (хьалхара, юккъера, тӀехьара), шайна юкъахь анастомозици а еш, кхуллу пхенийн (виллизин) гуо. Цунна ду хьалхара хьен пхенаш вовшехтасаделла хьалхарчу вовшехтасаран пхаца (лат. a. communicans anterior), ткъа чоьхьарчу логан (я, наггахь юккъера хьен) а, тӀехьарчу хьен а пхенашца, хӀора агӀора тӀехьара вовшехтасаран пхенаш (лат. aa.communicans posterior) ду. Пхенаш юкъахь анастомозаш ца хилар билгала хуьлу пхенийн патологи (инсульташ) йолу меттиг, цӀийлатторан гуо къевлина ца хиларна и меттиг шорло. Цул сов, дуккха а кхин агӀонаш хила тарло (бастина гуо, трифуркаци кхуллуш тамашийна пхенаш декъадалар кхин дӀа а). Нагахь цхьана декъехь нейронийн жигаралла совъялахь, совдолу оцу мете цӀийлаттор а. Коьртан хьен цхьадолчу дакъошшан функцин жигараллин хийцамашна регистраци яро йойту неинвазиван нейровизуализацин кепаш, масала, функцин магнитан-резонансан томографи а, позитрон-эмиссин томографии а.

ЦӀийн а, хьен хьесашна а юкъахь гематоэнцефалийн пардо ду, цуо пхена чухула церебралан хьасане дехьайовлу хӀуманаш луьтту. Хьен цхьадолчу декъашкахь и пардо ца хуьлу (гипоталамин меттиг) я къаьсташ хуьлу кхечу дакъойх, шеца спецификан рецепторш а, нейроэндокринан кхолламаш а болуш. Оцу пардоно Ӏалашбо хье дуккха а кепарчу уьнех. Оццу хенахь кхечу меженашна пайден йолу молханийн препараташ, пардона дехьа а яьлла хьен чу ца кхачало.

Функцеш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьен функцеш юкъайогӀу хаадаларан меженашкара кхочу сенсоран хаамаш хержар, план хӀоттор, сацам бар, координаци, леларан куьйгалла дар, бакъ а, харц а эмоци, тергам, диццадалар. Адаман хьено лаккхара функци кхочушйо — ойла яр. Адаман хьен цхьа функции ю кхетар а, меттан генераци а.

Хьен дакъош[нисъе | нисъе чухулара]

Gehirn, basal - beschriftet lat.svg
Gehirn, medial - beschriftet lat-rus.svg
Бух болу яззам: Хьен структура
Адаман коьртан хьен коьрта дакъош

Ромбкепара хьен чоь ю IV чоь (цунна бухахь Ӏуьргаш ду, уьш хитталуш ду хьен кхечу кхаа чоьнашца а, ткъа иштта субарахноидалан меттигаца а).

Коьртан хьене оьху а, цигара юха оьху а хаамаш бо дегӀ лелошйолу букъан тӀумехула а, туьтийн нервашкахула а. Сенсорийн (я афферентан) хаамаш богӀу синкхетаман меженашкара чкъоьран кӀелхьарчу (эхигийн чкъоьран хьалхарчу) хӀоьэ, тӀаккха таламусе, ткъа цигара лакхарчу декъе — яккхийчу эхигийн чкъоьре.

Чкъор лаьтта шайн юкъахь нервийн курсашца вовшехтесначу шина эхигех — ахкаргийн чалхех (corpus callosum). Аьрру эхиго жоп ло дегӀан аьтту ахагӀонах, аьттучо — аьрручух. Адаман аьтту а, аьрру а эхигийн бес-бесара функциеш ю.

БӀаьрсинан хаамаш богӀу хьен чкъоьран бӀаьрсинан декъе (кӀесаркӀеган декъехь), тактилан соматосенсоран чкъоьре, хьожабоккхург — хьожабоккху чкъоьре кхин дӀа а. Чкъоьран ассоциативийн меттигашкахь хуьлу сенсорийн тайп-тайпанчу хаамийн интеграци.

Чкъоьран моторан меттигаш (хьалхара моторан чкъор а, хьаьжийн декъера кхин меттигаш а) жоп ло леларан регуляцех.

Дозанера чкъоьро (маймалийн хуьлу) хетарехь жоп ло ойлаяран функцех.

Чкъоьран меттигаш шайн юкъахь уьйр латтайо чкъоьран кӀеларчу структурашца — таламусца, базалан ганглишца, хьен ганан хӀоьънашца, букъан тӀумца. Оцу структурех хӀораниг, мел лахара иерархера елахь а, ледаме функци кхочушйо, ткъа иштта автономехь болх а бало. Лелоран куьйгаллехь дакъа лоцу базалан ганглеш, хьен ганан цӀен хоьо, кӀесархьено, кхин структураш а, эмоцехь — амигдала, терго лелорехь — ретикуляран формаци, уллорчу дагадарехь — гиппокамп.

Цхьана агӀор, коьртан хьен декъашкахь функцийн локализаци ю, вукха агӀора — уьш массо а цхьана машатесна ю.

Пластика хилар[нисъе | нисъе чухулара]

Хье пластика йолуш бу. Нагахь цхьа дакъа лазийнехь, кхечу дакъош цхьа хан яьлчи цуьнан болх шайна тӀелоцу. Хьен пластика хиларо аьтту боккху керла хӀума Ӏамо.


Эмбрионан кхиар[нисъе | нисъе чухулара]

Диъ кӀира долчу эмбрионан хье

Хьен эмбрионан кхиар цхьа догӀа ду цуьнан хӀоттамах а, функцех а кхетарехь.

Коьртан хье кхуьу нерван биргӀин ростралан декъера. Коьртан хьен доккхаха долу дакъа (95 %) схьадаьлла ду тӀамкепара эӀанах.

Хьен эмбриогенез масех муьрах долу.

ШолгӀа мур кхоллалучу муьрехь (кхуьу кхоалгӀачу кӀиранера ворхӀалгӀачу кӀиране кхаччалц) адаман коьртан хье кхаанхьа сетта: юккъера хьен, логан, тӀайн. Хьалха цхьана, цхьана агӀора кхоллало юккъера хьен а, тӀайн саттар, тӀехьа — дуьхьала агӀора — логан. ЖамӀа — сизийн хье сетташ «кхуьу».

Адаман хье кхуьуш билгалдаккха мегар ду филогенез а, онтогенез а гӀеххьа тера хилар. Дийнатийн эволюцин процессехь хьалха кхиина чеккхенан хье, ткъа тӀехьа — юккъера хье. Хьалхара хье бу эволюцийца коьртан хьен керло кхоллам. Иштта ненан кийрахь бер кхуьуш хьалха кхоллало эволюцийца хьен шира дакъа долу тӀехьара хье, ткъа тӀехьа — юккъера хье а, цул тӀехьа — хьалхара хье а. Бер дуьненчу даьлча бераллера кхиъна даллалц хьен чуьра нейронийн уьйран кхоллам чолхе хуьлу.

Талламан методаш[нисъе | нисъе чухулара]

Абляцеш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьен талламан ширачарех цхьа кеп ю абляцин методика, цуьнан хьесапехь хьен цхьа дакъа дӀадоккху, тӀаккха Ӏилманчахь терго йо оцу операцин хийцамашна.

Муьлхха а хьен дакъа дӀадаккха мегар дац, садолхӀума юьйр ю. Иштта, хьен ганан дукхаха долу дахаран уггар а оьшу дакъанаш, масала, садаӀар, лазийча сихонца валар тӀедан мега. ТӀаккха а, дуккха а дакъанаш дохадаро лар юьтушехь дахарехь, дийна вуьсу. Иза, масала, догӀу яккхийчу эхигийн чкъоьран меттигашна. Шуьйра инсульто агӀо сацабо я мотт сацабо, амма садолхӀума еха. Беллаболу хьен дукхаха долу дакъа вегетацин хӀоттамехь хуьлу, латтало арахьарачу гӀоьнца йаош.

Абляцицин талламийн шира истори ю, хӀинца а беш бу уьш. Нагахь ягӀанчу хенан Ӏилманчаш хьен меттигаш хирургин гӀоьнца дӀаяьхнехь, таханлерчу талламхоша лелайо токсични хӀумнаш, хаьржина хьен чкъоьраш лазош (масала, билгалчу меттигера клеткаш, амма цунна чекхдовлу нерван хьесий метах ца доху).

Хьен цхьа дакъа дӀадаьккхича цхьайолу функцеш йов, ткъа цхьаерш юьсу. Масала, цициган хье бекъна бу таламусал лакхахь, юьсу дукхахйолу позан реакци а, букъан тӀуман рефлексаш а. Хьен ганан уллохь хье бекънаболу дийнаташна, (децеребраци йина), гӀолоцу дӀасатотту пхьидийн тонусо, амма йов позан рефлексаш.

Тергамаш бо хьен структура йохийначу адамашна тӀехь а. Иштта, пайдехь хаамаш бела талламчашна Дуьненан шолгӀачу тӀамехь коьртах герз кхетна чевнаш хиларо. Иштта, инсульт хиллачу цомгашчарна тӀехь а, туьта-хье лазийначарна тӀехь а талламаш бо.


Транскраниалан магнитан стимул яр[нисъе | нисъе чухулара]

Транскраниалан магнитан стимул яр — тӀе медицинан гӀирс ца хьакхаболуьйтуш йоцца магнитан импульсашца коьртан хьен стимул ян йишхулийта кеп ю. ТМС лаза ца во, цундера лело таро ю амбулаторин хьолехь диагностика ярехь. ТМС генераци еш йолу магнитан импульс юхенан чохь чехкка хийцалун магнитан арие, цуо продуцировани йо электромагнитан туьппалган гонахьа чӀогӀачу конденсаторо (магнитан стимуляторо) еллачу лакхарчу напряженин ток чекхйолуш. Тахана медицинехь лелон магнитан стимуляторан таро ю магнитан агӀон генераци ян 2 Тесла сихоллица, цуьнан таро ю коьртан хьен чкъоьран элементашна 2 см кӀоргехь стимул ян. Электромагнитан туьппалган конфигураце хьаьжжина, ТМС таро ю тайп-тайпана барамера чкъоьран дакъанаш меттахдаха, аьлчи а хила таро ю 1) фокалан, цуо бакъо ло кегийчу чкъоьран дакъанашна хаьржина стимул ян, я 2) диффузин, цуо бакъо ло чкъоьран тайп-тайпана дакъанашна цхьана хенахь стимул ян.

Коьрта хьенан чкъоьран моторан декъан стимул яро ТМС перифирин пхьидаш хебийта чкъоьран чохь топографин векалле хаьжжина. Оцу кепо маххадо таро ло коьртан хьен моторан системан карзахдаккхараллин, цу юкъа йогӀу карзахдаккхараллин а, сацоран а компоненташ. ТМС лелайо хьен цамгаршна дарба деш, масала, Альцгеймеран синдром, бӀарзалла, къоралла, эпилепси, кхин иштта цамгарш толлуш.


Электрофизиологи[нисъе | нисъе чухулара]

Электрофизиологино регистрации йо хьен электрожигараллин — цара таро ло цхьайолу нейронаш яссаялар дӀаяздан дуткъа электродийн гӀоьнца, я электроэнцефалографи гӀоьнца (коьртан тӀехулара хьен потенциал дӀаяккхаран методика).

Буткъа электрод бина хила таро ю металлах (ира юьхьиг ерзина йолуш, къевлина дӀакъасторан гӀирсаца) я ангалех. Ангалин микроэлектрод юткъа биргӀа ю, чуьра туьхан шоврица юьзна а йолуш. Электрод клетки чу а боьдуш, цу чуьра потенциалаш дӀа а язъеш буткъа хила таро ю. Нейронийн жигараллин регистрацин кхин кеп ю клеткийн арахьарарниг — цхьайолчу нейронийн регистраци.

Цкъацца дуткъа электродаш (цхьанна тӀиера масех бӀаьне кхаччалц) хьен чу хиттадо, талламхоша терго еш дӀаязйо жигаралла дуккха а хенахь. Кхеча кепехь электрод хьен чу богӀуьйту цхьана ханна экспериментан, ткъа таллам чекхбаьлчи схьадоху.

Буткъа электродан гӀоьнца регистраци яло цхьайолчу нейронийн жигараллина а, бӀенаш нейронийн жигараллех кхоллалучу локалан потенциалех (local field potentials) а. Электродийн ЭЭГ гӀоьнца а, кхин а хьен тӀедохкучу тӀехуларчу электродашца, боккхачу барамера нейронийн инзаре жигараллин бен ца мега регистрации ян. Хила тарло боху, иштта регистраци еш йолу жигаралла гуллало нейронийн потенциалан балхах (аьлчи а нейронийн импульсех) а, киртиг кӀелхьара деполяризацех, гиперполяризацех.

Хьен потенциалийн анализ йоккхуш дукхаха дерг церан спектран анализ йо, цу тӀе спектран тайп-тайпана компонентийн бес-бесара цӀераш ю: дельта (0,5—4 Гц), тета 1 (4—6 Гц), тета 2 (6—8 Гц), альфа (8—13 Гц), бета 1 (13—20 Гц), бета 2 (20—40 Гц), гамма-тулгӀенаш (юкъайогӀу бета 2 ритман луьсталла а, кхин лакхара а).


Электрикан стимул яр[нисъе | нисъе чухулара]

Хьен функци талларан цхьа кеп ю цхьацца меттигашна электрикан стимул яр. Цуьнан гӀоьнца, масала, теллина «моторан гомункулус» — цуо гайтина, моторан чкъоьрехь билгалъяьхна меттигашна стимул яро куьйгаш метах доху, кхечу меттигашна стимул яро — когаш метах доху, кхин дӀа а. оцу кепара кхаьчна картех гомункулус олу. ДегӀан тайп-тайпана меженийн бес-бесара барам болуш хьен чкъоьран меттигаш бу. Цундера гомункулусан йоккха йоьхь ю, даккхий пӀелгаш а, кераюкъ а ю, амма жима дегӀ а, когаш а ду.

Хьен сенсоран меттигашна стимул йича, хаадалар схьадогӀу. Иза гайтина адаман тӀехь а (Пенфилдан гӀарабевллачу талламашкахь), дийнаташ тӀехь а.

Электрикан стимул яр леладо медицинехь — психиатрин клиникашкара къизаллаш гойту киношкара электрошовкъера, Паркинсонан цамгаран гӀарадаьлла дарба лелош долу хьен кӀоргера структурашна стимул яре кхаччалц Паркинсона.


Кхин кепаш[нисъе | нисъе чухулара]

Коьртан хьен анатомин структураш толлуш лелайо рентгенан КТ а, МРТ а. Иштта коьртан хьен анатомин функцин талламашкахь лелайо ПЭТ, цхьанафотонан эмиссин компьютеран томографи (ЦФЭКТ), функцин МРТ. Таро ю коьртан хьен структурийн визуализаци ян ультрагӀовгӀан диагностикица (УЗИ), нагахь ультрагӀовгӀан «кор» делахь — тутан даьӀахкийн сакхт.

Сакхташ а, цамгарш а[нисъе | нисъе чухулара]

Хьен сакхтийн а, цамгарийн а талламаш, дарба биологиний, медицинийни (нейрофизиологи, неврологи, нейрохирурги, психиатри, психологи) декъара ду.

Хьен чкъоьраш шелдаларх менингит олу (кхаа чкъоьран хӀоранна а — пахименингит, лептоменингит, арахноидит).

Коьртан хьен ишемин я геморрагин сакхтах инсульт олу.

Самукъане факташ[нисъе | нисъе чухулара]

Коьртан хьен бозаллин юккъера барам бу дегӀан дозаллин барамах шовзткъе иттанах цхьаъ. Иштта долушшехь адаман хьено циркуляци еш долчу цӀийх пхоьалгӀа дакъий бен ца леладо (аьлчи а кислородан пхоьалгӀа дакъа), пхоьалгӀа дакъа меженашка догӀу глюкоза а.

Тайп-тайпанчу дийнатийн коьртан хьен бозаллин барам таблицехь балийна[4].

Тоба Хьен бозаллин барам, г
Кашалот 7800
Финвал 6930
Пийл 4783
Косатка 5620
БукътӀебаьлла кит 4675
Сира кит 4317
Гренландин кит 2738
Гринда 2670
Шишакепара цӀумар йолу дельфин 1500—1600
ГӀеметтахоьттина стаг 1300—1400
Морж 1020—1126
Питекантроп 850—1000
Эмкал 762
Жираф 680
Бегемот 582
ХӀордан леопард 542
Говр 532
Горилла (маймал) 465—540
КӀайн ча 498
Етт 425—458
Шимпанзе (маймал) 420
Дунен чудаьлла бер 350—400
Тоба Хьен бозаллин барам, г
Орангутан (маймал) 370
Калифорнин хӀордан лом 363
Ламантин 360
ЦӀоькъа лом 263,5
Лом 240
Гризли (ча) 234
Хьакха 180
Ягуар 157
УьстагӀ 140
Павиан (маймал) 137
Макак-резус 90—97
ЖӀаьла (бигль) 72
Трубкозуб 72
Бобр 45
Йоккха кӀайн гӀоркхма 34
Мекхаш долу гӀоркхма-нана 32
Цициг 30
Дикобраз 25
Тарсал маймал 22
ДӀам 17
Пхьагал 10—13
Утконос 9
Тоба Хьен бозаллин барам, г
Аллигатор 8,4
Тарсал 7,6
Опоссум 6
Шерстокрыл 6
Муравьед 4,4
ХӀордан хьакха 4
Акха котам 4,0
Зу 3,35
Тупайя 3
Броненосец 2,5
БухӀа 2,2
Мукхдахк (барам 400 г) 2
Сира моша 1,9
Оьпа 1,4
Кхийсалург 1,3
Хьоза 1,0
Европан нана-лекъ 0,9
УьнтӀапхьид 0,3—0,7
Пхьид-бугӀа 0,24
Лаьхьа 0,1
Дешин чӀара 0,097
Баьццара моьлкъа 0,08

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Butler, Ann B. (2001). «Chordate Evolution and the Origin of Craniates: An Old Brain in a New Head». The Anatomical Record 261: 111—125.
  2. Головной мозг земноводных
  3. Новости NEWSru.com :: Нервные клетки человеческого мозга все-таки восстанавливаются, утверждают шведские ученые
  4. Brain Facts and Figures (ингалс.). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 22 июнехь. Теллина 2012 шеран 8 июнехь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]