Ловзар (ансамбль)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Нохчийн берийн халкъан хелхаран ансамбль «Ловзар»
Жанр нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш
Шераш 1983 — таханалац
Пачхьалкхаш ССРС СССРРосси Росси
ГӀала Соьлжа-ГӀала
Куьйгалхо Магомед Тахаев
Хилла
декъашхой
lovzar.org

Ло́взар (ансамбль) — нохчийн берийн халкъан хелхаран ансамбль, дукха халкъашна юккъера конкурсийн толамхо. Ансамблин куьйгалхо ву Нохчийн Республикин Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо Магомед Тахаев.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ансамбль кхоьллина 1983 шарахь Республикинскан пионерийн гӀалахь Мохьмадас а, Тамилас а ТахаевгӀара. 1994 шарахь болабелла тӀом бахьнехь ансамблин болх сецира. 1995 шарахь бераш Нальчике дӀадигира, цигахь юха а болабелира ансамблин болх.

1998 шарахь нохчийн культура кхиаяран а, кхайкхаяран а ансамблин Пачхьалкхан берийн ансамбль статус елира.

Ансамбль декъашхош дукха хенахь болх бира костюмаш а, репитици ян меттиг а йоцуш. Нохчийн Республикин Госсоветан председатель Малик Сайдулаев ансамблин дола дан волавелира. Ансамблин коьрта хьашташ кхочуш дира цо.

2001 шарахь Москвахь хилла халкъашна юккъера фестивалехь ансамбльс гайтира шен керла программа. Иза хьовсархойна чӀогӀа хаза хитира. И бахьнехь ансамбле дукха кхайкхараш декхира Россиехь а, кхоьчу пачхьалкхашахь фестивалешкахь дакъа лаца. Таханлера динахь ансамбль дукха гастролешкахь лела, конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъа лоцу, цигахь дукха толамаш а баьхна цо.

Конкурсаш а, фестивалаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1996 — Варнехь хилла халкъашна юккъера фестивалин дипломант.
  • 1997 — Туркойчохь хилла халкъашна юккъера фестивалин дипломант (Чорум, ТурхӀал).
  • 1998 — Туркойн республикин 75 шо кхачар даздеш хилла халкъашна юккъера фестивалин лауреат.
  • 2000 — «Ярославские гуляния» халкъашна юккъера 5-гӀа халкъашна юккъера фестивалин лауреат (Ярославль).
  • 2001 — Москвахь хилла халкъашна юккъера фестивалехь дакъалацар.
  • 2001 — Лондонехь «Royal Festival Hall» сценехь ловзар.
  • 2001 шаран декабрь — Ярославлехь хилла «Культура во имя мира» цӀе йолу халкъашна юккъера фестивалин «Гран-при»
  • 2003 7 апрелехь — Пачхьалкхан Кремлин гӀалахь хилла «Кавказан къаьмнийн хелхараш» цӀе йолу керла программа презентаци.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]