Чулацаман тӀегӀо

Тарша

39°57′26″ къ. ш. 26°14′18″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тарша
Тарша, ТIарша (Таршара)
39°57′26″ къ. ш. 26°14′18″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Шира Желтойчоь
Йиллина вайн эрал 3000 шо хьалха
Йохийна 500
ХӀинцалера локаци Туркойчоь, Тевфикие юрт (Дарданеллан хидоькъен чуваларан гена доццуш)
Тарша, ТIарша (Таршара) картан тӀехь
Тарша, ТIарша (Таршара)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Тарша (желт. Τροία, Τροίη), кхин а олу Илио́н (желт. Ἴλιον) URUWi-lu-ša ), Дардани а, Скамандр а — шира чӀагӀйина меттиг Жимачу Азехь Троада ахгӀайрен тӀехь Эгейн хӀордан йисттехь, Дарданеллан хидоькъен чуваларан дуьхьала хӀинцалерачу Туркойчоьнан провинцехь Чанаккалехь. Тарша хестийна, автор Гомер лоручу, «Илиада» поэмехь. Гомера язбина хиламаш, историкийн хӀинцалерачу гарца критан-микенан муьрера бу. Ширажелтойн хьасташкахь Таршехь даьхна къомах тевкраш олу.

Троадан карта

Таршан хьалхара чкъоьрнаш ду оригиналан малхбузаанатолийн цивилизацера. ТӀехь-тӀехьа Таршан алсама Ӏаткъам бора центран Анатолис (хатташ, тӀаьхьуо — хетташ).

«Тарша» цӀе ю хеттийн Богазкоьйн архивера клинописан экъанаш тӀехь Таруиш аьлла. Рамзес III-гӀачун заманара Мисран чурт тӀехь хьахийна цуо «турша» цӀе йолчу хӀордан къоман тӀехь баьккхина толам. И цӀе дукха хьолахь юсту мелла а хьалха Мернептахан чурт тӀехь хьахийначу «тереш» къомаца. Цхьа барт, хиллий теша и баьхкинарш таршой, дуьненан Ӏилманехь хилла бац. Иштта орам болуш цӀераш хаало микенийн тептаршкахь[1], масала тобан баьчча to-ro-o[2].

Хьалха ойланаш яра, «Тарша» а, «Илион» а терминаш цхьаьна ширачу пачхьалкхан гӀаланаш хила тарло бохуш, я оцу терминех цхьамма коьрта шахьар, ткъа кхечуо — ша пачхьалкх билгалйоккхуш, ткъа «иэделла» цхьаьна термине «Илиадехь» (Гиндина а, Цымбурскис а дийцарехь, Тарша — пачхьалкхан цӀе ю, ткъа Илион — галин[3]). Иштта ойла бух боцуш а йац, хӀунда аьлчи «Илиаде» билгалйоху фрагменташ нийсса цхьаьнадогӀучу сюжеташца, аьлчи а, тарло, цхьа сюжет вовшешка дуьйцуш схьадеана; кхин а, «Илиада» язйина шортта бӀешераш девлча Таршан тӀемал тӀаьхьа, оцу хенахь дуккха а хӀуманаш дицло хан ю.

Таршан ахкарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Таршара пхьегӀаш а, статуэтка а
вайн эрал 1000 — 500 шо хьалха
Керла музей, Берлин

Шлиман Генрихан хенарчу историкашна йукъахь яьржинера гипотеза, Тарша лаьттина Бунарбаши юртан уллохь. Гиссарлык шу гомеран Таршах тера хилар кховдийра 1822 шо Макларен Чарлза. Цуьнан ойлан агӀонча вара Френк Калверт, Шлиманал 7 шо хьалха Гиссарлыкехь ахкарш дан волавелла волу. Калвертан долахь долу Гиссарлык шу тӀиера дакъа гена хилира гомеран Таршан. Калверт вевзуш волу Шлиман Генриха, Ӏалашо хӀоттийна, XIX бӀешо чекхдолуш талла волавелира Гиссарлыкан шун шолгӀа дакъа. Шлиманан карийнарш Ӏалашъеш ю Пушкинан музейхь (Москох), ткъа иштта Пачхьалкхан Эрмитажехь а. ХӀинцалера хан кхачале археологашна карийна Гиссарлыкан ахкаршан декъа тӀехь тайп-тайпанчу муьрашкара исс гӀопан лараш.

Гиссарлыкехь дуьххьара кхарийна нах баьхна меттиг (олур вай Тарша I) яра диаметр 100 м кӀезиг йолуш гӀап, гуш ду, лаьттина бехачу муьрехь. «Илиадехь» хьахийна мур, ворхӀалгӀачу чкъоьрехь бу. Оцу муьрехь Тарша йоккха меттиг хилла (майда 200 эз.м² сов), гуонаха онда пенаш долуш, исс метр лекха бӀаьвнаш а йолуш. 1988 шарахь динчу даккхий ахкарш гайтина, гомеран муьрехь гӀалин бахархой ялх-итт эзар стаг хилар — оцу заманан доккха терахь ду иза. Корфманан экспедицин хаамашца, лахарчу гӀалин майда хилла 170 эз.м² гергга, бӀаьвнаш — 23 эз.м²[4].


Ширчу Таршан коьрта исс чкъор

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Гиссарлыкан шун ахкарийн хьаст тӀехь меттахӀоттийна троянан баьвна макет-реконструкци
Гиссарлык шун ахкарийн археологин план
Гиссарлык шу хадор
  • Кумтепе я Тарша 0 — Таршан гуонаха неолитан нах ховшар.
  • Тарша I (вайн эрал 3000—2600 шераш хьалхара): Дуьххьарлера Тарше нах ховшар, диаметр 100 м, йина хилла буьйда кибирчигех чӀогӀа декъазчу кепара. Йисанчу лараш гайтарехь, иза хӀаллак хилла цӀеялар бахьнехь. Керамика тера ю Болгарера Езеран оьздангаллин керамикех[5].
  • Тарша II (вайн эрал 2600—2300 шераш хьалхара): ШолгӀа нах ховшар го кхиина а, бехаш а. 1873 шарахь немцойн археологан Шлиманан карийна оцу чкъоьрехь гӀараяьлла таршан хазна, иза лаьттара дуккха а герзах, йоьза кӀадбоцучу хӀуманех, мехала кечдаларан хӀуман декъех, дешийн пхьегӀех, ширачу муьрера кешнийн экъанех. Вайн эрал III бӀешо хьалха и кхиина йолу лакхара оьздангалла иштта цӀаро хӀаллакйира.
  • Тарша III—IV—V (вайн эрал 2300—1900 шераш хьалха): Оцу чкъоьрнаш тешалла до оцу муьрехь ширачу гӀалан исторехь хьал дика ца хиларан.
  • Тарша VI (вайн эрал 1900—1300 шераш хьалха): ГӀала шоръелла диаметрехь 200 метре. Нах хевшина меттиг хӀаллакйина мохкбегор бахьнехь вайн эрал 1300 шо хьалха.
  • Тарша VII-A (вайн эрал 1300—1200 шераш хьалха): Оцу муьрехь хилла гӀарабаьлла Ташан тӀом. ТӀаьхьуо афинхоша талораш дина, йохийра меттиг.
  • Тарша VII-B (вайн эрал 1200—900 шераш хьалха): Ах йохийна Тарша дӀалецира фригийша.
  • Тарша VIII (вайн эрал 900—350 шераш хьалха): Оцу хенахь гӀалахь бехашбара алеанан желтой. Ксеркс паччахь хилла оцу хенахь Таршехь, 1000 корта даьхний дайина кхузахь сагӀийна.
  • Тарша IX (вайн эрал 350 шо хьалха — вайн эран 400 шо): Эллинийн муьрера дикка йоккха центр.


Мотт а, йоза а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гекторан а, Приаман а меттах долу хаттаран жоп дезара дукха хенара дуьйна Ӏилманчашна. Цхьаболчу ширажелтойн историкашна хетара, церан мотт фригийчух тера хилабезаш санна. Цул тӀехьа ойла хилира, гомеран таршан бахархой этрускийн (бух - дийцар, Эней а, цуьнан новкъахой а Таршера бевлла бу боху) дай хиларах предками.

1980-гӀа шерашкахь юккъе дахача Н. Н. Казанскис зорба тоьхна Таршера критан йозанах тера долчу ца кхеташ хьаьркаш йолчу кхийра кхабийн масех гераган: оцу хьаьркех цуо таршан йоза элира. Амма, кхечу говзанчан хетарехь, уьш йоза цахила мега, йозанах тардан гӀиртина хила тарло.

1995 ш. Тарша VII чкъоьрашкахь карийра мухар лувийн иероглифашца[6]. ТӀаьххьара хаамаш цхьаьнатоьхчи, Приаман а, кхин таршан турпалийн а цӀерийн бу Лувийра баьлла, дуьненан Ӏилманехь чӀагӀлуш ю ойла, шира таршойша лувийн меттадекъехь къамелдеш хиларх. 2004 шарахь Оксфордан университетехь арахецначу монографехь Латач Иоахим жамӀ дира, лувийн мотт хилла официалан мотт гомеран Таршан. Хаттар хӀораденна буьйцучу таршин маттах жоп доцуш дисина.

Тарша лаьттина боккхачу эллинийн Ӏаткъам бухахь, дукхах болу гӀарабевлла таршойн шайн цӀе йоцуш, кхин а желтойн цӀераш (Масала, Париса кхин а Александр цӀе лелийна) хилла. Ткъа таршойн желтойн цӀераш хилар Гомера кхоьллина цахилар, чӀагӀдо Таруисан (Вилусан) паччахьийн цӀераш хьехош долу хеттийн йозанаш.

Къаьмнаш T-K-R а, T-R-S, хуьлийта тера тевкрашха (таршойн синоним) а, таршойха а (я тирсенашха?), хьахийна ду Рамзес II-гӀачун муьрера йозанашкахь «ХӀордан къаьмнашна» йукъахь.

Тахана дукхах болу малхбалеӀаморхойн цхьаьна ойлан тӀехь севцца, Таршан пачхьалкх дуккха къаьмнех лаьтташ хилла. Цунах долчух тера ду Таршан тӀом бахьнехь кхелхаш лелла «хӀордан къаьмнаш» къорза хилар.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Гиндин Л. А., Цымбурский В. Л. Гомер и история Восточного Средиземноморья. М., 1996. С.208
  2. Предметно-понятийный словарь греческого языка. Микенский период. Л., 1986. С.134
  3. Гиндин Л. А., Цымбурский В. Л. Гомер и история Восточного Средиземноморья. М., 1996. С.100-103
  4. Latacz J. Troy and Homer. Oxford UP. 2004. P.26
  5. Рындина Н. В., Дегтярёва А. Д. Энеолит и бронзовый век. М. 2002. С. 46.
  6. Latacz J. Troy and Homer. Oxford UP. 2004. P.69


Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Ивик О. Троя. Пять тысяч лет реальности и мифа. М., 2017.
  • Гиндин Л. А. Население Гомеровской Трои, 1993.
  • Гиндин Л. А., Цымбурский В. Л. Гомер и история Восточного Средиземноморья. М., 1996.
  • Блеген К. Троя и троянцы. М., 2002.
  • Шлиман Г. Илион. Город и страна троянцев. М., 2009, т. I-II.
  • Шлиман Г. Троя. М., 2010.
  • Сокровища Трои. Из раскопок Генриха Шлимана. М., 2007.
  • История древнего Востока, ч. 2. М., 1988.
  • Вирхов Р. Развалины Трои // Исторический вестник, 1880. — Т. 1. — № 2. — С. 415—430. Архивйина 2016-03-09 — Wayback Machine
  • Стоун Ирвинг, Греческое сокровище. Биографический роман о Генрихе и Софье Шлиман, 1975