Уильямс, Реджи (баскетболхо, 1964)
Уильямс Реджи | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Reggie Williams | |||||||
Карьера чекхъяьккхина | |||||||
Позици | ТӀелета турсло / Вайн форвард | ||||||
Харц цӀераш | Silk | ||||||
Локхалла | 201 см | ||||||
Возалла | 86 кг | ||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||
Вина терахь | 1964 шеран 5 март (58 шо) | ||||||
Вина меттиг | Балтимор, Мэриленд, АЦШ | ||||||
Ишкол | Пол Лоуренс Данбаран (Балтимор, Мэриленд) | ||||||
Колледж | Джорджтаун (1983—1987) | ||||||
Драфт КъБА | 4-гӀа (1-ра раунд), 1987, Лос-Анджелес Клипперс | ||||||
Статистика | |||||||
Ловзарш | 599 | ||||||
Очкош | 7508 (12,5 юккъера барам ловзарехь) | ||||||
Схьаэцар | 2393 (4 юккъера барам ловзарехь) | ||||||
ДӀаялар | 1492 (2,5 юккъера барам ловзарехь) | ||||||
Схьалацар | 802 (1,3 юккъера барам ловзарехь) | ||||||
Блок-шоташ | 407 (0,7 юккъера барам ловзарехь) | ||||||
|
Реджи Уильямс (инг. Reggie Williams; вина 1964 шеран 5 мартехь, Балтиморехь, Мэриленд штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а.
Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Уильямс Реджи вина Балтимор гӀалахь (Мэриленд штат), дешна Балтиморан Пол Лоуренс Данбаран цӀарах ишколехь, цигахь левзина, Богз Магсица, Льюис Реджица, Уингейт Дэвидца цхьаьна, меттигера баскетболан командехь «Данбар Поэтс». Ишколан карьерера тӀаьххьарчу шина шарахь «Поэтс» чемпионатехь иэша а ца йира (29—0 а, 31—0 а), ткъа иза чекхъяккхарца, 1983 шарахь, Уильямса дакъа лецира McDonald's All-American ловзарехь, цигахь дакъа лоцу АЦШ а, Канадин а уггаре дика ишколийн арахецархоша. Оццу шарахь цунна елира АЦШ баскетболан мистер титул, кхин тӀе иза лерира USA Today версица лакхара классашкарчарна юкъахь шеран баскетболхо[1].
Студентийн карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
1987 шарахь Уильямса чекхъяьккхира Джорджтаунан университет, деа шарахь левзира «Джорджтаун Хойас» командехь, цунна юкъахь аьттонца а левзира, кхоьссира 2117 очко, 886-зза схьаийцира, 327-зза дӀаелира, 206-зза дӀаяла лерина буьрка схьалецира, 66-зза блокшот йира[2], цу тӀе шозза гӀодина шен командин Big East конференцин рогӀера чемпионат яккха (1984, 1987), ткъа иштта кхузза — Big East конференцин турнир (1984—1985, 1987)[3][4][5]. Цул сов «Хойас» шина шарахь тӀаьхьий-хьалхий АЦШ студентийн чемпионатан финале елира (1984—1985), ткъа 1984 шарахь хилира студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) чемпионаш, финалехь иэшийра «Хьюстон Кугарз» команда (84—75), финалан матчехь Уильямса кхоьссира 19 очко, 7-зза схьа а ийцира[3].
Карьера КъБАхь[нисйе бӀаьра | нисйе]
Левзина тӀелета турслочун а, яйн форвардан а позицехь. 1987 шеран КъБА драфтехь хаьржира 4-гӀа лоьмарца «Лос-Анджелес Клипперс» командо. ТӀаьхьа левзира «Кливленд Кавальерс», «Сан-Антонио Спёрс», «Денвер Наггетс», «Индиана Пэйсерс», «Нью-Джерси Нетс» командашкахь. Дерриг КъБАхь даьккхина 10 шо. 1987 шарахь лерина студенташна юкъара Big East конференцин шеран баскетболхо, ткъа кхин а юкъвахийтина ерригамерикин NCAA гулйина 1-ра командин[2]. Ерриг шен КъБА карьерехь левзина 599 матчехь, цигахь кхоьссина 7508 очко (юккъера барам 12,5 ловзарехь), 2393-зза схьаийцира, 1492-зза дӀаелира, 802-зза схьаяьккхира, 407-зза блокшот йира.
Тренеран карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ловзархочун профессионалан карьера чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, Уильямса болх бира Ландовер гӀалара (Мэриленд штат) Иерихонан керстан академин баскетболан командин коьрта тренеран даржехь, из адӀакъовллалц. 2009 шеран 30 майхь дуьйна куьйгалла дира Тоусонан католикийн ишколан командин. 2010 шарахь Уильямс дӀахӀоьттира Вашингтон гӀалин архиепископ Кэрроллан цӀарах ишколан командин коьртачу тренеран дарже[6], цигара дӀавелира 2013 шеран февралехь[7].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Dunbar High: Brick House (ингалс.). slamonline.com. Source Interlink Magazines, LLC. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ 1 2 Reggie Williams (ингалс.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ 1 2 1983-84 Big East Conference Season Summary (ингалс.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ 1984-85 Big East Conference Season Summary (ингалс.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ 1986-87 Big East Conference Season Summary (ингалс.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ Georgetown Great Reggie Williams Hired by Carroll (ингалс.). casualhoya.com. Vox Media, Inc. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
- ↑ Reggie Williams resigns as Carroll basketball coach after clashing with team parents, school principal (ингалс.). washingtonpost.com. The Washington Post. Теллина 2014 шеран 23 январехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Статистика на сайте Basketball-Reference.com(ингалс.)
- Статистика на сайте NBA.com(ингалс.)
- Бинарш 5 мартехь
- Бинарш 1964 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Балтиморехь
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- АЦШ баскетболхой
- «Джорджтаун Хойяс» (баскетбол) ловзархой
- «Лос-Анджелес Клипперс» ловзархой
- «Кливленд Кавальерс» ловзархой
- «Сан-Антонио Спёрс» ловзархой
- «Денвер Наггетс» ловзархой
- «Индиана Пэйсерс» ловзархой
- «Нью-Джерси Нетс» ловзархой