Жулов, Фёдор Егорович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Фёдор Егорович Жулов
Вина терахь 1919
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1944 шеран 23 апрель({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа авиаци[d]
Дарж младший лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны II степени

Фёдор Егорович Жулов (1919, Старый Оскол[d], Курская губерния[d]1944 шеран 23 апрель, Хмельницкан область) — кеманхо, лахара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жулов винера 1919 шарахь Белгородан областан Старый Оскол гӀалахь. Иза жима волу хенахь цуьнан доьзалла Соьлжа-ГӀала схьавеара. Цо чекхйаьккхира школан 7 класс а, фабрикан а, заводан а школа а. ТӀаккха цо цхьана Ӏилманийн талламан институтехь слесарь болх бира. Цу хенахь цо аэроклубехь дийшира. 1940 шарахь иза дӀакхайкхира ЦӀен Эскаре. 1942 шарахь цо чекхйаьккхира Томбован эскаран авиацин кеманхойн школа. 1943 шеран июнь дуьйна иза фронтехь вара. Жуловс лелош вара Ил-2 кема. Цо тӀом бира Воронежан а, 1-ра Украинан а фронташкахь[1].

1944 шеран мартехь лахара лейтенант Фёдор Жулов вара 1-ра Украинан фронтан 2-гӀа хӀаваан армин 5-гӀа штурман авиацин корпусан 264-гӀа штурман авиадивизин 235-гӀа штурман авиаполкан эскадрильян штурман. И хан кхачале цо мостагӀан доккху зен а деш 103 тӀеман тӀемавалар дира[1].

1944 шеран 26 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Жулаван йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1944 шеран 23 апрелехь шен кемантӀехь Ровно аэродроме воьдуш хенахь кема чу а доьжна Жулов велира. Цкъа хьалха иза дӀавоьллира Хмельницкин областан Славутски кӀоштан Перемышль юртахь. ТӀом чекхбаьлча иза дӀавоьллира Славут гӀалахь[1].

СовгатӀаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цунна йелира Ленинан орден а, шиъ ЦӀен Байракхан орден а (1943 шеран 11 сентябрехь а, 1944 шеран 7 февралехь а), 2-гӀа даржан Даймехкан ТӀеман орден а (1943 шеран 16 октябрехь)[1].

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жулован цӀе тиллира Соьлжа-ГӀалахь болу урам[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Герои-белгородцы. — Воронеж, 2-е изд., 1972.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Гр.: Чечено-Ингушское кн. изд., 1985.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]