Кромвель, Оливер

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кромвель Оливер
инг. Oliver Cromwell
Кромвель Оливер
Кромвель Оливер
Ингалсан, Шотландин, Ирландин лорд-протектор
16 (26) декабрехь 1653 — 3 (13) сентябрехь 1658
Хьалха хилларг Карл I (Ингалс)
Карл II (Шотланди)
Когаметтаниг Кромвель Ричард

Дин Конгрегационализм[d], Пуритане[d] , конгрегационализм[d]
Вина терахь 1599 шеран 25 апрель (5 май)({{padleft:1599|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Хантингдон, Хантингдоншир, Ингалсан паччахьалла
Кхелхина терахь 1658 шеран 3 (13) сентябрь({{padleft:1658|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг Уайтхолл, Лондон, Протекторат
ДӀавоьллина Вестминстеран аббаталла[d]
Да Кромвель Роберт
Нана Стюарт Элизабет
Зуда Буршье Элизабет
Бераш Роберт, Оливер, Бриджит, Ричард, Генри, Элизабет, Мария, Фрэнсис
Дешар Сидни Сассекс колледж
ГӀуллакхалла сельское хозяйство[d]
Динлелор конгрегационализм
Автограф Oliver Cromwell Signature.svg
ЦӀе полковник[d]
Латар Ингалсан революци[d], Сражение при Несби[d], Битва при Престоне[d], Битва при Данбаре[d], Битва при Вустере[d], Бой при Марстон-Муре[d], Battle of Langport[d], Battle of Gainsborough[d] , Second Battle of Newbury[d]
Commons-logo.svg Оливер Кромвель Викилармехь

Кро́мвель О́ливер (инг. Oliver Cromwell; 25 апрелехь (5 майхь1599, Хантингдон3 (13) сентябрехь 1658, Лондон) — ингалсан пачхьалкхан гӀуллакххо а, бӀаьчча а, индепендентийн тхьамда а, Ингалсан революцин куьйгалхо а, 16431650 шерашкахь — парламентан эскаран инарла-лейтенант, 16501653 шерашкахь — лорд-инарла, 16531658 шерашкахьИнгалсан, Шотландин, Ирландин лорд-протектор[1].

Схьавалар[нисъе | нисъе чухулара]

Вина Хантингдонехь — иштта цӀе йолчу графаллин центрехь, хьалдолуш воцучу пуританийн лаьттан ден доьзалехь. Цуьнан да бейлифан (дуьненан суьдхо) декхарш кхочуш деш вара. ЦӀе тиллинера шен жӀар оьллина волчу ден вешин Оливеран цӀарах, церан генара дай схьабевллера Уэльсера[2], таро хилла, баха хевшинера паччахьан Генрих VIII-гӀачун (1509—1547) урхалла долуш, бахам гулбира килсанийн латтанаш схьадохуш.

Кромвелан ден ден нана Кэтрин йоккхаха йолу йиша яра Кромвель Томасан15321540 шерашкахь паччахьан Генрих VIII-гӀачун коьрта хьехамчан.

Юьхьанцара дешар чекхдаьккхина Хантингдонера килсера ишколехь, ткъа 16161617 шерашкахь дешна Кембриджан университетан Сидней Сассекс колледжехь(ингалс.), иза къасталора чӀогӀа пуританийн синца[3]. Цуьнан гарш кхуллуш боккха Ӏаткъам бира ишколан хьехархочо Бирд Томаса(ингалс.), морса пуританхо, «Делан беркатан театр» (The Theatre of Gods Judgements, 1597) кхолламан автор.

1619-1620 шерашкахь Лондонехь Ӏамийра бакъо, амма зуда ялийча, дешар а дитина цуьнца Хантингдоне дӀаваха дийзира. Цуьнан зуда Элизабет Буршир лондонера чо болу цӀоканаш юхкучу махлелорхочун йоккхаха йолу йоӀ[4]. Ловзар динчул тӀаьхьа иза шен латтанаш тӀаьхь массара а санна сквайра-лаьттан ден гӀуллакхаш лелош, бахаман гӀуллакхаш дан волавелира: тӀаргӀа а, бепиг а духкуш, йий а, нехча а йоккхуш. ТӀаьхьа кура роялисташа дагадоуьйту Кромвелан «сийлахь боцу» болх, совгӀат до цунна емалваран цӀе туьллий «Йий доккхург» олий.

1628 шарахь дуьххьара хаьржира Хантингдон гӀалан цӀарахь «Бакъонех петици» тӀе а эцна, юха сихха Карл I-рачо дӀасахецначу парламенте. 1629 шеран 2 мартехь паччахьо омар дира парламентан гулам сацабе аьлла, Кромвела ла а ца доьгӀна, дийзира провинци цӀа верза. 1630 шеран майхь, Хантингдонехь шен боллу бахам боьхкина, доьзалца кхелхира Сейнт-Айвзе(ингалс.) (Кембриджшир), цигахь дийзира мах луш неха латта лело, боккъал а Керла Ингалсе дӀакхалха ойла йолуш[5].

ТӀеман карьера. Политикан гӀуллакх[нисъе | нисъе чухулара]

Адриан Ханнеман. Кромвелан сурт. 1650 шо гергга.

Дукхаха болчу историкашна хетарехь, тӀеман кечам Кромвель Оливеран ца хилла[6], ткъа XVII бӀешарахь 20-30-гӀа шерашкахь континент тӀехула некъбарах, Ткъе итт шеран тӀамехь дакъалацарх, кхин а хаамаш бу кхоьллина[7].

Ингалсан гражданийн тӀом болалуш Кромвель капитан даржехь кхузткъа шайн лаамца баьхкинчу дошлойн тобан коьрте хӀоьттира, тардолийта и тоба шен ахчанах кхоллар. Иза билгалъелира 1642 шеран 23 октябрехь парламентан агӀончаш эшначу Эджхиллера тӀамехь. ТӀаьхьа оцу тобанах хилира гӀараяьлла «Эчиг агӀонаш болу дошлойн» тоба, шен рогӀехь, цунах хилира цуьнан «Керла кепара эскар»[8].

Жигара дӀахьуш шен тӀеман хийцамаш, Кромвель емаллийца хьежара парламентан эскаран юьхьанцарчу эскаре: «Шун эскар лаьтта дукхах дерг къена, лела а ца лучу лакейшах, кабакхошха, царах тера цхьаьнатоьхначарах. Ткъа мостагӀийн эскарш — элийн кӀентех а, гӀарабевлла къона нахах а. Шуна шайн салтий санна лахарчу нехан майралла, мацца а цкъа, ларалур ю моьтту теша, даг чохь сий, майралла, хӀуъа а дан кийча болчеран майраллийца?»[9]

1643 шеран бӀаьста Кромвель юхавирзина Малхбален бердйистте, цигахь цуо шен лаамца эскаре богӀурш гулбина, кхоьллира 2000 стагах полк. Шен тоба вовшахтухуш цуо хаьржира низам а, дин а долу эпсарш. 1643 шеран 13 майхь Грантемера (Линкольншир) тӀамехь Кромвелан аьтту белира хӀаллакван шозза сов волу мостагӀа, ткъа 1643 шеран 28 июлехь иза туьйлира Гейнсборора тӀамехь(ингалс.)[10].

1644 шеран январехь баьхна толамаш бахьнехь Кромвелан Малхбален ассоциацин инарла-лейтенант тӀемлойн цӀе елира, ткъа оцу шеран июне иза куьйгалла деш вара 3000 ст. волу эскаран Йорк[11] уллехь.

Уггаре чӀогӀа говзалла гайтира Кромвела боккхачу Марстон-Мурера тӀамехь (1644 шо), цуьнан жамӀашца Ингалсан ерриг къилбаседе парламентан Ӏедалан караяхара. Цуьнан эскарша, кхин дӀа а, хийцам боцуш толамаш бехира паччахьан агӀончашкара. Цул сов, Кромвелан аьтту белира эскарехь демократизаци ян: «Шайн лаамца дарж дитар билльца» парламентан берриг декъашхоша охьадехкира шайгара бӀаьччаллаш. Пэрашкара дӀаяьккхира тӀеман ницкъашца бӀаьччалла даран ламастан бакъонаш.

Кхоьллира 22 эзар барамехь «Керла кепара эскар», иза тӀетевжина дара демократин элементашна, лаьттара 11 дошлойн полкех «эчиг агӀонаш болчеран» кепара, керла мажаран тоьпаш йолу 12 гӀашлойн полкех, драгунийн полкех[12]. Цуьнан коьрта бӀаьчча хилира инарла Томас Ферфакс, оцу хенахь дошлойн бӀаьчча вара ша Кромвель Оливер. Эскаран коьрта ницкъ бара йоменех вовшахтуху дошлой, церан низам шайн лаамца омарш кхочушдаран бух тӀехь дара.

Эрнест Крофтс. «Кромвель Марстон-Мурера тӀамехь». 1877 шо

Кромвелан эскаро вохийра Карл I тӀаьххьарчу Нейзбера тӀамехь 1645 шеран 14 июнехь. Парламентан пуританийн коалицин тхьамда санна (кхин а бевза «гоьрга кортошберш» йоцца лергина месаш бахьнехь) а, керла кепара эскаран бӀаьчча санна а, Кромвела иэшийра паччахь Карла I, дӀаяьккхира цуьнан ойла абсолютан Ӏедале йолу.

Кромвель даиман а тӀевирззина протестант вара, массара а къобал вина гоьрга кортошболчу пуританийн куьйгалхо вара.

Кромвель Ӏедалехь[нисъе | нисъе чухулара]

Эндрю Каррик Гоу. Кромвель а, «эчиг агонашберш» а Данбарера тӀамехь (1650)

Цхьацца бакъонаш шега кхаьчна, Кромвела дӀаяьккхира парламентан лакхара палата, шен тӀеман накъостех-протестантех кхеташо хӀоттийра. Керлачу куьйгалхочуьнца арахийцира омарш: эскарехь дуэль яр, гражданийн махбаран юридически статусех (таж тилларан ламаст доцуш) браков, берриг паччахьан бахам пачхьалкхан хазна чу балар. Амма, Ӏедал шен кара каьчначул тӀаьхьа (керла дарже лорд-протекторе кхаьчна), иза луьра низам хӀотто волавелира, фактехь хӀоттийра шен диктатура (Кромвелан протекторат).

Оливер Кромвель
Кромвель» яззам юкъара сурт,
«Сытинан тӀеман энциклопеди»)

Кромвела къиза охьатаӀийра Ирландин а, Шотландин а гӀовттамаш. 1649 шарахь Кромвелан эскаро дӀалецира Ирланди, кхин тӀе мохк баккхуш къизаллаш а йира. 1652 шарахь парламенто тӀеэцначу «Ирландин хӀоттамах долчу актаца», меттигера латтан дайн доккхаха долу лаьттан дакъа схьа а даьккхина, дӀасадийкъира эпсаршна а, салташна а[13].

1650 шеран 3 сентябрехь Данбарера тӀамехь хӀаллакдира шозза сов долу шотландин эскар. Нисса цхьа шо даьлчи, 1651 шеран 3 сентябрехь, ингалсхоша Вустеран пенаш кӀелахь Кромвель Оливеран бӀаьччаллийца чеккхенца толам баьккхира шотландхошна тӀаьхь.Мохк бийкъира шийтта тӀеман губернешна, коьрте хӀиттийра шений бенч от ца луш болу инарла-майораш. Юкъадаьккхира коьрта некъаш лардар. ХӀоттийра налогаш гулъяран система. Берриг хийцамна ахча, кӀезиг ца хилла иза, цуо схьадаьккхина эшийначу паччахьан агӀончашкара. Шен урхаллин заманахь Кромвела машар бина Даница, Швецица, Нидерландашца, Францица, Португалица, дӀабаьхьира тӀом Ингалсан шира мостагӀчуьнца — Испаница. 1654 шарахь Кромвелан эскаро толам баьккхира Голландегара — Ингалсан коьрта хӀордан мостагӀчуьнгара. ЖамӀ – Голландин хӀордан тӀиера олалла чекхделира. Оцу толамо Ингалсан роль айира дуьненан политикехь, ладаме Ӏаткъам бира хӀордаца махлелор шордарехь. Протекторатан шерашкахь Испанегара схьаяьккхира Ямайка.

Махкахь низам хӀоьттинчул тӀаьхьа, Кромвела къобал дира керла парламент хилар. 1653 шеран апрелехь 1640 шарахь дуьйна юха харжаза болчу парламентан декъашхоша барт бира шайн харжар даллалц дан, Кромвела мушкетёрийн тобанца гуламе веана, лаьхкира гулбелларш дешнашца: «Аса кхачор ду шун деса къамелаш». Оцу хенахь дуьйна цуо махкана урхалла дира ша. 1653 шеран июлехь кхоьллина керла юкъараллин палатин декъашхой, хаьржина бацара, ткъа хӀиттийна бара Пачхьалкхан кхеташоно, аьлчи а Кромвела. Амма керла меже юьззина къера ца хилира, 5 бутт баьллачул тӀаьхьа дӀасахийцира[14].

1653 шеран 16 декабрехь керла хаьржина парламенто кхайкхийра Кромвель валлалц волу мехкан «лорд-протектор» (ма-дарра: Лакхара турсло), факт хилла паччахьан бакъонаш йолуш. Хьалха лорд-протектор дарж наггахь лора ингалсан паччахьан кӀенташна, цара регентан декхарш кхочуш дора паччахь жима волуш, чӀогӀа цомгуш волуш я дукха хенахь воцучу хенахь. Кромвелал хьалха тӀаьххьара и дарж лелийнарг хилла Сеймур Эдуард, цуо урхалла дина 1547—1549 шерашкахь жимачу Эдуард VI-гӀачун цӀарах[15].

Хаьржира керла парламент (1654 шеран сентябрь) 400 депутатех, иза лаьттира кӀеззиг шарал сов, 1655 шеран январехь дӀасахийцира. Керла парламенто (1657) «Къера хиларан петицихь» кховдийра Кромвелан паччахьан дарж. Ша Кромвела схьа ца ийцира таж, амма, шен когаметтаверг (керла лорд-протектор) хӀотто бакъо елчи, реза хилира шен Ӏедал тӀаьхьене дӀалуш дита[16]. Формалан Ингалс республика йисира. ТӀеэцначу законаца Кромвелан дарж дара «Цуьнан Сийлалла» (инг. His Highness), куьйгалла дора тӀеман гӀуллакхехь, кхечу мехкашца долчу гӀуллакхехь, дӀахӀиттабора, дӀабахара пачхьалкхан хьаькмаш, законашна куьг яздора, кхоллара лордийн даржаш (уьш республико дӀа ца даьхнера).

1655 шеран октябрехь Амстердамера Лондоне веира гӀараваьлла жуьгтийн гӀуллакххо Манассе бен-Израиль, иза Ингалсе веира петицица, 1290 шарахь паччахьан Эдуарда I-ра Деха когаш долчуьн эдикта лаьхкина шен къоман нах чу бита аьлла. Декабрехь кхайкхина Уайтхоллера къоман гуламо(ингалс.) массо а агӀора сецадора бен-Израилан гӀуллакх, тергал ца бора цуьнца боьзна экономикан пайданаш, Кромвела официалан доцуш жуьгтий шайн махка 1656 шарахь дуьйна бита шен Ӏаткъам баллалц[17].

Ша валлалц Кромвель нахана дукха везаш вара, Бахьна дара цуьнан «халкъан» политикан имидж яра, джентрийн а, паччахьан а йоцу. Оцу меттигехь башха ладамалла долуш яра цуьнан амал, иза вохкалуш ца хилар. Иштта ладаме ду билгалдаккхар, Кромвель гуттаренна а ларвеш вара (масех дакъа дара, массо хенахь раж хӀоттийна вовшашца хийца а луш), сих-сиха буьйса йоккху меттиг а хуьйцура цуо.

Валар а, схьаваккхар а[нисъе | нисъе чухулара]

Кромвель Оливеран хьокхан тӀиера коьртан сурт, XVIII бӀешеран чеккхе

Кромвель цӀеххьана велира 1658 шеран сентябрехь, иза ле валар дахьачу шина лазарх хоршах а, чоьнан уьнах[18] а. Иза веллачул тӀаьхьа лорд-протектор хӀоьттина цуьнан воккхаха волу кӀант Ричард, ткъа ша Оливер дӀавоьллира юкъахь доцу тӀех хӀумнашца. ТӀаккха махкахь болабелира боккъал а болу гӀурт, луъург лелор, низамаш дохор.

Депутаташ, кхерабелла махкахь долчу оцу хьолах, 1659 шеран 25 майхь дӀавала дийзийтара, Ӏарше кхайкхира Карл II-гӀачуьнга, дукха хан йоцуш кхелаца вийначу паччахьан Карла I-чун кӀанте. Керла хаьржинчу Ингалсан парламентан омарца, кхо де даьлчи, паччахь виерна бехке бина беллачул тӀаьхьа байаран кхел ян, Кромвелан дакъа схьадаьккхира Брэдшо Джонан а, Айртон Генрин а дакъанашца цхьаьна. 1661 шеран 30 январехь, Карл I вийна 12 шо кхочуш, бехке болчеран декъий Лондонан урамашкахула дӀадаьхьира Тайбернера тангӀалкх тӀе. Масех сахьтехь нахана хьалха кхезина декъий охьадехира, ткъа кортош 6 метр дехачу хьокханашна тӀе доьхкира Вестминстеран гӀалан уллехь. Тамашийна ду, Кромвелан корта тӀаьхь болу хьокха каггийра мохо 1680-гӀа шераш чекхдовлуш, ткъа корта лачкъийра муха лачкъийна а ца хууш. Ткъа иза лаьттира коллекционерийн а, музейн коллекцешнга юкъахь а 1960 шеран 25 мартехь Кэмбриджан цхьаьна колледжийн часовнехь дӀаболлалц[19].

Иэс[нисъе | нисъе чухулара]

Вестминстеран гӀалара Кромвель Оливеран иэс, Лондон. Скульптор Х.Торникрофт, 1899

1776 шарахь АЦШ марша яккхаран тӀом болуш, американ тӀеман кеманех дуьххьарлерчарех цхьанна цӀе тиллира «Оливер Кромвель»[20].

XIX бӀешарахь ингалсан лорд-протектор лоручех цхьаъ волчу Ричард Тэнджиса гулйира Кромвелан хӀуманех йоккха коллекци, царна юкъахь яра велчи яьккхина маска, долара Инжил, цуьнан кхин жайнаш, коша тӀиера йоза, кхин дӀа а. Тэнджи веллачул тӀаьхьа и ерриг раритеташ Лондонан музей дӀа а елла, дӀахӀиттийра Революцин муьран экспонаташна юкъа[21].

XIX бӀешеран чеккхенгара дуьйна Йоккха Британехь юкъайовла юьйлаелира Кромвелан иэсаш. Хьалхарниг хӀоттийра Манчестерехь килсан уллехь 1875 шарахь[22][23]. Паччахь-аьзни Викторис иэс дӀаяккхар тӀедиллира, амма гӀалан Ӏедал реза ца хилира цунна. 1899 шарахь кхин цхьа иэс юьйгӀира скульптора Х. Торникрофта, иза йогӀар бахьнехь буьрса меттах бевлира ирландхой[24][25]. XX бӀешарахь йира Кромвелан кхин а ши иэс — Сент-Ивехь (St Ives, Cambridgeshire) а, Уоррингтонехь а. Кромвелан корта дӀабоьллинчехь хӀоттийна иэсан табличка[26].

Уинстон Черчилль, ша тӀеман-хӀордан министр («адмиралтеяллин хьалхара лорд») волуш, шозза гӀоьртира Кромвелан сийнна тӀеман цхьаьна кеманан цӀе тилла, амма паччахьо Георг VI-гӀачо, ирландхойн керла бунт яларх ларлуш, ца магийра иштта цӀе тилла[27].

1945 шеран августехь Гринокехь (Шотланди) динчу британин флотан эскадран минанашлелориг «Кромвелан»(ингалс.) оццу шарахь цӀе хийцира «Критхо» (Cretan) аьлла, ткъа шолгӀачу 1946 шарахь доьхкира Норвегин, ткъа цигахь цунна «Берген» цӀе тиллира, иза гӀуллакхехь лаьттира 1967 шо кхаччалц.

Кромвелан цӀе елла шолгӀачу дуьненан тӀеман муьрерачу британин юккъера крейсеран танкан Mk.VIII «Кромвель» (1942-1945), 1951 шарахь — ингалсан цӀерпоштан цхьа тайп.

Лорд-протекторан дарж[нисъе | нисъе чухулара]

Кромвель Оливеран хьоме йоьӀан Элизабет Клейпоулан, художник Джон Майкл Райт, 1658 шо. Къоман портретан галерей (Лондон)

Исбахьаллера васт[нисъе | нисъе чухулара]

Театрехь[нисъе | нисъе чухулара]

Кинематографехь[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Павлова Т. А. Кромвель. — М., 1980. — С. 15.
  2. Оливер Кромвель. Жизнеописание // Мир знаний.
  3. Барг М. А. Великая английская революция в портретах ее деятелей. — М., 1991. — С. 157.
  4. Барг М. А. Великая английская революция в портретах ее деятелей. — С. 159.
  5. Коггинс Джек. Эволюция вооружения Европы. — М., 2009. — С. 158.
  6. Ковард Бэри. Оливер Кромвель. — Ростов-на-Дону, 1997. — С. 16.
  7. Алексинский Д. П. «Железнобокие» Оливера Кромвеля. 1640—1650 гг. // Всадники войны: Кавалерия Европы. — М.: ООО «АСТ»; СПб.: Полигон, 2005. — С. 471.
  8. Владимир Шишов. Оливер Кромвель и его «железнобокие» // «Дилетант». Исторический журнал для всех.
  9. Алексинский Д. П. «Железнобокие» Оливера Кромвеля. — С. 468.
  10. Коггинс Джек. Эволюция вооружения Европы. — С. 160-161.
  11. Владимир Шишов. Оливер Кромвель и его «железнобокие».
  12. Акт об устроении Ирландии // «Хронос». Всемирная история в интернете.
  13. Павлова Т. А. Кромвель. — С. 285-295.
  14. Loach, Jennifer, Bernard, George Edward VI, New Haven. — Connecticut: Yale University Press, 1999. — P. 19—25. — ISBN 0-300-07992-3
  15. Roots Ivan. Speeches of Oliver Cromwell. — Everyman classics, 1989. — P. 128. — ISBN 0-460-01254-1.
  16. Ковард Бэри. Оливер Кромвель. — С. 234.
  17. Врачи назвали причину скоропостижной смерти Кромвеля (оьр.). Lenta.ru (25 октябрехь 2015).
  18. Oliver Cromwell’s head.
  19. Hahn, Harold H. Ships of the American Revolution and their Models. Pp. 74-101. Naval Institute Press, Annapolis Maryland, 2000.
  20. War websites. Channel4. Теллина 2010 шеран 5 июнехь.
  21. Greater Manchester Photographic Memories. Francis Frith. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 11 январехь. Теллина 2011 шеран 29 июлехь.
  22. Oliver Cromwell. Public Monument and Sculpture Association. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 9 февралехь. Теллина 2012 шеран 12 январехь.
  23. STATUE OF OLIVER CROMWELL. Hansard.millbanksystems.com (25 April 1899). Теллина 2011 шеран 29 июлехь.
  24. The Cromwell Statue at Westminster – Icons of England. Icons.org.uk. Архив йина хьалхара хьостан чура 2009 шеран 14 мартехь. Теллина 2011 шеран 29 июлехь.
  25. Comerford, Patrick Is Cromwell’s head buried in Sidney Sussex Chapel? (6 July 2009). Теллина 2014 шеран 16 июлехь.
  26. Kenneth Rose, King George V, New York: Alfred A. Knopf, 1984, p. 160-1. The King also vetoed the name HMS «Pitt» as sailors might give the ship a nickname based on its rhyming with a «vulgar and ill-conditioned word».