Орга (журнал)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Журналан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

«О́рга» — хӀора баттахь арадолу нохчийн литературан а, исбаьхьаллин а журнал. Тираж 2 500 экземпляр, формат А4.

Журналас зорба туху байташ а, проза а, публицистика а, литературан а критикан а материалаш, историн а, Ӏилманийн а талламаш, кхийолу нохчийн яздархойс а, Ӏилманчашас а язйина хӀумнаш.

Журнал арахеца долийна 1958 шарахь. Цуьна коьрта редактораш бара боьвзуш болу нохчийн яздархой: Магомет Мамакаев, Шайхи Арсанукаев, Алвади Шайхиев, Муса Ахмадов, Ильман Юсупов (1993 шо дуьйна 1994 шо кхаччалц).

Хьалхара тӀом бахьнехь журнал арахецар сацинер. Амма 1995 шарахь иза юха а арахеца долийнера. Цуьнан коьрта редактор вара яздархо Ислам Эльсанов. ШозлугӀа журнал арахецар доладелира шозлугӀа тӀом чекхбеллачул тӀехь. Цу хенахь журналан куьйгалхо яра журналист Сацита Юсупова.

Тахана журналан коьрта редактора ву яздархо, литературан критик, гочдархо Эльбрус Минкаилов.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]