Татаев, Ильяс Вахьидан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Татаев, Илес Вахидович тӀера хьажжина кхуза)
Илес Татаев
ГӀуллакхан тайпа кинорежиссёр, сценарист, скульптор
Вина терахь 1938 шеран 1 май({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (85 шо)
Вина меттиг Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2022 шеран 7 январь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[1] (83 шо)
Гражданалла  ССРС Росси
СовгӀаташ
Сайт http://www.iles-tataev.com/
Арахьара суьрташ
Илес Татаев

Иле́с Вахи́дович Тата́ев (1938 шеран 1 май, Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн кинорежиссёр а, сценарист а, нохчийн кинематографин бухбиллинарг, скульптор, СССР кинематографистийн бертан декъашхо, Российн художникийн декъашхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо (1982 шо), Российн Федерацин Сийлахь художник (2008 шо).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Илес Татаев винера 1938 шеран 1 майхь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Йоккхачу АтагӀахь. 1944 шарахь шен доьзаллаца цӀера веккхира иза. 1958 шарахь школа чекхйаьккхинчул тӀехь иза Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара.

1964 шарахь университет чекхйаьккхичул тӀехь иза режиссёран болх бан волавелира Соьлжа-ГӀалин телевиденехь. 1968 шарахь цо чекхйаьккхира Москвахь йолу сценаристийн а, режиссёрийн а лакхара курсаш. Цо йаьккхина 30 сов эшеран а, фольклоран а, исбаьхьаллин а, документальни а фильм. 1982 шеран 30 октябрехь цунна йелира «РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо» цӀе.

1995 шарахь цо дакъа лецира Нохч-ГӀалгӀайн киностуди кхуллуш а, цул тӀехьа оцу студин директор а, режиссёр а хилира. 1996 шарахь цӀахь чоьлхе хьал хилар бахьнехь иза Москва дӀавахара.

Кинохь беш болу белхаца цхьана иза ву дечигах скульптураш яш. Цуьнан гайта хӀоттамаш хилира дукха Российн гӀаланашкахь. Цьунан скульптураш йу дукха пачхьалкхийн а, долахь йолу а гулдарашкахь АЦШ а, Европехь а, Гергара Малхбалехь а. 2005 шарахь цуьнан гайта хӀоттам хилира Пачхьалкхан Третьяковски галереехь. 2008 шарахь Татаеван йелира «Российн Федерацин Халкъан художник» цӀе.

Соьлжа-Г1алахь а, Москвахь а болх беш йу Татаеван галерейш.

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исбаьхьалла фильмаш
  • «Горская новелла» (1979 шо);
  • «Когда отзовется эхо» (1988 шо);
Эшеран фильмаш
  • «Даймохк» (Земля отцов);
  • «Илли»;
  • «Эхо в горах»;
  • «Вайнах»;
  • «Голос гор».
Документальни фильмаш
  • «Танец — жизнь моя»;
  • «Память древних бойниц»;
  • «Долгожители»;
  • «В стране башен».

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]