Курумова, Селима Мусан йоӀ
| Курумова Селима | |
|---|---|
| Курумова Селима Мусан йоӀ | |
| Йина терахь | 1914 |
| Йина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
| Кхелхина терахь: | 1968 |
| Гражданалла: |
|
| ГӀуллакхан тайпа: | поэт, йаздархо |
| Произведенин мотт: | нохчийн |
Курумова Селима Мусан йоӀ (оьрс. Курумова Селима Мусаевна[1];1914 шарахь, Соьлжа-ГӀала — 1968 шарахь) — нохчийн йаздархо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Курумова Селима йина 1914 шарахь Соьлжа-ГӀалахь. Иза схьайола XIX бӀешеран тӀаьхьара – XX бӀешеран йуьххьера гӀарабаьлла хьал долчу доьзалера, царех кхин а дуккху лераме нах бевлла, шайн лар йитина болу Нохчийчоьнан исторехь.
Курумова Селима йаздан йолайелла Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь, амма дуьххьара дийцарш зорба туьйхира 1950-гӀа шераш чекхдовлуш «Орга» альманахан а, республикин газетийн агӀонаш тӀаьхь, церан сихха тидам бира дешархоша.
1966-чу шарахь дуьххьара а, цхьаъ бен йоцучу дийцарийн а, повестийн а сборник арайелира, шайна йукъахь «Дохк», «Сан гӀалат» повесташ а, дийцарш а долуш. Цуьнан кхоллараллаш кхин цкъа а йуха зорбане ца йаьхна, царех кегий кийсакаш бен ца йаьхна ишколан жайнашна а, антологешна а, меттан говзаллин а, йозанан говзаллин а масалш санна.
Курумова Селимас, чӀогӀа дика дешна, дика йозара дуьненан литература, иза гуш дара цуьнан кхоллараллаш чохь, башха къасто йеза повесть «Дохк».
«Дохкан» турпалхой Зовра а, ЗабиӀат а — ша кепара нохчийн Ромео а, Джульетта а ду, уьш баларе бигина йамартлоно, тешнабехко, хьагӀо, мекарлоно харц а, гӀаддайна а адамаша, шайн минотан там лоьхуш болчу, дерриг цхьана схьаэцча йукъараллин сакхташа.
Кхоллараллаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Дохк. Повесть // Орга: Журнал, № 3-4. — Грозный: Грозненский рабочий, 2003.
- Жарманан некъ. Дийцар // Орга: Журнал, № 3. — Грозный: Грозненский рабочий, 2004.
- Дарчин Донча. Дийцар // Орга: Журнал, № 4. — Грозный: Грозненский рабочий, 2004.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Туркаев, 1967, с. 4.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чагаева Тамара. Литературно-географический атлас Чеченской Республики. — Нальчик: ООО Тетраграф, 2018. — С. 215—218. — 440 с. — 5000 экз. — ISBN 978-5-00066-153-6.
- Туркаев Х. Авторх, цуьнан кхоллараллех // Дохк (Туман)(нох.) / Курумова С. М.. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1967. — С. 3—11. — 184 с.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чеченские хроники. ЖЗЛ. Селима Курумова (1914-1968). abrek.org (2017 шеран 11 январь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 ноябрь.
- Роза Осмаева. Курумова Селима. ckeu.http.proffi95.ru (2014 шеран 7 октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 ноябрь.