РабиӀул-аввал
РабиӀул-аввал | |
---|---|
Цул хьалхарниг | сафар |
Цуьнан рогӀераниг | рабиӀул-ахир |
Йохалла | 30 де-буьйса |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 3 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: кхаара |
РабӣӀул-аввал (Ӏаьр. رَبِيعُ الأَوَّلِ — «хьалхара бӀаьсте») — иза исламан рузманан йа беттан шеран кхоалгӀа бутт бу. БӀаьстенан заманца иза нисбелла хилла дела тиллина цунна и цӀе[1][2]. ЖехӀилийн заманахь цунах «хавван» йа «хувван» (Ӏаьр. خَُوَّانٌ) олуш хилла. 12-чу рабиӀул-аввалехь бусалбанийн цхьайолчу тобанаша даздо Мухьаммад пайхамар ﷺ дуьнен чу ваьлла де.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]«РабиӀ» боху дош Ӏаьрбийн маттахь «бӀаьсте» бохург ду, ткъа «ал-аввал» боху дош «хьалхара» бохург ду, цундела цу беттан цӀе гочйина «хьалхара бӀаьсте» бохург хуьлу. Схьахетарехь, и цӀе йоьзна йу оцу баттахь хуьлучу дезденойн хиламашца. Исламан рузма беттан циклашна тӀехь лаьтташ йолу дела, рабиӀул-аввал бӀаьста йа шеран муьлххачу а хенахь нисбала тарлуш бу.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сухайл Тармахомед. Месяц Раби-уль-Авваль . Askimam.ru (2009 шеран 22 февраль). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 декабрь. Архивйина 2014-09-13 — Wayback Machine
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Месяц Раби уль-Авваль – Спасение человечества . Ислам в Дагестане (2023 шеран 16 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 5 август.
- ↑ سپاه پاسداران انقلاب اسلامی. نمایندگی ولی فقیه. پژوهشکده تحقیقات اسلامی. .