Чулацаман тӀегӀо

Осканов, Суламбек Сусаркулович

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Осканов, Суламбек Сусаркулович
Вина терахь 1943 шеран 8 январь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1992 шеран 7 февраль({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (49 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа Военно-воздушные силы Российской Федерации, Военно-воздушные силы СССР
Дарж инарла-майор, генерал-майор авиации
СовгӀаташ

Суламбе́к Сусарку́лович Оска́нов (1943 шеран 8 январь, Пхьилинкъоьнгийн-Йурт, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика — 1992 шеран 7 февраль, Добрин кӀошт, Липецкан область) — советски а, Российн а эскаран кеманхо, авиацин генерал-майор, сигма, Российн Федерацин Турпал. ТӀеман Ӏилманийн кандидат.

Винера 1943 шеран 8 январехь Нохч-ГӀалгӀай АССРн Несаран кӀоштахь йолу Плиево юртахь (хӀинца ГӀалгӀайн Республика) юртбахамхон доьзаллехь.

Школа чекхйаккхча Соьлжа-ГӀалин корматаллин училищехь деша волавелира иза. Оцу дешарца цхьана цо аэроклубехь доьшара.

1966 шарахь цо Качински лакхара эскаран кеманхойн доьшийла тӀехдика чекхъ а йаьккхира. 1969 шарахь иза хӀоттийра дешаран эскадрилин командиран когаметтаниг.

1974 шарахь цо чекхйаьккхира Эскаран политически академи. ТӀаккха Осканов хӀоттийра Германехь долу Советски эскаран истребителийн полкан командиран когаметтаниг. ТӀаккха полковник Осканов хӀоттийра СССР Эскаран хӀаваан ницкъан тӀемаваларан керамзаллиан гӀуллакхан коьрта кеманхо-инспектор. Иза вара МиГ-29 цӀе йолу кема хьалххе керадерзинчах цхьаъ.

1984-1986 шерашкахь иза вара Венгрехь йолу Къилбера эскаран тобан истребителийн цхьанатохаран командиран когаметтаниг.

1987 шарахь полковник Осканов хӀоттийра Липецкехь йолу Эскаран дешаран центран хьаькиман когаметтаниг. 1989 шарахь цунна авиацин генерал-майор цӀе йелира. Цу шарахь иза хӀоттийра Липецкехь йолу тӀеман дешаран центран хьаьким.

1990 шарахь цо чекхйаьккхира тӀеман Ӏилманийн кандидатан диссертаци. Цу шарахь цунна йелира «СССР Эскаран ницкъан Сийлахь специалист» цӀе. 1991 шарахь цо чекхйаьккхира Генеральни штабан эскаран академи.

1992 шеран 7 февралехь Осканов МиГ-29 кеман тӀехь тӀемавелира. Кеманан авиагоризонт телхира. И бахьнехь цунна ша стенга воьда ца хаьара. Мархаш йукъара араваьлча Осканован шен хьалха нах беха меттиг гира. Иза йара Липецки областан Добрински кӀоштан Хворостянка юрт. Нахан зе ца хилийта гӀерташ иза кеманца нацкъар чувуьжийра.

Осканов шен юртехь дӀавоьллира.

1992 шеран 11 апрелехь Осканван йелира Российн Федерацин Турпалан цӀе.

Цул хьалха цунна йелира ЦӀен Седан орден а, «СССР Эскаран ницкъашкахь Даймахкан гӀуллакх даран» орден а, мидалш а.

Дагахьлаттавар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Суламбек Осканован цӀе йолу кема МиГ-29.
Суламбек Осканован лерина арахаьцна почтан марка
  • 2008 шарахь Осканован цӀе тиллина Липецкехь болу ураман.
  • Цуьнан цӀе тиллина Малгобекехь болу ураман.
  • Сипсо-ГӀалахь Осканован цӀе тиллина гӀалан йуккъера майданан а, ураман а. Иштта гӀалан йуккъера майданехь хӀоттийна Осканован хӀоллам.
  • Осканов веллачу меттаехь хӀоттийна цунна лерина хӀоллам.
  • Плиево юртан №13 йолу школехь схьайиллина Осканова музей.
  • Осканован цӀе тиллина Несарахь йолу школан.
  • ГӀалгӀайчохь Осканован лерина хуьлу боксан турнираш.
  • ГӀалгӀайчохь болхбеш йу Осканован цӀе йолу юртбахаман министерствон йукъайогӀуш йолу пачхьалкхан предприяти.
  • 2012 шо дуьйна Липецкан авиацентрехь долу МиГ-29 Суламбек Осканован цӀе лелош ду.
  • 2017 шарахь Россиехь арахийцира Осканован сурт тӀехь долу почтан марка[1]
  • 2018 шарахь Осканован цӀе тиллина ЮТэйр компанин кема Boeing 767[2]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Висан-Гирей Танкиев «Миг генерала Осканова» 2012 г.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. www.rusmarka.ru. № 2195. Герои Российской Федерации. Продолжение серии. Осканов Суламбек Сусаркулович (1943–1992). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 3 сентябрь.
  2. "Самолет «ЮТэйр» получил имя первого Героя России Суламбека Осканова". ТӀекхачаран де: 2018 ш. 14 августехь.