Российн Федерацин Федералан Гулам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Российн Федерацин
Федералан гулам
ХӀаст я эмблема.
Тайпа
Тайпа шинапалатин парламент
Палаташ Федерацин кхеташо
Пачхьалкхан дума
Куьйгалла
Федерацин кхеташонан председатель Матвиенко Валентина
с 2011 шеран 21 сентябрь
Пачхьалкхан думин председатель Володин Вячеслав
с 2016 шеран 5 октябрь
Структура
Декъашхойн 620
(царна йукъахь: 170 Федерацин кхеташонехь,
450 Пачхьалкхан думехь)
Russian Federation Council since 2014.svg
Russian 8th State Duma 2021.svg
Федерацин кхеташо Комитеташ
Пачхьалкхан дума Комитеташ
Харжамаш
Федерацин кхеташо Кхаж тасаран система хӀиттайо мехкан хьесапашца
Пачхьалкхан дума кхаж тасаран система ийна
Федерацин кхеташо ТӀаьххьара харжамаш 1993 шеран 12 декабрехь
Пачхьалкхан дума ТӀаьххьара харжамаш 2021 шеран 17-19 сентябрехь
Сайт
www.gov.ru

Росси́йн Федера́цин Федера́лан гуламРоссийн Федерацин парламент, Российн векалийн а, пачхьалкхан Ӏедалан закононашкхолларан меженаш.

Федералан гуламан Статус билгалйаьккхина Российн Конституцин 5 коьртехь. Федералан гуламан функцеш а, бакъонаш а йекъна шина палатин йукъахь — Пачхьалкхан думин (Россий Федерацин Федералан гуламан лахара палата) а, Федерацин кхеташонан (Россий Федерацин Федералан гуламан лакхара палата). Федералан гулам гуттаренна болх беш йолу меже йу. Палаташ цхьаьна хийшарш ца до, амма Российн Федерацин президентан кхайкхаме цхьаьна ладогӀа гулбала таро йу[1].

Структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Федералан гулам лаьтта шина палатех: Пачхьалкхан думех а, Федерацин Кхеташонех[2].

Палатийн хӀоттам, иза гулбаран хьесапаш тайп-тайпана ду. Пачхьалкхан дума лаьтта 450 депутатах, уьш хоржу Ийна харжаман системица дуьххьала дӀа болу харжамашкахь. Федерацин Кхеташонан йукъавоьду Российн субъектийн шишша векал: векалийн а, кхочушдаран а пачхьалкхан Ӏедалан меженийн цхьацца векал (Российн Федерацехь 85 субъект йу, цигара схьа, Федерацин Кхеташонан 170 декъахо); кхин а Федерацин Кхеташонан йукъабоьлху президенто хӀиттош болу Российн Федерацин векалш, церан барам 30 стагал сов хила йиш йац, царех ворхӀаннал кӀезиг хӀотто йиш йу баллалц хан тоьхна. Кхин а Федерацин Кхеташонан валлалц болу меттиган бакъо йу Российн хилла президентийн[3].

Пачхьалкхан дума хоржу конституцица хӀоттийна ханна — пхеа шарна, ткъа Федерацин Кхеташонан шен хӀоттийна хан йац, амма цу тӀе Федерацин Кхеташонан декъахошна — Российн Федерацин субъектийн векалшна — Российн Федерацин субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженийн бакъонаш дӀайовллалц хан ло[4]. Федерацин Кхеташо кхолларан низам а, Пачхьалкхан думин депутаташ харжаран низам а хӀоттадо федералан законашца. Цхьа стаг цхьаьна хенахь хила йиш йац Федерацин Кхеташонан а, Пачхьалкхан думин а декъахо.

Федералан гулам йукъара парламентан организм йу, иза цуьнан палаташ массо хенахь цхьаьна болх бо бохург дац. Цунна дуьхьала, Российн Федерацин Конституцис хӀоттийна, Федерацин Кхеташоно а, Пачхьалкхан думо а къаьстина хийшарш до. Палаташ цхьаьна гулйала тарой у Российн Федерацин Конституцис хӀоттийначу меттигехь — Российн Федерацин президентан кхайкхаме ладогӀархьама. Кхин а Конституцис магийна сенатораш а, Пачхьалкхан думин депутаташ а цхьаьна гулбала РФ президенте чӀагӀо йойтуш[5].

Парламентан центр[нисйе бӀаьра | нисйе]

2000-гӀа шерашна йуккъехь дуьйна Россехь йийца йаьккхина Парламентан центран гӀишлон чохь Пачхьалкхан дума а, Федерацин Кхеташо а цхьаьнатохаран ойла[6][7]. 2012 шарахь и ойла тӀелецира президенто Медведев Дмитрийс[8]. Керла гӀишло йаран бахьна дуьйцура векалийн белхан кабинеташ готта хилар, церан белхан оьшу Москохара иттех адресера гуллакхаш генахь хилар, мехкан куьйгаллин гӀалин йуккъера Ӏедалан меженаш дехьайаха лаар, некъ бастархьама[8].

Центр хӀотто Москохан тай-тайпана кӀошташ кегийра: Кутузовн проспект, Фрунзен бердйист, «Москох-Сити», Тушинон аэродром, ЦӀен Пресня (стадионан меттехь), Москворецкан бердйист (Ракетийн эскарийн тӀеман академин йа «Росси» хьешан цӀенна меттехь), посёлок Коммунарка йолчура майда[7], парк «Музеон» а, Софийн бердйист. 2014 шеран сентябрехь хаьржира Мнёвниковн тогӀенера меттиг, цунна дуьхьала бевлира экологаш[9].

Федералан гуламан зорба[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шайн болх бовзуьйтуш арахоьцу:

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]