Брюллов, Карл Павлович
Карл Брюллов | |||||
---|---|---|---|---|---|
![]() Автосурт (1848). Москох, Пачхьалкхан Третьяковн галерей | |||||
Бакъ цӀе: | Карл Брюлло | ||||
Вина терахь | 1799 шеран 23 декабрь (222 шо) | ||||
Кхелхина терахь | 1852 шеран 11 июнь[1][2][3] (52 шо) | ||||
Кхелхина меттиг | Манциана, Лацио, Папин область | ||||
Пачхьалкх: | |||||
СовгӀаташ: |
|
||||
Сийлахь цӀе: |
Кеп:ИИА Кеп:ИИА |
||||
Премеш: | Кеп:ИИА | ||||
![]() |
Брюлло́в (Брюло́в) Карл Па́влович (1822 шо кхачале — Брюлло; 23.12.1799, Петарбух, Росси — 1852 шеран 11 [23] июнь, Манциана, Папин область) — оьрсийн[4] исбаьхьалча, сурт диллархо, монументалхо, акварелхо, классицизман а, романтизман а векал. Жанран а, историн а гатанийн автор[5].
Кхолларалла гайтар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина шайн дайшкара исбаьхьалчаш болчу доьзалехь[5]. бустамийн скульптурин академикан П. И. Брюллон кӀант, нисса да а вара цуьнан хьалхара хьехархо[5]. 1809—1821 шерашкахь дешна Императоран Исбаьхьаллин Академехь А. И. Иванов а, А. Е. Егоров а, В. К. Шебуев а болчохь. Академи чекхйаьккхина йоккхачу дешин мидалца (суьртан «Мамврийн наж болчохь ИбрахӀиман кхо малик дар») а, 1-ра тӀегӀанера аттестатца а. 1822 – 1834 шерашкахь Исбаьхьалчашна совгӀат даран йукъараллин пенсионер хиларна болх а беш ваьхна Италехь, цигахь йаздина сурт «Помпейн тӀаьххьара де» (1830—1833), цунна Парижехь Гран-при йелира. Цуьнца цхьаьна дехкина цхьа могӀа суьрташ, царна йукъахь сурт «Бере-аьзни» (1832), цуо сий айира цуьнан. 1835 шарахь лела вахара Желтойчу а, Туркойчу а, оцу хенахь бира цхьа могӀа графикин белхаш. Оццу шарахь йухавирзина Россех, 1836 шо кхачале ваьхна Москохахь, цигахь вевзира А. С. Пушкин, цул тӀаьхьа кхелхира Петарбуха. 1836—1849 шерашкахь хьийхира Исбаьхьаллин академехь. Дехкира оьрсийн оьздангаллин гӀуллакххойн цхьа могӀа суьрташ, царна йукъахь Н. В. Кукольникан (1836), И. П. Виталин (1836—1837), В. А. Жуковскийн (1837), И. А. Крыловн (1839). ДоттагӀалла дара М. И. Глинкица а, Н. В. Кукольникца а. 1843—1847 шерашкахь дакъалецира Петарбухера Казанан а, Исаакъан а килсанашна суьрташ дохкуш (чекхдаьхна П. В. Басина). Цамгар бахьнехь 1849 шарахь дӀавахара Мадейра гӀайрен тӀе. Цигахь вехаш дехкира шен доттагӀийн, бевзачеран дукха акварелан суьрташ, масала, («Дошлой. Е. И. Мюссаран а, Э. Мюссаран а суьрташ», 1849). 1850 шарахь дуьйна ваьхна Италехь. Миланан а, Пармин а академийн декъахо хилла, ткъа кхин а Румера Сийлахь Лукин Академин а.
К. П. Брюлловн кхолларалла хилира оьрсийн тӀаьхьара романтизман бохь, оцу хенахь гармонин цхьааллин а, дуьненан хозаллин а синхаам хийцабелира дахаран бохамаллица а, девналлица а, чӀогӀа шовкъаш хазахетарца, тамашийна теманашца, хьелашца. Хьалхарчу могӀаршка йуха а хӀутту историн сурт, амма хӀинца цуьнан коьрта тема — турпалхойн къовсам бац, классицизмехь санна, ткъа дуккха а адамийн массийн кхоллам бу. Шен коьртачу «Помпейн тӀаьххьара де» цӀе йолчу кхолламехь Брюлловс цхьаьнатуьйхира гӀуллакхан бохамалла а, серлонан а, классикин агӀора чӀогӀа хаза долу хотӀан пластика йолу скульптура а, романтикин эффекташ а. Суьрто вовзийтира исбаьхьалча Россехь а, Европехь а.
Парадан а, камерин а суьртан гӀараваьлла пхьеро, Брюлловс йира романтизман муьран шен кхоллараллехь гайтаман эволюци — дахар хазахетарца тӀеэцаран хьалхарчу кхолламашна тӀера («Бере-аьзни», 1832) чолхе йинчу психологизме кхаччалц («Автосурт», 1848), иштта сов велира бӀешеран шолгӀачу декъера говзанчийн кхиамел, масала, ишттанаш И. Е. Репин («М. П. Мусоргскийн сурт», 1881). Брюлловс боккха Ӏаткъам бина оьрсийн исбаьхьалчашна, царна йукъахь бара шортта тӀаьхьамчаш а, тарбала гӀертарш а.
1862 шарахь Новгородехь хӀоттийна скульпторан М. О. Микешинан «Российн эзар шо кхачар» иэс тӀехь, К. П. Брюллов гайтина ширачу хенера XIX бӀешеран йуккъе кхаччалц болчу муьрера Оьрсийн пачхьалкхан йаздархойн а, исбаьхьалчийн а 16 хатӀ йукъахь.
Ваша Брюллов Александр, архитектор, романтизман векал.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бералла. Дешар Академехь[нисйе бӀаьра | нисйе]
Брюллов Карл вина 1799 шеран 23 декабрехь Петарбухехь академикан, петарбурхан исбаьхьаллин академин бустамийн скульптурин классера хьехархочун доьзалехь. Да кхин а дечиган пхьар а, миниатюрин сурт дилларан говзанча а, агархо а вара. Схьавалар дара французех Брюлло Павел Ивановичах (Brulleau, 1760—1833) а, цуьнан зудчух, немцойн орамаш болчу, Шрёдер Мария Ивановнех (Schroeder) а. Цул сов, доьзалехь вара кхин а кхо кӀант а, ши йоӀ а.
Жималлехь дуьйна, шен цамгарка хьаьжна ца Ӏаш, Карл, кӀант сурт дилларе Ӏамо лууш волчу, ден лаамца, карайерзайора шен хин болчу белхан оьшу говзалла: суьрташ дохкура адамийн, дийнатийн массо а кепара, ткъа 1805 шарахь дуьйна, Павел Иванович даржера мукъаваьллачул тӀаьхьа, сих-сиха гӀодора цунна белхан тӀехь Кронштадтан килс кечйеш, кхечу тайп-тайпана заказашна.
1809 шеран октябрехь кӀант дӀаийцира Ӏедалан чоьтах Петарбухера Императоран Исбаьхьаллин академе, цигахь дийшира 1821 шо кхаччалц. Цуьнан хьехархошна йукъахь вара А. И. Иванов. Карла сихха гайтира ша чӀогӀа дика, массо а агӀора похӀма долу дешархо санна, атта бора берриг дешаран белхаш, цундела массарна а дукха везара. Лакхарчу классашкахь жима стаго сих-сиха гӀодора шеца цхьаьна курсехь доьшучарна, кӀеззиг ахча а доккхуш тобора церан экзаменан белхаш. ТӀаьхьа историн сурт дилларан классехь Карлан йелира дешин мидал.
Брюлловн дуьххьарлера ладаме болх хилира гатанан сурт «Исбаьхьаллин похӀманча» (1817—1820, Пачхьалкхан Оьрсийн музей, Петарбух), иза диллинера академин бехкамашца, Академин Кхеташоно къобал дира тӀера копи йуьллу кеп санна. 1819 шарахь къона исбаьхьалчо диллира кхин а девза сурт «Хин чухьоьжа нарцисс», иза А. И. Ивановс ийцира шен коллекцин. ХӀинца иза Ӏалаш деш ду Петарбухера Пачхьалкхан Оьрсийн музейхь.
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Брюллов Карлан цӀарах цӀе тиллина Москохара урамна.
- Вежарийн БрюлловгӀеран сийнна цӀе йелла Петарбухера урамна[6].
- 2013 шеран 20 сентябрехь Мадейра гӀайрен тӀехь (Португали), Фуншал гӀалин йуккъерачу паркехь хӀоттийна Брюллов Карлан борзанан бюст[7].
ССРС поштан марка, 1957 шо. Исбаьхьаллин Академин 200 шо: К. П. Брюллов, И. Е. Репин, В. И. Суриков
Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Брюллов, Александр
- Самойлова, Юлия Павловна
- Оьрсийн музейс йаьккхина К. Брюлловн дахарех а, кхоллараллех а лаьцна фильм.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Нидерландский институт истории искусств
- ↑ Benezit Dictionary of Artists (инг.) — 2006. — ISBN 978-0-19-977378-7
- ↑ Архив изобразительного искусства — 2003.
- ↑ Bryullov Karl (1799—1852) — brief biography Архивацийина 6 августехь 2007 шеран. // Russian Paintings Gallery(ингалс.)
- ↑ 1 2 3 Энциклопедия русской живописи / О.Ю. Николаева. — «ОЛМА Медиа Групп», 2010. — С. 68. — 496 с. — ISBN 978-5-373-02769-4.
- ↑ Небольшую улицу на Парнасе хотят назвать Брюлловской — Новости Петербурга, строительные новости — Карповка. kanoner.com. Теллина 2015 шеран 30 сентябрехь.
- ↑ Елена Бехтиева. О первом памятнике русскому художнику в Португалии // «Русское искусство», № 1, 2014
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Брюлов, Карл Павлович // Чины шестого класса // Список гражданским чинам первых шести классов по старшинству. 1850. Состояние чинов по 20-е декабря 1849 г. — СПб.: Типография II отделения Собственной Его Императорского Величества канцелярии, 1850. — С. 400.
- Греков Вл. Брюллов, Карл Павлович // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.—М., 1896—1918.
- Голдовский Григорий, Петрова Евгения. Carl Brullov / На русском и английском языках. — СПб.: Государственный Русский музей, Palace Editions, 1999. — 198 с. — ISBN 5-93332-011-0, 3-930775-80-8.
- Карл Павлович Брюллов. — М.: Издательство «Директ-Медиа», 2010. — Т. 23. — 48 с. — (Великие художники). — ISBN 978-5-87107-196-0.
- Петрушевский Ф. Ф. Брюллов, Карл Павлович // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- С. Н. Кондаков. Юбилейный справочник Императорской Академии художеств. 1764-1914. — Спб.: Товарищество Р.Голике и А.Вильборг, 1915. — Т. 2. — С. 25. — 454 с.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Брюллов, Карл Павлович Викиларма чохь |
---|---|
![]() |
Брюллов, Карл Павлович Викикерланаш чохь |
- Брюллов Карл Павлович. Биография и творчество // art-klyan.com (ТӀе цакхочу хьажорг)
- «О Греция, восстань!» картины К. П. Брюллова из «греческого цикла»
- Брюллов Карл Павлович (1799—1852) — интернет-галерея.
- Брюллов Карл Павлович — сайт о художнике.
- Bryullov Karl (1799—1852)(ингалс.) — Карл Брюллов. Краткая биография и картины.
- Выставка в ГМИИ им. А. С. Пушкина 25.02 — 12.05.13 (репортажи СМИ)
- Бинарш 23 декабрехь
- Бинарш 1799 шарахь
- Белларш 11 июнехь
- Белларш 1852 шарахь
- Адамаш абатца
- Белларш метрополитенан гӀалахь Румехь
- Сийлахь Владимиран 4 тӀегӀан орденан кавалераш
- Сийлахь Станиславан 2 тӀегӀан орденан кавалераш
- Сийлахь Станиславан 3 тӀегӀан орденан кавалераш
- Сийлахь Аннин 3 тӀегӀан орденан кавалер
- Исбаьхьалчаш абатца
- XIX бӀешеран Российн исбаьхьалчаш
- Романтизман исбаьхьалчаш
- Императоран исбаьхьаллин академин арахецархой
- БрюлловгӀар
- Динан жанран исбаьхьалчаш
- Историн жанран исбаьхьалчаш
- Российн империн исбаьхьалчаш-портретисташ
- Российн империн исбаьхьалчаш-монументалисташ
- Коллегин хьехамчаш
- Императоран исбаьхьаллин академин сийлахь маьрша декъахой
- Исбаьхьалчаш-ориенталисташ
- Исбаьхьалчаш-хьехархой
- Российн империн акварелхой
- Адамаш:Лютераналла Россехь
- ДӀабоьхкинарш Тестаччо кешнашкахь