Сахалин
Арахьара хатӀ
| Сахалин | |
|---|---|
| Амалш | |
| Майда | 76 600 км² |
| Уггар лаькха меттиг | 1609 м |
| Бахархой | 493 000 стаг (2010) |
| Луьсталла | 6,44 стаг/км² |
| Лаьтта меттиг | |
| 50°51′ къ. ш. 143°08′ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкх | |
| Регион | Сахалинан область |

Сахали́н — Азин малхбален хӀордан йистера гӀайре. Иза Сахалинан областан йукъайогӀу. Россин йоккха гӀайре. гӀайренна го баьккхина Охотан а, Японийн а хӀордаш бу. Азин материкан а, Сахалинан а йукъехь ГӀезалойн хидоькъе йу (уггар гата меттиг йу — Невельскан хидоькъе — цу меттиган шоралла йу 7,3 км Ӏай ша бо); от Япони Хоккайдо цӀе йолу гӀайренна а, Сахалинан а йукъехь — Лаперузан хидоькъе йу.