СаргӀал
Са́ргӀал (фр. mirage — ма-дарра гар) — атмосферера оптикин хилам: хӀаваан чкъоьрнашна йукъахь луьсталлица а, температурица а дозанехь цӀеххьана къаьста серло дӀайерзар. Тергончан иштта хилам го, ма-йарра гуш йолу генара объектаца, го цуьнан атмосферера цуьнан сурт а.
Классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]СаргӀалаш йекъало лахарчун, объектан бухахь гучун, лакхарчун, объектан тӀехула гучун, агӀорчун.
Лахара саргӀал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Го нийса йохъелла меттигехь, йоккха вертикалан температуран градиентехь (лакхара иза охьаюжуш), дукха хьолехь гӀум-аренехь йа силам биллина некъа тӀехь. Стиглан суьрто цуьнца цхьана кхуллуш хета тӀехулара хи ду моттадалар. Иштта, аьхкенан довхачу дийнахь, гена боьдучу новкъа го Ӏаьмнаш.
Лакхара саргӀал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Го шийлачу лаьттан тӀехула инверсица температура екъча (хӀаваан температура тӀекхета локхалла тӀе мел кхийти).
Лакхара саргӀалаш лахарчарел кӀезиг хуьлу, амма дукха хьолехь хуьлу алсама чӀагӀделла, хӀунда аьлча шийла хӀаваъ хьала ца доьду, ткъа довханиг охьа ца догӀу.
Лакхара саргӀалаш йу уггаре дукха йаьржина полюсан регионашкахь, алсама даккхий нийса шашна тӀехь чӀагӀъелла лахара температураш йолучохь. Иштта хьолаш хила тарло Гренландехь а, Исландин кӀошташкахь а. Тарло, цӀе хиллингар (исландех hillingar) тиллина и эффект бахьнехь, Исланде дуьххьара хевшинчарна Гренланди хилар хиира[1].
Лакхара саргӀалаш кхин а тидам бан ло барамера шораллашкахь а, тӀаккха а иштта меттигехь, уьш гӀийла, гӀуон гуш а хуьлу. Лакхара саргӀал хила тарло нийса йа хьовзийна, иза доьзна бакъ объектан геналлех а, температурин градиентах. Дукха хьолехь сурт го нийса а, хьовзийна а фрагментийн мозаика санна.
Лакхара саргӀалан Дуьненан гомалла бахьнехь инзаре эффект хила тарло. Нагахь зӀаьнарийн саттар цхьабосса хуьлий Дуьненан гомаллица, серлонан зӀаьнарш лелало гена, иза бахьнехь тергончина анасизал дехьа йолу геннара объекташ го. Цуьнан терго йина тептар тӀе дӀайаздина дуьххьара 1596 шарахь, оцу хенахь Баренц Виллеман куьйгаллера кема Къилбаседанан хӀордан некъ лохуш Керла Латта гӀайренаш долчохь шашна йукъахь дисинчу хенахь. Экипажан Ӏан дийзира полюсан буьйсе дӀайаллалц. Цу тӀе полюсан буьйса дӀайаьллачул тӀаьхьа Малх кхетар гуора ларбечулла а ши кӀира хьалха. 20-гӀа бӀешарахь бен оцу хиламах ца кхийтира[2], цунна цӀе тиллира «Керлачу Латтан эффект».
Ишттачу кепара, чӀогӀа генахь, анасизан тӀехула ган йиш йоцу кеманаш, анасизахь а, анасизал лакхахь а гучудовла тарло, лакхара саргӀалаш санна. Цуо кхето тарло хӀордан кеманаш тӀема довларх цхьацца истореш йа бердан йисттера гӀаланаш стиглахь гар, уьш йаздина цхьаболчу полюсхоша[3].
АгӀонан саргӀал
[бӀаьра нисйан | нисйан]АгӀонан саргӀалаш хила таро йу бохбелла нисса хьала болчу пенах долу сурт санна. Йаздина меттиг йу, нисса бетонан гӀопан пен цӀеххьана кӀегина, куьзга санна, шен гуонахьара хӀуманаш а гуш. Довхачу дийнахь саргӀал гуттаренна а гора, пен мелхан зӀаьнарша бохбича[4].
Фата-моргана
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀеххьана хӀуманийн кеп хийцина саргӀалан чолхе хиламаш Фата-моргана цӀе лелайо. Фа́та-морга́на (итал. fata Morgana — Морганан Маьлха-Аьзни, дийцаршкахь, хӀордан бух тӀехь еха, новкъахой Ӏехабо бӀарлагӀаш гойтуш) — наггахь хаало атмосферера чолхе оптикин хилам, лаьтта масех кепара саргӀалех, иза болуш генара объекташ го шортта а, тайп-тайпана кепара эрчадаккхарца а.
Фата-моргана хуьлу, нагахь атмосферин лахарчу чкъоьрашкахь масех хийцало, тайп-тайпана луьсталлин, хӀаваан куьзганан серло йухатохар таро йолу чкъоьраш кхолладелча (дукха хьолехь температуин башхалла бахьнехь). Юхатохар а, ткъа кхин а зӀаьнарш сеттар а бахьнехь, реалан йолуш йолу объекташ анасизехь йа цунна тӀехула ло масех эрчадаьккхина сурт, дакъошца тӀекӀела а довлуш, хенаца сихха хийца а луш, цуо кхуллу фата-морганан инзаре сурт.
СаргӀалашна тӀехь терго йан таро йу дуьненан атмосферин муьлххачу локхаллера, царна йукъахь лаьмнаш йа хӀаваан кеманаш а ду[5][6].
Брокенан бӀарлагӀа
[бӀаьра нисйан | нисйан]Генара гаран фантом
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ишттачу фантомийн къегина масала ду «тӀомалела голландхо». ХӀордан мифашца, бӀарлагӀа кеман капитанан кхел йина гуттаренна а кхарста хӀордан аренашкахула, цхьанхьа ца соцуш. ХӀордхоша мистикин кема дуьхьалакхетарца цкъан а дикачуьнга са ца туьйсура — цуьнца даиман бала а, кеманаш а дохар а нислора.
Йерриг аьлча санна цунах йолу истореш цхьатерра йу — бӀарлагӀан кема догӀура нисса кхарна тӀе, жоп ца лора хаамашна а, мохбеттарна а, тӀаккха цӀеххьана довра дохк йукъахь. Ма-дарра аьлча, кеманан командин гуора шайна хьалха йоккхачу йукъаметтиган генара кеманийн проекци.
Генара гаран саргӀал хӀутту латтан тӀехулоно хӀаваан массаш йохйича, цул тӀаьхьа уьш хьала а йоьдий шелло. Нагахь лакхахь шийлачу хӀаваийн массийн чкъоьран тӀехула, цхьаьна бахьанца алсама бовха (масала, иза чубеина къилбехара мехаш), кхин тӀе чӀогӀа нилха чкъор, ткъа температурин башхалла дикка йоккха хилахь, хир йу рефракци. Лаьттан тӀехь йолу хӀуманашна тӀера схьакхета серлонан зӀаьнарша, Ӏад а дина гӀур йу йуханехьа лаха, амма хӀинца шен хьосте. Уьш нисло иттаннаш, ткъа наггахь бӀенаш километраш генахь.
СаргӀал буса
[бӀаьра нисйан | нисйан]СаргӀал кхолладаларан хьолаш нисдала таро йу буса а. Дукха хьолехь иза ца го. Амма цхьацца хьолашца лелачу транспортан гӀирсаша, хӀаваан кеманаша, хӀурдан кеманаша, гӀишлоша буьйсана терго йан мега серлонаш, дийнан саргӀалца болу меттигца гур йац[7]. Изза хила тарло астрономин объекташца а.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Мираж // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- АТМОСФЕРНЫЕ ЯВЛЕНИЯ — КЛАССИФИКАЦИЯ И ОПИСАНИЕ Архивйина 2020-06-01 — Wayback Machine // meteocenter.net.
- Статья про миражи в журнале «Вокруг Света»
СаргӀал кхолладаларан хьолаш нисдала таро йу буса а. Дукха хьолехь иза ца го. Амма цхьацца хьолашца лелачу транспортан гӀирсаша, хӀаваан кеманаша, хӀурдан кеманаша, гӀишлоша буьйсана терго йан мега серлонаш, дийнан саргӀалца болу меттигца гур йац[7]. Изза хила тарло астрономин объекташца а.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Oswalt W. H. Eskimos and Explorers. — 1999. — P. 8. — ISBN 0-8032-8613-9.
- ↑ Хотимский Д. А. К вопросу об эффекте Новой Земли и чести Геррита де Вейра // Вспомогательные и специальные науки истории в XX — начале XXI в.: призвание, творчество, общественное служение историка: Материалы XXVI Междунар. науч. конф. Москва, 14-15 апреля 2014 г. — М.: РГГУ, 2014. — С. 395—398. ISBN 978-5-7281-1595-3
- ↑ Использован сокращенный перевод раздела о верхних миражах из английской части Википедии
- ↑ Перельман Я. И. «Занимательная физика». Книга 1. Глава 8. Отражение и преломление света
- ↑ Durst and Bull. Met. Mag. 85. — 1956. — С. 237—242.
- ↑ Andrew, Young. Annotated bibliography of mirages, green flashes, atmospheric refraction, etc(ингалс.).
- ↑ 1 2 David K. Lynch & William Livingston. Color and Light in Nature. — 2nd. — Cambridge, UK: Cambridge University Press, 2001. — С. 58. — ISBN 978-0-521-77504-5.