Окуев, Шима Хамидович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Окуев Шима Хамидович
ГӀуллакхан тайпа Поэт
Вина терахь 1937 шеран 6 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 1986 шеран 16 декабрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (49 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Корматалла йаздархо, поэт
Гражданалла ССРС ССРС
Да Хьамид (велла 1952 шарахь Алма-Атахь)

Шима Окуев (1937 шеран 6 ноябрь, Соьлжа-ГӀала1986 шеран 16 декабрь, Соьлжа-ГӀала) — нохчийн йаздархо, Нохч-ГӀалгӀай АССРн а, ССРСн а йаздархойн тобаний декъашхо.

Вахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шима вина 1937 шеран 6 ноябрехь.

Цуьнан да Хьамид Нохч-ГӀалгӀайн обкоман белхало вара. Цо чӀогӀа дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостагӀ» ву аьлла чувоьллира. Хьамид 1952 шарахь Алма-Атахь шен доьзулах дӀакхеттачултӀехь кхелхира.

Нохчий цӀера бохучу хенахь Шима ворхӀ шо долуш вара. 1954 шарахь ворхӀ класс чекхйаьккхинчул таьхьа иза шахте вахара. Цигахь цо цӀа верзалца болх бира. 1957 шарахь иза цӀавирзира. Цу хенахь иза йазйа волавелира. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан педагогин институтан филологин факультет чекхйаьккхира цо. Арми дӀавиггалца цо «Ленинхо» аьлла кӀоштан газетахь болх бира.

Армера цӀа веанчул техь цо чекхйаьккхира Лакхара партийн школехь йолу советски белхалой кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.

1973 шарахь чӀогӀа цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. ТӀаккха иза литературин болх тӀевирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц дӀакхихьира цо.

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Сан Шуьйта» — 1962 шо;
  • «Честь, опозоренная местью» — 1964 шо;
  • байтан сборник «Сан безам» («Моя любовь») — 1968;
  • «Чорин дийцарш» — 1969 шо (оьрсийн маттан йаьккхина арахаьцна 1971 шарахь);
  • байтан сборник «Лаьмнийн аз» — 1972 шо;
  • роман-дилоги «Лай тӀехь цӀен зезагаш» — 1978 шо;
  • «Лаьттан дай» — 1981 шо.
  • роман-трилоги:

ТӀаьххьара ши роман автор веллачул техь араялла.

Дискографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шарахь араялла Шима Окуев дешнашна йаьккхина эшараш тӀехь йолуш «Сан некъ» цӀе йолу компакт-диск:

Эшеран цӀе Исполнитель Композитор
1 Ма дукха йийзи хьо Ильяс Абдукаримов С.-Э. Яскаев
2 Хан уьду Зара Эльмурзаева И. Мусхабов
3 Лаьмнашкахь суьйре Тамара Адамова Т. Адамова
4 Сан некъ Ахмед Гадаев А. Гадаев
5 Грозный Шима Окуев
6 Нохчийн кӀентий Зелимхан Дудаев С. Цугаев
7 Сан деган эла Зелимхан Дудаев З. Дудаев
8 Хьоьга хьайга Имран Усманов Имран Усманов
9 Сатийсар Макка Сагаипова С. Цугаев
10 Шуьйта Раиса Кагерманова Ш. Окуев
11 Сан хьоме Нохчийчоь Ризван Исмаилов Ризван Исмаилов
12 Шела Сахаб Межидов А. Ганаев
13 Сан дай Шарпуддин Исмаилов Р. Исмаилов

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ахмадов Муса. Так течет и Аргун… Журнал «Вайнах», № 11, 2007, с. 12-15.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]