Чулацаман тӀегӀо

Йуккъера Африка

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Географин регион
Йуккъера Африка
 къ. ш. 21° м. д.HGЯO
Пачхьалкхаш
Бахархой
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Йуккъера Африка — географин регион, Африкин малхбузехьара дакъа, лаьтта экваториалан а, субэкваториалан а асехь, цуо шена чулоцу шуьйра чӀопа йолу Конгон чутаӀе, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказан а, Гвинейн айман а бердйисташ йу, къилбаседехьа йукъахь бу Азанде чӀаплам, къилбехьа — Лунда плато цуьнца болу Анголин чӀаплам а. Малхбалехьа регион чекхйолу Малхбален-Африкин рифтан системин Малхбузехьара гаьннашца.

Йуккъера Африкин йукъара пачхьалкхаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
ПачхьалкхТобанашйаран методКоьрта гӀала
ВКЪКХ версица[2]ЦРУн версица[3]СГНЗС дошаман версицаОКСМ версица[4]
 АнголаКъилба АфрикаЛуанда
 БурундиМалхбален АфрикаМалхбален АфрикаМалхбален АфрикаГитега
 ГабонЛибревиль
 ЗамбиМалхбален АфрикаКъилба АфрикаМалхбален АфрикаЛусака
 КамерунМалхбузен АфрикаЯунде
 Демократин Республика КонгоКиншаса
 Республика КонгоБраззавиль
 РуандаМалхбален АфрикаМалхбален АфрикаМалхбален АфрикаКигали
 Сан-Томе а, Принсипи аГӀайренан бачхьалкх
Атлантикин Ӏапказ чохь
Сан-Томе
 Йуккъерчу Африкин РеспубликаБанги
 ЧадНджамена
 Экваторан ГвинейМалабо

Наггахь Йуккъера Африкин йукъатуху Британин хӀордал дехьара территори — Аьрдачу Еленин гӀайре.

Конго эркан чутаӀенан бух бу чӀопа, уьшал йолуш, 300—500 м. лакхахь. Уггаре лаькха лаьмнаш ду — Адамауа чӀаплам Камерунехь (3008 м кхаччалц) а, тӀапломан акъари Камерун а (4040 м. кхаччалц). Делахь а Йуккъера Африкин рельеф дуккхачу хьолехь тийна йу, башха хийцамаш боцуш. Приэкваторан Африка, къаьстина Конго чутаӀе, къаьсташ йу уггаре луьста дуьззинахиш долу эркийн гаьннаш хиларца Африкехь, царах уггаре докха ду — эрк Конго (Заир). Гвинейн айма чу кхин догӀу эркаш Огове, Кванза кхидерш а. Дукха меттигаш дӀалаьцна йу уьшалш. Экваторан климатан асехь кхуьуьш йу луьста дукхаярусаш йолуш тӀуьна тропикийн хьаннаш. субэкваторан асехь — галерейн хьаннаш, хидоькъе меттигашкахь йаьржина йу тайп-тайпана саваннаш. Гвинейн айма чудогӀуш долу эркийн хикхочешкахь, йаьржина йу мангрин къухаш.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. (unspecified title)база данных Всемирного банка.
  2. United Nations Statistics Division
  3. The World Factbook. Location. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 2 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 24 майхь Архивйина 2011-05-24 — Wayback Machine
  4. Общероссийский классификатор стран мира (ОКСМ). Приложение Д