Ӏали ибн Абу ТӀалиб

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Ӏели бин Абу ТӀелип дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Ӏали ибн Абу ТӀалиб
علي بن أبي طالب
Rashidun Caliph Ali ibn Abi Talib - علي بن أبي طالب.svg
Абу аль-Хьасан, Абу Тураб, Хьайдар ва ХьайдарахӀ, АсадуллахӀ, Аль-Муртаза, Баб Мадинатуль Ӏальм, Саййидина Ӏали, Имам Ӏали
Вина меттиг

Макка, Хьиджаз

Кхелхина де

661 шеран 28 февраль({{padleft:661|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})

Кхелхина меттиг

Куфат, Ӏиракъ

ДӀавоьллина меттиг

Имам Ӏелин маьждиг

Къам

Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим

Да

Абу ТӀалиб

Нана

ПетӀимат бинт Асад

Зуда

ФатӀимат аль-ЗахӀраъ, Хавлат бинт ДжаӀфар[d], Уммуль Банин[d], Умамат бинт Абу Ӏас[d] и Асмаъ бинт Ӏумайс[d]

Динлелор

ислам

Ӏали бин Абу ТӀалиб бин Ӏабдул-МутӀалиб бин ХӀашим (Ӏаьр. علي بن أبي طالب بن عبد المطّلب بن هاشم‎‎) — гӀараваьлла политикин а, юкъараллин а гӀуллакххо ву; Мухьаммад пайхамаранMohamed peace be upon him.svg шича а, нуц а, сахьаб а ву; воьалгӀа бакъ волу халифат а, хьалхара имам, шиитан хьехарехь. Шен урхаллин хенахь, Ӏелас сийлахь цӀе эцна «Амируль-Муъминина» (Бакъ динерхойн тхьамда).

Amzil Basmalah.png

Ӏела дуьххьара бера хилла, божаршна юкъахь, ислам-дин тӀеэцнарг. Мухьаммад пайхамараMohamed peace be upon him.svg аьлла: «Нагахь санна со — Ӏилман гӀала елахь, а Ӏела — оцу гӀалин догӀа ду».

Бусалба-шииташ Ӏела лору, Хьалхара Имам а, сийлахь веза а.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалхара шераш[нисъе | нисъе чухулара]

Убиство на али ибн аби талиб - Слика од: Јусеф Абдинеџад (Yousef Abdinejad)

Цуьнан йоккха-юьззина цӀе ю : Абуль-Хьасан Ӏали ибн Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МутӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф аль-Къурайши. Иза вина раджаб беттан 13-чу дийнахь, гергга 600 шерахь, Маккахь, Бану ХӀашим тукхаман куьйгалхочун Абу ТӀелипан а, ПетӀимат бинт Асадан доьзалехь. Ӏелин да — Абу ТӀелип цхьана нанас вина ваша вара ӀабдуллахӀин, Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg ден.

Ӏелас исс-шо кхаьчча, ислам тӀеийцира. Дуьххьара ислам тӀеэцначу берах цхьаъ ву Ӏела.

Кхин хьажа[нисъе | нисъе чухулара]