Кривбасс (футболан клуб)
![]() | |||
---|---|---|---|
![]() | |||
Юьззина цӀе |
Футболан клуб «Кривбасс» (Кривой Рог) | ||
Харц цӀераш | КӀайн-цӀе-Ӏаьржа | ||
Кхоьллина | 1959 | ||
Стадион | «Ламанхо» | ||
Чухоам | 2500 | ||
Президент |
![]() |
||
Ген. директор |
![]() |
||
Коьрта тренер |
![]() |
||
Капитан |
![]() |
||
Сайт | fckryvbas.com | ||
Къовсамаш | Украинин хьалхара лига | ||
2020/21 |
![]() |
||
|
«Кривба́сс» (укр. «Кривбас») — украинийн Кривой Роган футболан клуб. 2021/22 шарахь ловзуш йу Украинин чемпионатан хьалхара лигехь[1].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Команда санна ловза йолайелира 1959 шарахь «Кривой Рог гӀалин команда». Цул хьалха левзина йезархойн къийсамашкахь.[2]
Украинин йерриг чемпионаташ (2013 шо кхаччалц), дуьххьарлерниг йоцург, дӀайаьхьира Лакхара лигехь. 2000 шарахь левзира Украинин кедан финалехь. 1999 а, 2000 а шерашкахь хилира чемпионатан борзанан совгӀатхо.
ЦӀераш:
- 1949—1952 — «Спартак»;
- 1959 — Кривой Рог гӀалин команда;
- 1960—1962 — «Авангард»;
- 1962—1965 — «Ламанхо»;
- 1966 — «Кривбасс».
«Кривбасс» левзина Украинин чемпионатан лакхара лигехь 1992/93 шарахь дуьйна. Клубан уггаре аьтто хилла[3] лара мегар ду 1998/99 а, 1999/2000 а шераш (чемпионатехь кхоалгӀа меттиг а, УЕФА кеде меттиг йаккхар а). Цул сов, 1999/00 шарахь «Кривбасс» Украинин кедан финалхо а хилира.
2006/07 шо долалуш шеко йара командо Украинин чемпионатехь дакъа лацарх. «Кривбассан» финансийн хьал чолхе дара, лакхар лигехь ловза йукъадилла оьшу ахча дацара. ПФЛ бюрос сацам бира команда Хьалхара лиге охьайаккха, амма тӀаьххьара финансийн агӀо нисйира, клуб лакхара лиге чукховдийра.
2013 шеран майн чаккхенгахь «Кривбассан» администрацис УПЛ дирекцега хаийтира, клубан финансаш совцайарна[4] церан дийзира премьер-лигин йукъарайала. Йукъарайолуш команда турниран таблицехь йалхалгӀа меттигехь йара[5]. 2013 шеран июнехь клубан профессионалан статусан лицензи дӀайаьккхира, хӀунда аьлча командин футболисташна а, белхалошна а хьалха клубан $4 млн декхар дара[6]. Бакроталлин процедура йолийра[7].
Коьрта хӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]
2022 шеран 11 мартан хьолехь[8]
|
|
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Состоялась жеребьевка Суперлиги и Первой лиги сезона 2020/2021 (укр.). Ассоциация футбола Денпропетровской области (2020, 3 август). Теллина 2020 шеран 20 августехь.
- ↑ https://ikryvorizhets.com/uk/eternal-istoriya-fk-kryvbas
- ↑ 10 лучших команд, так и не ставших чемпионами Украины. Окончание
- ↑ Руководство «Кривбасса» объявило о прекращении финансирования клуба
- ↑ Игры с участием «Кривбасса» официально отменены.
- ↑ Лившиц: «Кривбасс» лишили статуса профессиональной команды.
- ↑ «Кривбасс» инициировал процедуру банкротства.
- ↑ Заявка клуба на сайте ПФЛУ
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Алакин Е., Гнатюк В. Футбол 92-93. Календарь-справочник. Кривой Рог, 1993.
- Азаркин. С. Этот неизвестный известный Кривбасс. — Кривой Рог, 2008.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ФК Кривбасс Викиларма чохь |
---|
- Официальный сайт.
- Фан-сайт
- История ФК Кривбасс.
- Новости «Кривбасса» на Tribuna.com
- Профиль на сайте Wildstat.ru (Украина)
- Профиль на сайте Wildstat.ru (СССР)