Хасханов, Руслан Самадович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Хасханов, Руслан Самадович
Хасханов, Руслан Самадович (портрет).jpg
Вина терахь 1973 шеран 15 март({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (46 шо)
Вина меттиг Хаси-Эвл, РСФСР, ССРС
Схьавалар: нохчо
Гражданалла: Российн байракх Росси
Норвегин байракх Норвеги
Commons-logo.svg Белхаш Викилармехь

Хасханов, Руслан Самадович — (вин. 1973 шеран 15 март, ДегӀаста, Хаси-Эвл) — Норвегехь Ӏаш волу нохчийн исбаьхьалча. Норвегин исбаьхьалчийн бертан декъашхо[1].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1973 шарахь Хаси-Эвлахь нохчийн-Ӏовхойн доьзалех[2]. Дай бевлла Ширча-Эвлара. Тайпана чарто ву[3].

Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ширча-Эвлара ХасхановгӀара, Русланан де да а, де нана а

Руслан гайтаман исбаьхьалла лелош ву ишколехь доьшуш волучу хенахь дуьйна, 1989 шарахь дас а, нанас а меттигера Хаси-Эвлан исбаьхьаллин берийн ишколе велира, цуо цигахь дийшира 1989 шо кхаччалц, цу шарахь М. А. Джемалан цӀарах йолу ДегӀастанан исбаьхьаллин училище деша вахара иза, ткъа 1997 шарахь Пиетарбухехь йолу Репинан цӀарах йолу исбаьхьаллин Академехь дешар дӀадолийра. Оцу хенахь Русланан белхашна леррина тидам-бан болабелира исбаьхьаллин корматалла йолу нах[2][1].

1998 шарахь Руслан Къилба Корей дӀакхайкхира – корейхойн исбаьхьалчашца цхьана гайтамаш беш дакъалаца а, цул сов Ульсан гӀалара долара исбаьхьаллин ишколехь хьеха а[2].

2003 шарахь Норвеге кхелхира, Нохчийчохь тӀом хилар бахьнехь цига дукха нохчий дӀабахана. Норвегин Драммен гӀалахь цуьнан исбаьхьаллин дахаран керла этап йолаелира. Норвегехь а, Малхбуза Европан пачхьалкхашкахь а гайтамаш бира Руслана. 2006 шарахь цуо йиллина шен долахь йолуш исбаьхьаллин ишкол «Ренессанс» цӀе а тиллина[2]. Норвегин коьрта гӀала йолучу Ослохь исбаьхьаллин ишколашкахь а, академешкахь а хьоьхуш ву Руслан. Норвегин исбаьхьалчийн бертан декъашхо ву[2][1].

Русланан белхаш — Осло гӀалин уггар гӀараяьллачу галерейшкахь бу. Норвегхошна уггар хазахета нохчийн баккхийн нехан суьрташ. Мукъа йолу хан каратэ Ӏамош йоккху Руслана[4].

«Россия» телеканалан интервьюхь Руслана элира [4]:

"ЦӀенна со гена мел хили, цунах йолу ойла совъюьйлу. Со кхузза яйчохь кхехкийча а хира вац норвегхо"

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зуда, бераш ду.

Гайтарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 Руслан Хасханов. Министерство культуры Чеченской республики (2014). Теллина 2018 шеран 16 мартехь.
  2. 1 2 3 4 5 Европейский ренессанс чеченского художника. Роза Межиева (16.09.2013). Теллина 2018 шеран 16 мартехь.
  3. Выпуск 6: Руслан Хасханов. Художник. Мовсур Загаев, Хадижа (Стелла) (2018). Теллина 2018 шеран 16 мартехь.
  4. 1 2 Чеченцы не прижились в Европе. Ася Емельянова (28 апреля 2013). Теллина 2018 шеран 16 мартехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]