Нохь

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Нохь
نوح
Nuh (Noah)1.png
Вина меттиг

Ӏиракъ

Кхелхина де

1755 вайн эра тӀеяле[1]

Кхелхина меттиг

Вавилони, Месопотами

Къам

Жуьгтий

Да

Ламак

Зуда

Амура, Ваиль

Бераш

Хьам, Сам, Йам, Яфис

Нохь (Ӏаьр. نوح, Нухь‎‎)‎‏ — исламехь беза болчу пхиъ пайхамарех а, элчанех а хьалхара цхьаъ ву, АллахӀа жуьгтийн тӀе ваийтина.

Библин тӀехь цунах Ной олу.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Дала беркат дина Адаман тӀаьхьенах, цунах хилла дуккха а божарий а, зударий а. ДӀасаяьржина Адаман тӀаьхье, алсам хилла иза. Ткъа, Адам вуха а веана, цунна шен бераш гича, цунна доьвзар дацара уьш. Цуьнга аьлча: ХӀара хьан тӀаьхье ю, хӀай Адам! — иза цецвер вара чӀогӀа. Цо эр дара: Сийлахь-цӀена ву АллахI! ХӀорш массо а сан бераш ду? ХӀара ерриг а сан тӀаьхье ю? Адаман тӀаьхьенан дуккха а ярташ хилла, цара дуккха а цӀенош дина. Цара латта охуш хилла, ялта дуьйш хилла, уьш бехаш хилла. Адамаш шайн де Адаман дин тӀехь хилла, АллахӀана Ӏибадат деш, Цуьнца хӀумма а накъост а ца луьйцуш! Адамаш цхьа уммат хилла, шайн да Адам а волуш, шайн Дела АллахI а волуш.

Нохь жима волчу хенахь дуьйна, нийсачу новкъахь а волуш, АллахӀана мутӀахь вара. Цуьнан шовзткъе-итт шо долчу хенахь, АллахӀа иза пайхамар хаьржира, ширканаш болчу метте вахийтина цо иза. Нохьас деле кхайкхира цаьрца, ширкана дин Ӏад дитарца. Иштта цуьнан кӀант Йам а вара галваьлла. Дала омр дина хиллера цуьнга хӀорда-кема де аьлла.



  1. Kantor M. (unspecified title) — 2004. — P. 15. — ISBN 978-0-87668-229-6