Чулацаман тӀегӀо

Исламехь Товрат

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хьарчорца Товратан схьайиллина ботт

Товра́т (Ӏаьр. التَّوْرَاةُ‎‎) — иза ислам динехь Деза Жайна ду (хьажа Делан Йозанаш). Бусалбанаш тешаш бу иза Дала Муса пайхамаре доссийна Жайна хиларх. Товран ламасташ гойтучу хенахь, бусалбанаша иза Мусан пхи экъаца къобалдина хилла ца Ӏаш, иштта Танахан кхидолу жайнашца а, Талмудца а, Мидрашца а къобалдина[1].

Къуръан чохь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Къуръан чохь «Товрат» боху дош 18-зза хьахийна ду, ткъа Мусан цӀе 136-зза хьахийна йу.

Товрат доссийна Оха [Муса пайхамаре], шена чохь нийса куьйгалла [йа нийса некъ] а, серло а йолу. МуьтӀахьхиллачу пайхамарша жуьгталла лелочарна кхелйина цуьнца. Жуьгтийн молланаша [раввинаша] а, [насарийн] мозгӀарша а дира изза, АллахӀан Жайнах, ларде аьлла, шайна тӀедиллиначуьнан хьокъехь. Цуьнах долучунна тешаш бара уьш. Нахах ма кхера, Сох кхера! Сан билгалонаш [йа аяташ] ма дохка цхьа кӀадбоцчу мехах. АллахӀа доссийначуьнга хьаьжжина кхел цайийраш — керстанаш бу.

Аль-Маидат сурат 5:44

Къуръан чохь цхьана а меттехь йаздина дац Товрат деккъа Мусага деллера аьлла, мелхо а цу чохь йаздина ду исраилхойн пайхамарша Товратца хьукмадеш хилла аьлла. Ткъа Делан омранаш чу а лоцуш хьукмадеш долу аяташ — иза Товрат ду. ﴾Цара хьоьга хьукма (кхел) муха йойту, шайгахь Товрат а долуш, шена чохь Делан кхелйолу? ТӀаккха дӀабоьрзу уьш цул тӀаьхьа, шаьш Делах тешна боцу дела﴿ [Къуръан:5-43]. Къуръан чохь хьахийна закон: ﴾Оцу [Товрат] чохь царна [жуьгташна] тӀедиллинера Оха: са – синна дуьхьал, бӀаьрг – бӀаьргана дуьхьал, мара – мерана дуьхьал, лерг – лергана дуьхьал, церг – цергана дуьхьал, ткъа чевнашна дуьхьал – бекхам [чӀир]. Нагахь цхьаммо сагӀина и [бекхамбар] дитахь - капарат [я къинойх цӀанвалар] хир ду и [дитар] цунна. АллахӀа доссийначуьнга хьаьжжина кхел цайийраш - зуламхой бу﴿ [Къуръан:5-45].

Товратан ладам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Къуръан чохь цхьана а меттехь деана дац Товрат деккъа Мусас хьехна аьлла, мелхо а бисинчу жуьгтийн пайхамарша лелош а хилла иза, цуьнца хьехамаш а беш. Къуръан чохь хьехийна ду Товрат чохь хьекъале дешнаш дара аьлла, жуьгтийн пайхамарша а, молланаша а, раввинаша а, Исраилан хьекъалдайша а цуьнан законаш куьйгалладеш лелош хилла аьлла, веккъа Муса пайхамар хилла а ца Ӏаш.

  1. Isabel Lang. . — ISBN 978-3-8325-4151-4.