ТӀалут
Арахьара хатӀ
ТӀалут | |
---|---|
Ӏаьр. طالوت | |
Говзалла | Исраилан пачхьалкхан 1-ра паччахь |
ДӀавоьллина меттиг | Цела |
Къам, некъе | исраилхой, жуьгтий |
Динлелор | ислам |
Лоруш волу динаш | ислам, жуьгталла, керсталла |
ТӀа́лут (Ӏаьр. طالوت), йа Ша́ул (Ӏеб. שָׁאוּל; Ӏаьр. شاؤول) — иза жуьгтийн дуьххьарлера паччахь а, Исраилан пачхьалкх йиллинарг а ву. ЯӀкъуб пайхамаран ﷺ кӀентан Биньяминан тӀаьхьенах ву иза. И паччахь хаьржинера Шамвиль пайхамаро ﷺ Делан омраца, шега исраилхоша шайн цхьаъ паччахь хӀоттаве аьлла даьхначу хенахь, тӀам тӀехь шайн куьйгалла деш. Исраилхоша емалдира Шамвила ТӀалут паччахь харжар, и хьал долуш ца хилла дела. Шамвила бехкбаьккхира исраилхошка, тӀаккха ТӀалута царна тӀехь куьйгалла дира Джалутан эскарна тӀехь толам баккхалц, Давуд пайхамаран ﷺ куьйгахула ша вийна хилла волу. ТӀалут пайхамар ца хилла, цо урхалла дира вайн эра хилале 1020—1000 шерашкахь гергга[1].