Крутов, Пётр Максимович
Пётр Максимович Крутов | |
---|---|
Вина терахь | 1923 шеран 16 октябрь |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1988 шеран 12 январь (64 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | войска связи |
Дарж | лакхара лейтенант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Пётр Максимович Крутов (1923 шеран 16 октябрь, ГӀизларан кӀошт, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика — 1988 шеран 12 январь, Соьлжа-ГӀала) — зӀенча, лакхара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1923 шеран 16 октяберхь Дагестанан ГӀизларан кӀоштан Нови Серебряковка юртахь. Йукъаралин школа чекхйаьккхинчул тӀаьхь цо колхозехь счетовод болх бира. 1941 шеран октябрехь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1942 шо дуьйна иза тӀамтӀехь вара. 1943 шеран октябрь кхачале гвардин лакхара лейтенант Крутов вара Аренан фронтан 7-гӀа гвардин армин 133-гӀа гвардин къаьстина зӀенан батальонан телефонийн а, кабелин а взводан отделенин куьйгалхо[1].
1943 шеран октябрехь Крутован взвод йара Украинин Днепропетровскан областан Верхнеднепровскан кӀоштан Днепран малхбузе бердан тӀехь йолу Бородаевка юртан уллехь йолу плацдармехь долу эскаран зӀе латтош, хедина серий меттахӀоттош. Немцойн эскарс советийн куьйгаллийн пунктан гуо бича цо царна дуьхьул латар кхоьллира, цера массо а тӀелатар кхиаме йухатухуш[1].
1943 шеран 26 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин лакхара лейтенантан Крутован йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1945 шарахь Крутовс чекхйаьккхира эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. 1947 шарахь лакхара лейтенант волуш иза тӀаьхьллоне веккхира. Красноярскан советски а, партин а школа а, ЦК КПСС Партин лакхара школа чекхйаьккхича иза вара цхьана райкоман хьалхара секретарь а, цул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР Госпланан председатель. 1966 шарахь иза совхозан директор хилира. Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара[1].
Крутов велира 1988 шеран 12 январехь, дӀавоьллира Соьлжа-ГӀалан йуккъера кешнашкахь. Нохчийчоьхь хьалхара тӀом болабелча цуьнан каш тӀехь болу хӀоллам хӀаллакйира. ХӀинца цуьнан меттехь хӀоттина керла хӀоллам. И хӀоллам регионан даржан хӀоллам лоруш ду. 2010 шарахь цуьнан хьал вон дара[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 5 Крутов, Пётр Максимович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн.изд., 1985.
- Связисты — Герои Советского Союза. Книга 1. Л., 1982.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Крутов, Пётр Максимович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».