Чулацаман тӀегӀо

Императоран исбаьхьаллин академи

59°56′15″ къ. ш. 30°17′24″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Императоран исбаьхьаллин академи
Императорская Академия художеств
59°56′15″ къ. ш. 30°17′24″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Российн импери
Лаьтта меттиг Василеостровский район
Йиллинарг Иван Иванович Шувалов
Йиллина терахь 1757 шо
Статус  ОТӀО № 7810186000№ 7810186000
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Импера́торан исбаьхьа́ллин акаде́миРоссийн империн сурт дилларан говзаллин областера лакхара дешаран меттиг, лаьттина 1757 – 1918 шерий муьрехь Российн Советийн Республикин правительство дӀайаккхалц[1].

Императоран исбаьхьаллин академин истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Исбаьхьаллин академи кхолларан хьал

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Пётр I кхетара, Российн беркатах йолу шен ойла кхочушйан, махкахь дешар даржор иэшна ца Ӏаш, халкъан дахар говзаллица дуза дезий, иза ладаме дакъа хиларх оьздангаллин. Оцу Ӏалашонца Петра кхоьллира Петарбухан типографехь сурт дилларан ишкол. Ишколехь болх беш бара сурт дилларан хьехархой. Ишкол карахь йара типографин директоран М. П. Абрамовн, иза башха тергонехь йара Пётр I. Официалан документашкахь ишколах олура «Академи». «Цуьнан Возалла Академехь вара, адаман сурт диллира» дӀайаздина «Ювеналехь» 1715 шеран 3 ноябрехь. Ишколан Пётра башха инструкцица тӀедиллира: «… Ӏамор дӀахьуо низамца а, говзаллин йерриг отраслашкахула а»[2].

1716 шарахь исбаьхьалчаш Захаров Александр, вежарий Иван а, Роман а НикитингӀар, ткъа иштта архитекторш Еропкин Пётр а, Исаков Фёдор а хьовсийра Флоренцера исбаьхьа говзаллин академе; архитекторш Устинов Иван а, Коробов Иван а, исбаьхьалча Матвеев Андрей — Голланде; агархо Степан Коровин — Париже, агархо Черкасов Фёдор — Итале[3].

Ша валале цхьа шо хьалха Пётр I арадаьккхира «Меттанаш а, иштта кхин Ӏилманаш а, гӀарадевлла исбаьхьаллаш а Ӏамор долу академех» омар. «Тайп-тайпана исбаьхьаллин академеш кхолларах» омаран проект паччахьал хьалхайиллира механика-кхоллархочо А. К. Нартовс. Ж.-Б. А. Леблона (1717) хӀоттийначу Петарбухан хир йолу гӀалин план техь, инарла-губернаторан А. Д. Меншиковн кертан уллехь Васильевски гӀайренан тӀехь йан ларийнера «Йерриг говзаллин а, пхьолин а академин» гӀишло. Нартовн проектехь «архитектораш цивилис» кечбаран цхьаьна могӀара, билгалдоккхура агаран, иконаш йазйаран, токарийн, «фонтанийн гӀуллакхан говзанчийн», слесарийн, дечиг-пхьерийн, металл лалорхойн, оптикийн, гӀелипхьерийн, цӀестапхьерийн классаш йан иэшар[4]. Иштта йара оцу заманан эстетика: говзаллаш ца йоькъура «исбаьхьа» а, «механикин» а олий. Академин проект, 1716 шарахь деша Итале вахале кховдийра архитекторо П. М. Еропкина. Исбаьхьаллин академин шен проект кховдийра 1716 шарахь дуьйна Россехь болх беш волчу французийн сурт диллархочо Каравак Луис. Амма император Петр 1725 шарахь валаро и гӀуллакхаш совцийра.

Пётран когаметтаболчара схьа ца ийцира цуьнан говзаллаш кхиоран Ӏалашонан ладамалла гар. 1724 шарахь дуьйна Петарбухан Ӏилманийн академин йукъахь болх бан йолаелира Агаран палата. Анна Иоанновна йолуш хӀоттийна, Петарбухан Ӏилманийн академи уставан проектехь, боху: «… Ӏилманчо диллина суьртан исбаьхьалло пайда кӀезиг бо, амма йоккха хазалла йу иза». Оцу муьран Ӏилманан академехь коьрта тидам тӀебохуьтура оганан а, правительствон заказаш кхочушйарна, Паччахьан керто тӀедиллина исбаьхьаллин-самукъадаккхаран дакъа кхочуш дарна а.

Пхьоланийн академин проект кечйира В. Н. Татищевс. 1730 шарахь, паччахь-аьзни Анны Иоанновна йолуш, Татищевн план тӀеийцира. Академин куьйгаллехь хила везара Татищев, изза хӀоттийра «механикин декъан» куьйгалхо. Архитектурин декъан куьйгаллехь хила везара П. М. Еропкин, сурт дилларан — Каравак Луи, скульптурин — Растрелли Карло . Амма и проект, Аннин заманахь болийна кхин белхаш санна, аьттонца «лаьттах боьхкира».

Пхьоланийн академин проект кечйира В. Н. Татищевс. 1730 шарахь, паччахь-аьзни Анны Иоанновна йолуш, Татищевн план тӀеийцира. Академин куьйгаллехь хила везара Татищев, изза хӀоттийра «механикин декъан» куьйгалхо. Архитектурин декъан куьйгаллехь хила везара П. М. Еропкин, сурт дилларан — Каравак Луи, скульптурин — Растрелли Карло . Амма и проект, Аннин заманахь болийна кхин белхаш санна, аьттонца «лаьттах боьхкира».

1738 шо чекхдолуш Штелин Якоба кхоьллира Ӏилманан академехь Сурт дилларан палату, ткъа 1747 шарахь Ӏилманийн академех Ӏилманан а, исбаьхьаллин а академи йар бахьнехь факт хилла куьйгалла дира цуьнан «исбаьхьаллин департаментан»[5]. Штейлина хӀоттийра кечйина Ӏилманан академера Исбаьхьаллин академин керлачу штатан проект а, низам а. Амма и проект сецира Ӏилманан академин президента графа К. Г. Разумовскийс дуьхьало йар бахьнехь.

Ӏилманийн академехь агаран а, суртдилларан а ишколан роле охьайалича а, исбаьхьаллин декъо ницкъ бо цунна. Дери до «исбаьхьалчаш оьшу анатомин куьцаш, бецаш, кхин натурашка йахка бен ца оьшу», Академин куьйгалло арзнаш, до йан ца оьшу, йаккхий харжаш йарна, нагахь «шенан сатийсам хилла йолу исбаьхьаллин академии дӀайаьккхинехьара», тӀаккха хаттар хӀоттадо «Оьшийтеша исбаьхьаллин академи Ӏилманийн академин йукъахь йа ца оьшу, стенна оьшуш хила тарло иза пачхьалкхан?» (07.09.1733).

15 шо даьлчи (25.09.1747) Ӏилманан академин регламентехь оцу хаттарна аьтту жоп делира: «Совнаха гӀуллакхаш йаздан шорта ду, муьлххачу пачхьалкхан беркате хьолан Ӏилманаш а, исбаьхьаллаш а оьшуш йу аьлла. Оцу регламентаца Ӏилманийн академин цӀе хийцира Ӏилманийн а, исбаьхьаллин а академи цӀе тиллина. Исбаьхьаллаш хьехар шорло: кхуллу скульптурин а, архитектурин а классаш, ткъа сурт дилларан палата йоькъу кхаа декъе: суьрташ тӀера, гипсаш тӀера, натурера. 1748 шеран 8 июнехь дуьйна буьйлало Исбаьхьаллин академин гуламаш бан, цигахь хуьлу Академин декъашхой (уьззаш говзаллийн хьехархой)[6].

Исбаьхьаллин академи кхолларан ойла йу Императоран Москохан университетан кураторан И. И. Шуваловн. Исбаьхьаллин академи кхолларан кечам болийра Москохан университетехь иза йиллинчу хенахь дуьйна. 1755 шеран апрелехь Шуваловс университетан хьалхарчу директоре А. М. Аргамаковга инструкцехь йаздо университетан гимназин башха классе «исбаьхаллаш Ӏамо» дешархой гулбар иэшарх. Исбаьхьаллин классан дешархой хоржура хӀазанан чоьтах доьшучу гимназихой-тайп-тайпана чинхойх. 1756 шеран январехь гимназин алсама хьуьнарш гайтина хьалхара 9 дешархо, Шуваловн омарца кхин дӀадеша хьовсийра Петарбухе Ӏилманийн академе[7][8].

Исбаьхьаллин академи йиллар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Академи кхоьллинарш — И. И. Шувалов а, А. Ф. Кокоринов а

1757 шарахь Императоран Москохан университетан куратор И. И. Шувалов кехат йаздира Сенате Исбаьхьаллин академи йовзуьйтуш, цунна чохь йаздира: «… оьшу йелла исбаьхьаллин академи, иза хьоле йеача цуьнан стоьмаш, кхузара Империн сий хира ду, боккха пайда хира бу хӀазнан а, партикуляран белхашна а, цунах кхечу мехкара йуккъера хаарш дерш, даккхий ахчанаш кхочуш, баха а ховший цӀа боьрзу, хӀинца цхьан а оьрсий ца витина цхьанне а исбаьхьаллехь, цхьа хӀума дан хууш волу. …И академи йуьллур йу кхузахь Петарбухехь, хӀунда аьлча, дика говзанчашна ца лаьа Москоха баха, паччахьан цӀийнера белхаш хиларна сатуьйсуш, кхин а кхузахь кхечу мехкара баьхкинар реза болуш Ӏаш бу кхузара дахарна». Сенато сацам бира (06.11.1757) «йуьйцу Исбаьхьаллин академи кхузахь Петарбухехь йилла», Шуваловн тӀедилла Академин хӀоттаман а, штатан а проект Сенате чуйала. Иштта кхоллаелира «Кхаа гӀарайаьллачу исбаьхьаллин академи», И. И. Шуваловн (1757—1763) урхаллин йерриг хенахь Императоран Москохан университетан йукъахь лерина йолу. 1758 шо долалуш Москохан университетера Академи дехьавоккху хьалхара 16 студент а, кхин 20 студент схьаоьцу Петарбухера.[6]

Йиллинчул тӀаьхьа Исбаьхьаллин академи лаьттира Императоран Москохан университетан карахь (1757—1763), урхалла дора ша И. И. Шуваловс. Академи кхолла делира шарна 6 эз. сом, уьш лора Москохан университетан хӀазне. Университетан Уставан проект хӀоттош (1761), Исбаьхьаллин Академин харжаш Москохан университетан бюджетан а, штатан а йукъатоха план йара.[8]

И. И. Шуваловн цӀенош Мали Садови тӀехь. Императоран исбаьхьаллин академи йуьхьанца чохь хилла гӀишло.

Академи йуьхьанца йахийтира Мали Садови урамера Шуваловн цӀенош чу. 1758 шарахь дуьйна кхузахь дешар дӀадолийра. Академин йуьхьанца ахча чӀогӀа кӀезиг делира: сацам бара дӀахеца цунна 6 эзар сом шеран. Амма шен доларчу бахамца Шуваловн аьтту белира сихха академин сий айа. Шуваловс дозанал арахьара хьехархой кхайкхира — Францера а, Германера а исбаьхьалчаш, схьаийцира хьалхара дешархой, Академин совгӀат дира шен исбаьхьаллин коллекцица, йуьхьиг йолийра академин библиотекин а, музейн а. Архитектура хьеха А. Ф. Кокоринов Академин йукъаварца хила мА-беззара болх дӀанисбелира.

Дешаран курс исс шеранна йара, цунна чудогӀара агаран, портретан, скульптурин, архитектурин, кхин а говзаллаш Ӏамор. 1760 шарахь дуьйна дика арахецархой хӀазнан чоьтах хьовсабора дозанал арахьарачу стажировке (французийн Руман совгӀатан масаллица).

Академин хьалхара ректор хилира французийн скульптор Ле Лоррен Луи, адъюнкт-ректор Жилле Николя. ТӀехьарчо кӀеззиг тӀаьхьа ша дӀалецира ректоран дарж, амма 1760 шарахь иза хийцира Лагрене Луис, иза даржехь висира 1763 шарахь Шувалов паччахьо дӀататталц[9].

Академин персонаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Академин президенташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Академи филателихь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  2. Справочник Императорской Академии художеств, 1915, с. 2.
  3. Справочник Императорской Академии художеств, 1915, с. 3.
  4. Гизе М. Э. Нартов в Петербурге. — Л.:Лениздат, 1988. — С.69-78.
  5. Власов В. Г. Искусство России в пространстве Евразии. В 3 Т. СПб.: Дмитрий Буланин, 2012. Т. 2. С.229-231
  6. 1 2 Справочник Императорской Академии художеств, 1915, с. 4.
  7. В составе этой группы питомцев Московского университета были выдающиеся русские архитекторя В. И. Баженов и И. Е. Старов
  8. 1 2 Императорский Московский университет, 2010, с. 16.
  9. Christian Michel. Chapter 5 // The Académie Royale de Peinture et de Sculpture: The Birth of the French School, 1648–1793(ингалс.). — Getty Publications, 2018. — P. 107. — ISBN 1606065351.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Академия художеств // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Академия художеств // Еврейская энциклопедия Брокгауза и Ефрона. — СПб., 1908—1913.
  • Сборник материалов для истории Имп. С.-Петербургской академии художеств за сто лет ее существования / Изд. под ред. П. Н. Петрова и с его примеч.: [1843-1864]. — СПб., 1866. — 450 с.
  • Временный устав Императорской академии художеств, высочайше утверждённый в 15 день октября 1893 года
  • Почетные вольные общники Императорской Академии художеств : крат. биогр. справ. / авт.-сост. Н. С. Беляев ; Б-ка Рос. Акад. наук. — СПб.: БАН, 2018.
  • Торжественные публичные собрания и отчеты Императорской Академии художеств (1765, 1767—1770, 1772—1774, 1776, 1779, 1794, 1802—1815) / сост., авт. вступ. и примеч. Н. С. Беляев; БАН. — СПб.: БАН, 2016. PDF
  • Торжественные публичные собрания и отчеты Императорской Академии художеств (1817—1859) / БАН; сост., авт. вступ. ст и примеч. Н. С. Беляев. — СПб. : БАН, 2015. PDF
  • Академия художеств. История повседневности в воспоминаниях и изображениях современников. XIX — начало XX в. / Сост.: Е. Н. Литовченко, Л. С. Полякова. — СПб.: Историческая иллюстрация, 2013. — С. 103—122. — ISBN 978-5-89566-113-0.
  • Юбилейный справочник выпускников Санкт-Петербургского Государственного академического института живописи, скульптуры и архитектуры имени И. Е. Репина Российской Академии художеств. 1915—2005. / Сост. С. Б. Алексеева; научн. ред. Ю. Г. Бобров. — СПб.: РАХ, 2007.
  • Беляев Н. С. История Научной библиотеки Российской академии художеств (1757—2000) / СПбГУКИ. — СПб.: Лема, 2005.
  • Власов В. Г.. Российская Академия художеств, россика и национальное академическое искусство // Власов В. Г. Искусство России в пространстве Евразии. — В 3-х т. — СПб.: Дмитрий Буланин, 2012. — Т. 2. — С. 229—360.
  • Евсевьев М. Ю. Проблема Императорской Академии художеств и борьба вокруг неё в 1917 — начале 1918 года // Советское искусствознание. Вып. 25. — сб. статей. — М.: Советский исбаьхьалча, 1989. — С. 225—248. — 448 с.
  • Кондаков С. Н. Юбилейный справочник Императорской Академии художеств. 1764-1914. — СПб.: Товарищество Р. Голике и А. Вильборг, 1915. — Т. 1 (Часть историческая). — 353 с.
  • Кондаков С. Н. Юбилейный справочник Императорской Академии художеств. 1764-1914. — СПб.: Товарищество Р. Голике и А. Вильборг, 1915. — Т. 2 (Часть биографическая). — 459 с.
  • Лисовский В. Г. Академия художеств. Историко-искусствоведческий очерк. — 2-е изд-е. — Л.: Лениздат, 1982. — 224 с.
  • Оленин А. Н. Избранные труды по истории и деятельности Императорской Академии художеств / БАН; сост., авт. вступ. ст и примеч. Н. С. Беляев; науч. ред. Г. В. Бахарева. — СПб.: БАН, 2010.
  • Пронина И. А. Декоративное искусство в Академии художеств: Из истории русской художественной школы XVIII — первой половины XIX века (К 225-летию Академии художеств СССР) / АХ СССР. Научно-исслед. ин-т теории и истории изобр. искусств. — М.: Искусство, 1983. — 312, [104] с. — 20 000 экз.
  • Пятнов А. П. АКАДЕМИЯ ХУДОЖЕСТВ // А. Ю. Андреев, Д. А. Цыганков Императорский Московский университет: 1755—1917 : энциклопедический словарь. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), 2010. — С. 16. — ISBN 978-5-8243-1429-8.
  • Ульянов О. Г. Римский topos Образа: исбаьхьалчаи Императорской Академии художеств XVIII—XX вв. и «новая Сикстинская капелла XXI века» (Redemptoris Mater, Ватикан) Архивйина 2020-10-24 — Wayback Machine // Академия художеств в прошлом и настоящем. Международная научная конференция РАХ к 260-летию со дня основания. — СПб., 2018. — С. 312—321.