Чулацаман тӀегӀо

Органелла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эндомембранан система
Эндомембранан система

Органе́ллаш йа органо́идаш (схьадаьлла меже а, шир.-желт. εἶδος — кеп а) — клеткин иза хиларна дахаран оьшу гуттаренна долу дакъа. Органеллаш йохку клеткин чоьхьарчу декъехь — цитоплазмехь, цунна чохь, органеллаш йоцург, хила тарло тайп-тайпана йукъадараш[1].

Органеллаш хуьлу мембранин (цхьаьнамембранин йа шинамембранин) а, мембранин йоцуш а. Цхьаьнамембранин йу эндоплазмин ретикулум, Гольджин аппарат, лизосомаш, кхин органеллаш, кхин а плазматин мембрана. Шинамембранин — митохондреш, пластидаш, клеткин хӀоъ. Мембранин йоцучарна йукъайогӀу рибосомаш а, клеткин йукъ а. Къастийна хьожу цитогоме — ца хилча ца йолу, амма гуттаренна хийцало клеткин структура[2].

Цитоплазма

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Клеткин органеллаш йохку гиалоплазмех лаьтта цитоплазмехь, цуо цуьнан чоьхьара хьал кхуллу. Гиалоплазма йу цхьаьнакепара чолхе белокех, ферментех, углеводех, нуклеинан мусталлех, кхин коллоидан системин хӀуманех. Цуьнан функци цхьаьнатохарехь а, чоьхьара клеткин структурин йукъаметтиг латторехь а йу, масала, гиалоплазмехь хуьлу белокан биосинтез, дӀадохку гликоген, махьарийн йукъадараш, митохондрин белхо йоккху АТФ гулйо[3].

Эндомембранан система

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Органеллийн йерриг мембранаш, плазмалемма — клеткин арахьара чкъуьйриг а тӀехь, ду дуткъа липопротеидан пардо, иза лаьтта липидийн молекулийн шина гӀотах. Пардон тӀехула а, йуккъехь а хуьлу тайп-тайпана белокаш. Органикин хӀуманийн барам: 25—60 % гергга липидаш, 40—75 % гергга белокаш, 2—10 % гергга углеводаш мембранин башхаллашка хьаьжжина[4]. Мембранийн функцешна йукъайогӀу: органелла йа клетка дийна латтор, хӀуманаш дӀасайахьар, арахьара сигналийн рецепци, клеткашна йукъара уьйранаш кхоллар[5].

ХӀоьънан аппарат

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Клеткин хӀоъ
Клеткин хӀоъ

ХӀоьънан аппарат — генетикин гӀирс латторан а, лелоран а гӀодеш долу башха дакъа латто клеткин область[6][7]. Эукариотийн хӀоъ лаьтта шинамембранан хӀоьънан чкъуьйригах, хроматинах, жимачу хӀоьънах, матриксах, кариоплазмех[7]. ХӀоьънан чкъуьйриган цхьацца меттигашкахь мембранаш тӀеттӀайоьду, кхуллу хӀоьънан херонаш — хӀуманаш дӀасахьо белокийн молекулийн чолхе комплексаш йохку чкъуьйриган дакъош[8]. прокариотийн клеткин хӀоьънан аналог йу — нуклеоид, йа нуклеоплазма. Нуклеоидан зона, клеткин хӀоьънах къаьстина, цитоплазмех чкъуьйригца дӀакъастийнайац, цуьнца йу рибосомаш, тайп-тайпана гранаш а, мембранаш а[9].

Эндоплазмин ретикулум

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Эндоплазмин ретикулум (ЭПР) — клеткин чоьхьара чолхе мембранан структура, лаьтта барзех а, харшех а, уьш ду дӀакъастийна цхьаьнатоьхна резервуараш, царна чохь хуьлу тайп-тайпана синтетикин процессаш. ЭПР шина тайпане йекъало: гранулин, йа шога а, шера а. Шога ЭПРан тӀехула йу дуккха а гранулаш — белокан биосинтезехь дакъа лоцу рибосомаш йа полисомаш[10]. Шера ЭПР кхоллало шогачух, дакъа лоцу триглицеридийн а, липидийн а синтезехь [11].

Рибосома — мембранан йоцу органелла, цуо белокан биосинтез йо. Клеткехь гайтина шортта органеллашца, цуо гойту рибосоман РНК алсама хилар. Рибосома лаьтта цхьа могӀа спецификин белокех а, масех рРНКах а. Болх бен рибосоман комплекс лаьтта шина субдекъех — жима а, доккху а[12]. Рибосомийн синтезан меттиг йу хӀоъ[13].

Гольджин комплекс

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гольджин аппарат, йа комплекс, — цхьаьна меттигехь гулйина мембранан структураша гайтина органелла. Мембранаш гулйаларх диктиосома олу, цунна чохь йайнийн кепара дӀанисдина мембранан галеш. Аппаратан йистонашкахь хаало кегийра вакуолеш (везикулаш), уьш йайний йисташкара дӀакъаьстина кхоллало[14]. Гольджин комплексо дакъа лоцу синтез йина ЭПР йукъара гулдаларш дӀадохуш,хӀуманаш дӀанисйеш, арайохуш[15]. Шера ЭПРца цхьаьна Гольджин аппарато дакъа лоцу лизосома кхуллуш[16].

Лизосомаш — мембранин клеткийн чоьхьара дакъош, Гольджин аппаратан везикулаш[17], дакъалоцу экзогенийн а, эндогенийн а биологин макромолекулаш йашош[16]. Лизосомашна чохь йу дуккха тайп-тайпана гидролитан ферменташ, ткъа шеш шайна ахьарах уьш, ларйеш хила тарло чоьхьара олигошекарийн дакъоша. Ферменташна чохь белхан гӀодеш латтайо протонан помпин pH 5 тӀегӀа, цуо болх бо АТФ чоьтах[18].

Цитогом — клеткин гӀортолан-леларан система, иза лаьтта дакъолгийн кхаа тобанах: микрофиламентех — хьесийн йерриг тобанех уггаре дуткъачех, алсамо стомма микротурбанех, барамца йуккъерачу йукъара филаментех. Йерриг и компоненташа дакъалоцу клеткийн компоненташна чоьхьарчу процессашкахь а, ша клетка леларехь а. Партала цитогомо каркасан роль ловзайо[19].

Клеткин йукъмикротурбанаш кхолларан йукъ, уьш кхолларна а, кхиарна а аьтту бо. Клеткин йукъо ладаме роль ловзайо цитогома кхолларехь а, клетка йекъарехь. Клеткийн йукъан йукъайогӀу центросомаша, дакъалоцу декъаран урчакх кхуллуш, клеткин полюсаш ло. Клеткин йукъ лаьтта хӀоьан гергахь, гуо бина луьста матриксо[20].

Эндосимбионташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Симбиотин теорица хила тардолийта, митохондреш, хлоропласташ, хьасанаш кхолладалар паргӀата лела бактерийн а, прокариот-хӀусамдайн симбиоз бахьнехь. Билгалдоккхуш ду, митохондрийн клеткийн садаӀаран функци а, хлоропластийн фотосинтезан процесс а йукъайевлла йуьззина эукариотийн организмашкхоллайалале дуккха хьалха[21].

Митохондреш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Митохондреша, хондриосомел кӀезиг, гойту ша «клеткин энергин станци» санна, церан функци органикин цхьаьнакхетарш мустйарехь йу, тӀаьхьа мустйелла зӀенийн энергица АТФ синтез йеш (хьажа клеткийн садаӀар)[22]. Хила тарло тайп-тайпана барамашка а, кепашка а хьаьжна ца Ӏаш, митохондрийн йу гуттаренна чолхе шинамембранин структура. Цитоплазмех уьш дӀакъастийна арахьара мембраница, ткъа дуккха а хебарш долчу чоьхьарачун — кристашца, Митохондрин ДНК, РНК, митохондрин рибосомин, тайп-тайпана йукъатохарийн матрикс йу[23].

Пластидаш — эукариот-фототрофийн клеткашкахь хуьлу шинамембранин органеллаш. Митохондрин санна, матриксехь пластидаца йу шен долара ДНК, РНК, белоксинтезйаран аппарат. Пластидаш йекъало хлоропласташка, лейкопласташка, хромопласташка. Уггаре ладаме йу хлоропласт — чохь фотосинтез йеш йолу пигмент хлорофилл йолу шинамембранин органоид. Арахьара мембрано дӀакъастадо цитоплазмин пластид, ткъа чоьхьарчо гуо бо стромин (митохондрин матриксан аналог). Чоьхьара мембранега йанло чӀепа озийна вовшешца уьйр йоцу ламеллаш, йа нисдина баьрзнаш (гранаш) дина тилакоидаш[24].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Ченцов, 2004, с. 217.
  2. Ченцов, 2004, с. 218.
  3. Сапин, 2002, с. 20.
  4. Ченцов, 2004, с. 219.
  5. Фуралев, 1998, с. 11.
  6. Ченцов, 2004, с. 60.
  7. 1 2 Ченцов, 2004, с. 67.
  8. Фуралев, 1998, с. 22—23.
  9. Ченцов, 2004, с. 61—62.
  10. Ченцов, 2004, с. 279.
  11. Ченцов, 2004, с. 314.
  12. Ченцов, 2004, с. 153—154.
  13. Сапин, 2002, с. 24.
  14. Ченцов, 2004, с. 292.
  15. Ченцов, 2004, с. 295—304.
  16. 1 2 Ченцов, 2004, с. 305.
  17. Сапин, 2002, с. 21.
  18. Ченцов, 2004, с. 306.
  19. Ченцов, 2004, с. 371—372.
  20. Ченцов, 2004, с. 402—403.
  21. Маргелис, 1983, с. 13—15.
  22. Ченцов, 2004, с. 325.
  23. Ченцов, 2004, с. 326, 333.
  24. Ченцов, 2004, с. 354—356.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]