Робер Герен

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Робер Герен
фр. Robert Guérin
Robert Guérin 1906 year.jpg
ФИФАн хьалхара президент
ГӀуллакхан тайпа Журналист, политик
Вина терахь 1876 шеран 28 июнь({{padleft:1876|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1952 шеран 19 март({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (75 шо)
Кхелхина меттиг Швейцари
Гражданалла Франци,Швейцари
Пачхьалкх Франци

Робе́р Гере́н (фр. Robert Guérin, 1876 шеран 28 июнь(18760628)1952 шеран 19 март) — французийн журналист а, спортан функционер а, ФИФАн хьалхара президент, и дарж цуьнгахь лаьттина 1904 шеран 23 майра 1906 шеран 4 июнь кхаччалц. 1904 - 1906 шерашкахь Францин къоман гулйина командин менеджер хилла.

Цуьнан коьрта белхан гӀуллакх журналистийн болх бара, болх бира французийн «Ле Матэн» арахецараллехь, кхин а хилла Атлетикин тайпана спортан французийн юкъараллин бертан футболан декъан секретарь (фр. Union des sociétés françaises de sports athlétiquescefr). Цигахь волуш иза волавелира цхьааллин футболан кхоллам бар кхайкхо, газеташ тӀе йаззамаш бетташ.

1904 шеран 1 майхь Бельгис а, Францис а бира дуьххьарлера дуьненаюкъара къовсам, Герена оцу меттигах пайда ийцира, иза кхийтира футболан кхолламан векалех, цаьрга вистхилархьама. 1904 шеран 21 майхь кхолларан гуламехь йиллира ФИФА, ткъа оцу структурин хьалхарчу хийшаршкахь, 23 майхь, Герен хаьржира 28 шо долуш президент. Европин берташ ойланна гӀолецира, ФИФАх кхета буьйлабелира, кхин а шо даьлча иза юхахаьржира президентан дарже.

Амма ФИФАн аьтту цабалара дуьненаюкъара турнир ян, французийн футболан бар бохийра, Герен генавелира ФИФАн гӀуллакхех, белхан доккхаха долу дакъа тӀекхуссара вице-президентан Шнайдер Викторан а, къоман ассоциацийн декъан а. Иза вацара 1906 шеран Швейцарин коьрта шахьрара Бернера ФИФАн кхоалгӀачу конгрессехь, цуьнан метте хӀоттийра Вулфолл Дэниел.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]