Тибет
Тибет | ||||||||||||||||
Экзотопонимаш | 西藏, Сицзан | |||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Мур | VII бӀешо — хӀинца а | |||||||||||||||
Локализаци | ЦХР къилба-малхбузе | |||||||||||||||
Бахархой | 10,5 млн | |||||||||||||||
Майда | 1,2 млн км² | |||||||||||||||
ЮкъайогӀу | Тибетан автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу (ЦХР) | |||||||||||||||
Махкахь пачхьалкх: | ||||||||||||||||
|
||||||||||||||||
![]() |
Тибе́т (тиб. བོད་, Вайли bod, Бё[К 1]; 西藏 Сицзан, неп. तिब्बत) — Юккъера Азин кӀошт, лаьтта Тибетан акъарин тӀехь.
Оьздангаллин а, динан а юкъаралла, билгалйоккху амалш ю тибетийн мотт а, тибетийн буддизм а.[1] Орамера бахархой — тибетхой.
1950 шарахь дуьйна[К 2] доккхаха долу дакъа ЦХР юкъадоьду, Тибетийн автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешкара автономин дакъош санна, царна юкъахь екъна ю Тибетан историн областаш У-Цанг, Кам, Амдо. Лхаса — Тибетан историн коьрта шахьар а, Тибетан автономин кӀоштан административан юкъ а ю.
Тибет ЦХР юкъатохар тӀемца чубахаран жамӀ ду, хьал хӀинца а чолхе ду.[1]
Дхарамсалехь (ХӀинди) ю Тибетан эккхийна правительство, цуьнан корта 2011 шо кхаччалц вара Далай-лама XIV[2], дуьненахь уггаре дика бевзачех а, ларамечех а цхьаъ[1]. 2011 шеран 27 апрелехь, дерриг дуьненан тибетан диаспоро кхаж тасаран жамӀаца, корта хаьржина Лобсанг Сенге[3].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Майда (У-Цанг, Кхам, Амдо провинцешца) — 1,2 млн км².
Мехкан юккъера локхалла: 4000 метр хӀордан тӀегӀан тӀера.
Тибетан махкара схьадолу цхьа могӀа даккхий эркаш, уьш чекхдовлу тӀаьхьа кхин къаьмнаш дехачу мехкашкахула, цундела алсама девза оцу къаьмнийн меттанашкара цӀерашца. Уьш ду Ярлунг-Цангпо (тиб.ཚངས་པ (Брахмапутра), Ма-Чу (Можа эрк), Джи-Чу (Янцзы), Сенге-Цангпо (Инд), Пунг-Чу (инд.: Арун), Наг-Чу (бирм.: Салуин), Дза-Чу (Меконг).
Уггаре дика Ӏаьмнаш: Цонаг, Нам-Цо, Ямджо-Юмцо, Мапам-Юмцо (Манасаровар), Мигриггъянгджам-Цо.
Юккъера температура: 14 °C июлехь, −4 °C январехь.
Йочанийн юккъера барам: чӀогӀа къаьста, малхбузен областашкахь 1 мм январехь а, 25 мм июлехь а; малхбален областашкахь 25—30 мм январехь а, 80 мм июлехь а.
Пайден маьӀданаш: 126 тайп-тайпана минералаш, царна юкъахь бура, уран, аьчкан маьӀда, хромит, деши, литий, боксит, цӀаста, кӀора, туьха, слюда, гӀели, мехкдаьтта, кхин а.
Климат[нисъе бӀаьра | нисъе]
Тибетехь ю ламанан климат дийнахь-бусий чӀогӀа температураш а лесташ, шортта мелхан серло а йолуш. Тибетан къилбан а, къилбаседан а температурийн башхалла чӀогӀа йоккха ю.
Уггаре дика климат ю къилба-малхбален Тибетан кӀажошкахь. Иштта дика климат ю Лхаса а, Шигадзе а гӀаланашкахь. Лхасехь шеран юккъера температура ю +8 °C, Шигадзе +6,5 °C, ткъа къилбаседехьа, Тибетан акъарин тӀехь а, Тибетан къилбаседехьарчу декъехь а, шеран юккъера температураш 0°С лахара ю; и областаш ю Гуттаренна гӀура йолчу зонехь.
Тибетан дукхаха болу бахархой беха Лхасера Шигадзе кхаччалц кӀоштахь а, Тибетан акъарин малхбален йисттехь а; къилбаседа а, юккъера а, ткъа иштта Тибетан малхбуза областашкахь а адам кӀезиг ду.
Лхасехь климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юьззина максимум, °C | 6,8 | 9,2 | 12,0 | 15,7 | 19,7 | 22,5 | 21,7 | 20,7 | 19,6 | 16,4 | 11,6 | 7,7 | 14,7 |
Юккъера температура, °C | −2,2 | 1,1 | 4,6 | 8,0 | 12,0 | 15,6 | 15,4 | 14,5 | 12,8 | 8,0 | 2,2 | −1,8 | 8,9 |
Юьззина минимум, °C | −10,2 | −6,9 | −3,2 | 0,9 | 5,1 | 9,2 | 9,9 | 9,4 | 7,6 | 1,4 | −5 | −9,1 | −0,1 |
Хьост: [1] |
Тибет оьздангаллехь[нисъе бӀаьра | нисъе]
ТӀаьхьарчу хенахь юкъаевлла Тибетах лаьцна масех, уггаре евзаш ерг царех — голливудан, коьрта ролехь Питт Брэд волуш, «ВорхӀ шо Тибетехь» а, режиссёран Скорсезе Мартинан «Кундун» а. Кхин фильмаш: «Самсара», «Миларепа», «Кад», «Гималай», фильм французаш а, америкахоша а тибетан актёраш а болуш яьккхина, кино яьккхина Непалехь а, Тибетехь а.
Факташ[нисъе бӀаьра | нисъе]
- 1920-гӀа шерашкахь Тибетехь яра лергашна а, меранна а налогаш.
- 2001—2006 шерашкахь диллина лекха лаьмнийн цӀерпоштнекъан дакъа Голмуд — Лхаса. 1142 км декъах — 969 км биллина 4 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь, цӀерпоштнекъо цхьаьна меттигехь дукъ доккху 5 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Пассажирийн вагонаш чу лекха лаьмнийн дакъошкахь ницкъала кислород ло, кондиционеран системехула а, хӀора меттиган шен-шена а.
Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Комментареш
- ↑ Произношение на лхасском диалекте
- ↑ Разные источники называют различные даты:
- 1949 год (Tibet, Chinese. Occupation. of. (1949-.) (Ground Warfare: An International Encyclopedia. ABC-CLIO, 2002)
- 1950 год (Tibet // Britannica)
- 1951 год (Tibet // The Columbia Encyclopedia, 6th ed., 2012)
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 Tibet // Britannica
- ↑ Липкин М. Далай-лама XIV. Кругосвет. Теллина 2012 шеран 23 октябрехь.
- ↑ Липкин М. Далай-лама XIV. Би-би-си (2011, 27 апрель). Теллина 2020 шеран 31 мартехь.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() | |
---|---|
![]() |
Подкаст о Тибете и его традициях |
- Мартынов А. С. «Статус Тибета в XVII—XVIII веках в традиционной китайской системе политических представлений», — М.: Наука, 1978.
- Козлов П. К., Тибет и Далай-лама, Петербург: 1920, на сайте «Руниверс»
- Овчинников В. В. «Вознесение в Шамбалу»
- Кузьмин С. Л. Скрытый Тибет: история независимости и оккупации. СПб.: изд. А. Терентьева, 2010
- Цендина А. Д. Масляная скульптура // …и страна зовется Тибетом. — М.: Восточная литература, 2002. С. 263—269.
- Van Walt van Praag M.C. 1987. The Status of Tibet: History, Rights, and Prospects in International Law. Boulder, Colorado: Westview Press.
- И.Гарри. Буддизм и политика в тибетском районе КНР. Улан-Удэ, 2009.
- Powers J., Templeman D. Historical Dictionary of Tibet. — Scarecrow Press, 2012. — 794 с. — ISBN 9780810868052
- Кычанов Е. И., Мельниченко Б. Н. История Тибета с древнейших времен до наших дней. — М: Восточная литература, 2005. — 351 с. — ISBN 5-02-018365-2
- Гонпо Таши Андругцанг 4 реки, 6 горных цепей. Воспоминания о движении Сопротивления в Тибете. — Москва: фонд «Сохраним Тибет», 2014. — 108 с. — ISBN 978-5-05792-14-4
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Ков «Тибет» |
---|---|
![]() |
Тибет Викиларма чохь |
![]() |
Тибет Викикерланаш чохь |
![]() |
Проект «Тибет» |
- China, Tibet and the Chinese nation
- China Tibet Information Center
- Tibet University (Simplified Chinese)
- The East Tibet Website
- Овчинников В. В. Тибет стал частью Китая ещё в Средние века. — ИА «Интерфакс», 2007.
- Официальный сайт Тибетского правительства в изгнании
- Amnesty International Report 2004
- Olympic Watch (Committee for the 2008 Olympic Games in a Free and Democratic Country) on Tibet-related
- Beefy’s Nepal and Tibet Page — photos and information on Tibet (and Nepal)
ru_free_tibet в поддержку освобождения Тибета
- Тибетский буддизм
- The Tibet Map Institute