Жуков, Георгий Константинович
Жу́ков Гео́ргий Константи́нович (вина 19 ноябрехь (1 декабрехь) 1896; Стрелковка, Малоярославецки уезд, Калугин губерни, Российн импери — вела 1974 шеран 18 июнехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн баьчча а, пачхьалкхан гӀуллакххо а. Советийн Союзан маршал (1943), Советийн Союзан доьазза Турпалхо (1939, 1944, 1945, 1956), шина «Толам» орденан (1944, 1945), йалх Ленинан Орденан (1936, 1939, 1945, 1956, 1966, 1971), дуккха а кхечу советийн а, арахьара мехкийн а орденийн, мидалийн кавалер.
ТӀемал тӀаьхьарчу шерашкахь халкъо цӀе тиллира «Толаман мудир»[4]. ССРС Дуьхьалонан министр (1955—1957). ССКП ЦК Президиуман декъахо (1957 шеран 29 июнь—29 октябрь). ССРС Лакхара Кхеташонан 1-ра, 2-гӀа, 3-гӀа, 4-гӀа кхайкхамийн депутат.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш, хьалхий-тӀаьхьий инарлин штабан хьаькам, фронтан баьчча, Лакхара Коьртабаьччин Ставкин декъахо, ССРС ТӀеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьччин гӀовс даржашкахь хилира. ТӀемал тӀаьхьарчу заманахь Латтан тӀера эскарийн Коьртабаьччин, Одессин, цул тӀаьхьа Уралан тӀеман гуонийн баьччин даржашкахь вара.
Сталин Иосиф веллачул тӀаьхьа хилира ССРС Дуьхьалонан министран хьалхара гӀовс, 1955 шерера 1957 шо кхаччалц — ССРС Дуьхьалонан министр. 1957 шарахь дӀаваьккхина ССКП ЦК йукъара, эскарера дерриг даржашкара, 1958 шарахь мукъаваьккхина эскарера.
Хьалхара биографи а, гражданийн тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]
Жуков Георгий вина Калугин губернин Малоярославецки уездера Стрелковка эвлахь ахархочун Жуков Константин Артемьевичан доьзалехь (1844—1921, оьрсий[5]).
1908 шеран аьхка луларчу Величково эвлара килсан ишколан кхо класс хасторан кехатца чекхйаьккхинчул тӀаьхьа «нанас Георгий дӀахӀоттийра Ӏамо» Москохара лаьжгаш лелош волу, жимачу цӀоканан пхьолгӀан долахо волчу шен ваша Пилихин Михаил волчу.
|
Москоха ваха сихха кечвелира. 1908 шеран июлан сарахь «Обнински» станцера[7] Георгий, кхехкийна пхи хӀоа а, хьокам а тӀоьрмиг чу биллина, девешех Сергейх тоьхна дачин москохан цӀерпоштан тӀехь хьажийра «нахана йукъа», оцу хенахь иштта олура.
ШолгӀачу дийнахь иза Ӏамо волавелира шен хала болх дийнахь-бусий пхийтта сахьтехь. 13 шо долуш, цӀоканийн гӀуллакхан йуьхьанцара курс аьттонца чекхйаьккхина, ша дӀахӀутту Тверан урамерачу суьйренан йукъарадешаран курсашка, цара лора гӀалин доьшийлин чухоаман барамехь дешар.
1911 шарахь, сарахь доьшуш, аьттонца дӀало гӀалин доьшийлин йуьззина курсан экзаменаш, тӀаккха аттестат ло цунна.
1912 шеран аьхка Георгий, уггаре дика хьуьнара долчех цхьаъ а, кхиина физикин агӀора онда а дешархо хиларна, оьцу гӀарайьллачу Нижни Новгородан базара, цигахь цуо наггахь хуьцу павильонан гопастал дехьа рицкъан да, доьхкина сурсаташ дӀахьарчадо, заказаш дӀахьажайо гӀалин Ийдалан а, Окин а хикеманийн йистедогӀийлашкара йа цӀерпоштан сурсатийн конторехула. Оцуу шарахь Жуковн, деа шеран доьшийлехь дуьххьара, итт денна отпуск ло шен эвла ваха.
1914 шарахь Георгий Константинович — москохан цӀоканийн гӀуллакхан говзанча ву. Баттахь кхо сом луш менга оьцу Охотни могӀанера доларчу квартирехь жерочуьнгара Малышевагара, из ахӀинца хуьлу «Москох» хьешан цӀийнан дуьххьала, ойла хӀутту хӀусаман да йолчуьнан йоӀ — Мария йало.
Амма тӀамо, даиман ма-хиллара, кегайо йерриг тхан догдохийлаш а, чоьташ а…
— Г. К. Жуков. «Воспоминания и размышления»[8].
15 (28) июлехь 1914 Российн импери йукъайоьду Дуьненан хьалхарчу тӀеман. Фронтехь иэшамаш хиларна, 1915 шеран майхь хенал хьалха 1896 шарахь бина кегийрхой эскаре кхайкхийра.

7 (20) августехь 1915 шарахь Жуков кхойкху Императоран эскаре. Малоярославецера хоржу дошлошка, оццу дийнахь керла схьаэцначаьрца цхьаьна новкъа бовлу Калуге, цигахь 189-гӀа резерван гӀашлойн батальонехь йолало тӀеман карьера. Цул тӀаьхьа, воьду Балаклей 5-гӀа резерван дошлойн полке[9].
Царна йелира Ӏаморан гӀашлойн пхоьазза йолу тоьпаш. ДӀакъастийна баьччас ефрейторо Шахворостовс кхайкхийра чоьхьара низам, тхан декхарш. Цуо луьра дӀакхайкхийра, шен «гӀуллакхна» бен, цхьа а тхо дӀакъаста йиш йолуш вац, нагахь низаман батальоне кхача ца лаахь аьлла.
— Г. К. Жуков. «Воспоминания и размышления»[10].
Дошлойн унтер-эпсаран дешар чекхдаьккхича, 1916 шеран август чекхболуш хьажийра Къилба-Малхбузан фронте Новгородан 10-гӀа драгунийн полкера баьччан буьйр дан. ТӀемехь дакъалоцуш, «немцойн эпсар лацарна» совгӀат дина4-гӀачу тӀегӀанан Георгийн жӀараца. Октябрехь онда айп дира, дикка къорволарна хьажийра резерван дошлойн полке.
ТӀамтӀехь човйарна йелира шолгӀа Георгийн жӀар, хӀинца 3-гӀа тӀегӀанан. Оьрсийн императоран эскарехь гӀуллакх дира лахара унтер-эпсаре кхаччалц[11]. Февралан революцил тӀаьхьа Жуков хаьржира салтийн эскадронан комитетан председатель. Эскадрон дӀасахецначул тӀаьхьа 1917 шеран декабрехь йухавирзира Москоха, цул тӀаьхьа да-нана долчу эвла вахара, цигахь йехачу заманахь цомгаш Ӏийра тифца.
ЦӀен эскарехь ву 1918 шеран 1 октябрехь дуьйна, шен лаамехь. 1919 шеран 1 мартехь РКП(б) йукъавахара. ГӀуллакхехь вара Москохан дошлойн дивизехь. Гражданийн тӀамехь цӀенэскархочо Жуков Георгийс тӀом бира 1919 шеран майхь дуьйна Малхбален, Малхбузан, Къилба фронташкара 4-гӀа эскаран оцу дивизехь. Иза декъахь волу дуьххьарлера операци хилира уралан гӀазакхаша гуо бина Уральск йастар. 1919 шеран августехь тӀом бира Царицынан гергахь 11-гӀа эскаран йукъахь Деникинан а, Врангелан а эскаршна дуьхьала тӀемехь Владимировка станцин а, Николаевск гӀалин а кӀоштахь. 1919 шеран сентябрехь-октябрехь дакъалецира Царицын гергарчу тӀамехь, цул тӀаьхьа Заплавнин а, Йуккъера Ахтубин а йуккъехь (хӀинцарера Волжски гӀалин уллехь), цигахь тӀамехь 26 йа 28 октябрехь чов йира гранатан герагашца. Лазаран цӀийнахь кхин а цомгаш хилира долу уьнах, товеллачул тӀаьхьа батана мукъаваьккхира даймахка ваха.[12]
Отпуска чекхйаьллачул тӀаьхьа йукъатоьхна Тверера резерван батальонан, ткъа дукха хан йалале цигара деша хьажийра. Рязанера дошлойн курсаш 1920 шеран гурахь чекхйаьхначул тӀаьхьа хӀоттийра взводан, тӀаккха эскадронан баьчча; 1920 шеран августехь Улагайн десантаца тӀамехь дакъалецира Екатеринодар йолчохь, 1920 шеран декабрера — 1921 шеран август кхаччалц дакъалецира Тамбовн махкара ахархойн гӀаттам охьатаӀош, цигахь чов йира.
Антоновн гӀаттам охьатаӀорна 1922 шарахь совгӀат дира ЦӀен Байракхан орденца, формулировка иштта йира:
Тамбовн губернера Вязови Пошт йуьртан гергарчу тӀамтӀехь 1921 шеран 5 мартехь, 1500—2000 стаг таррийн ницкъашца тӀелетаре хьаьжна ца Ӏаш, цуо эскадронца 7 сахьтехь тӀелатар сецийра, цул тӀаьхьа контртӀелатар а деш, 6-за чуччабахана латарехь йохийра жӀога.
— «Победоносные Звезды Георгия Жукова» Военная Энциклопедия [13]
Полкан баьччан тӀера дивизин баьчче кхаччалц (1923—1939)[нисйе бӀаьра | нисйе]
1923 шеран май чекхболуш Жуков баьччалла дан волавелира 7-гӀа Самарин дошлойн дивизин 39-гӀа полкехь, 1924 шарахь хьажийна Лакхара дошлойн ишколе.
1925 шарахь, Петарбухехь дошлойн баьччийн корматалла айаран курсаш чекхйаьхначул тӀаьхьа — 42-гӀа дошлойн полкан баьччас М. Савельевс, 37-гӀа Аштаркхнен полкан эскадронан баьччас Н. Рыбалкина, Г. К. Жуковс сацам бира йухаберза гӀуллакхан меттиге Минске цӀерпошт тӀехь а ца боьлхуш, говрашкахь баха. 963 километр йеха йолу маршрут, Витебскехула, Оршехула, Борисовхула 7 дийнахь-бусий чекхбевлира. Оцу хенан чохь говраш гӀелйелира 8 - 12 кила, береш 5—6 кила. Массо декъахочунна делира правительствон совгӀаташ а, баьччаллин баркалалла а[14].
1926 шарахь дуьйна 5 шарахь хьоьху тӀеман-эскарекхайкхалал кечам Белоруссин пачхьалкхан университетехь[15].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Кругосвет — 2000.
- ↑ 1 2 Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ Georgi Konstantinowitsch Shukow // filmportal.de — 2005.
- ↑ Российское военно-историческое общество.
- ↑ Интернет-проект «Герои Страны».
- ↑ Жуков, 1971, с. 15.
- ↑ Мемориальная доска на здании старого вокзала ст. Обнинское.
- ↑ Жуков, 1971, с. 28.
- ↑ Родился Маршал Советского Союза Георгий Константинович Жуков (оьр.).
- ↑ Жуков, 1971, с. 30.
- ↑ Георгий Жуков в энциклопедии МО РФ.
- ↑ Свищев В. Н. Г. К. Жуков на фронтах Гражданской войны в Заволжье. // Военно-исторический журнал. — 1996. — № 6. — С.43-47.
- ↑ Виноградова, Коломийцев, 2016.
- ↑ Жуков, 1971, с. 85.
- ↑ Скуратович, 2011.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Жуков, Георгий Константинович Викиларма чохь |
---|---|
![]() |
Жуков, Георгий Константинович Викикерланаш чохь |
- Жуков, Георгий Константинович / А. Д. Борщов // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- Жуков Георгий Константинович (1896 - 1974) : Энциклопедия // Министерство обороны Российской Федерации : официальный сайт. — 2020. — 25 марта. — Вистхиларан терахь: 20.05.2020.
- Маршал Советского Союза Георгий Константинович Жуков : Энциклопедия. История войн // Министерство обороны Российской Федерации : официальный сайт.
- Жуков Георгий Константинович : Энциклопедия. Военно-биографический словарь // Министерство обороны Российской Федерации : официальный сайт.
- Государственный музей Г.К. Жукова // Официальный сайт музея. — 2015. — 30 марта. — Вистхиларан терахь: 01.08.2016.
- Мемориальный кабинет-музей Г. К. Жукова (оьр.). Центральный музей Вооружённых Сил РФ (2016). Теллина 2016 шеран 22 февралехь.
- Georgy Konstantinovich Zhukov. Soviet marshal (ингалс.). Encyclopædia Britannica, Inc. (2016). Теллина 2016 шеран 10 февралехь.
- Жуков Георгий Константинович (оьр.). Универсальная научно-популярная энциклопедия «Кругосвет» (2016). Теллина 2016 шеран 10 февралехь.
- Gueorgui Konstantinovitch Joukov (Франц.). Larousse-edu.fr (2016). Теллина 2016 шеран 10 февралехь.
- Жуков Георгий Константинович (оьр.). Российское военно-историческое общество (2016). Теллина 2016 шеран 10 февралехь.
- Четырежды Герой Советского Союза. Жуков Георгий Константинович (оьр.). Патриотический интернет-проект "Герои Страны" (2016). Теллина 2016 шеран 10 февралехь.
- Фонд Александра Н. Яковлева (оьр.) (2016). Теллина 2016 шеран 20 февралехь.
- Георгий Константинович Жуков. Фотоальбом (оьр.). Хронос (2016). Теллина 2016 шеран 20 февралехь.
- Почётные граждане г. Белгорода - Жуков Георгий Константинович (оьр.). Администрация г. Белгорода (1999, 22 июль). Теллина 2019 шеран 24 сентябрехь.
- Почётные граждане Калужской области - Жуков Георгий Константинович (оьр.) (1995, 24 ноябрь). Теллина 2019 шеран 24 сентябрехь.
- Почётные города Курска - Жуков Георгий Константинович (оьр.). Администрация г. Курска (1996). Теллина 2019 шеран 24 сентябрехь.
- Почётные города Малоярославца - Жуков Георгий Константинович (оьр.). Администрация МО ГП «Город Малоярославец» (2012, 5 июнь). Теллина 2019 шеран 24 сентябрехь.
- Арахьара медиафайлаш
- «Георгий Жуков». Интернет-канал «Россия». Полководцы России. От древней Руси до XX века. Russia TV, М.. 2015. 39 минот.
- «Маршал Жуков против бандитов Одессы. Правда о "Ликвидации"». Интернет-канал «Россия». Ирина Чернова, Максим Файтельберг. Russia TV, М.. 2009. 43:00 миноташ.
- «Маршалы Победы: Жуков и Рокоссовский». Интернет-канал «Россия». Александр Славин (2 серии). Russia TV, М.. 2015. 90:00 минот.
- «Трофейное дело». «Телекомпания НТВ». 2015. 56 минот.
- Полководцы.. ЦСДФ. 1988. 59 минот.
- Маршал Жуков. Страницы биографии. ЦСДФ. 1984. 59:28 минот.
- Гость Георгий Жуков. Познер. Выпуск от 04.05.2010
- Мемориальная доска на здании старого вокзала ст. Обнинское
- Ордена и медали СССР Г. К. Жукова | Библиотека изображений. Официальный сайт Министерства обороны России
- Одна из последних фотографий Г. К. Жукова с наградами | Библиотека изображений интернет-проекта «Герои страны» Архивйина 2017-11-09 — Wayback Machine
- Жукова.jpg Мундир маршала Советского Союза Г. К. Жукова | Государственный музей политической истории России СПб.
- Фотография наград | НТБ НАУ им. Жуковского (Харьков)
- Фотография Г. К. Жукова с наградами | Proza.ru
- Бинарш 1 декабрехь
- Бинарш 1896 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Жуковн кӀоштахь (Калугин область)
- Бинарш Малоярославецки уездехь
- Белларш 18 июнехь
- Белларш 1974 шарахь
- Белларш Москохахь
- ДӀабоьхкинарш Кремлан пенан уллера некрополехь
- Фрунзе М. В. цӀарах ТӀеман академехь дешнарш
- Советски Союзан Турпалхой
- Толам орденан кавалераш
- Ленинан орден йелларш
- Октябран Революцин Орденан кавалераш
- ЦӀен Байракхан орден елла нах
- Суворовн I тӀегӀанан орденан кавалераш
- «Ленинград ларйарна» мидалца совгӀат динарш
- Москох ларйарна мидалца совгӀат динарш
- «Сталинград ларйаран» мидал йелла нах
- «Кавказ ларйаран» мидал йелла нах
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал йелла нах
- "Японин тӀехь толам баккхаран" мидалца совгӀат динарш
- Берлин йаккхарна мидалца совгӀат динарш
- Варшава мукъайаккхаран мидалца совгӀат динарш
- ССРС ЧГӀМ хьакъ долу белхалой
- Георгийн 3 тӀегӀанан жӀаран кавалераш
- Георгийн 4 тӀегӀанан жӀаран кавалераш
- МХР Турпалхой
- Республикин орденан кавалераш (ТХР)
- Сухэ-Баторан орденан кавалераш
- Монголин ЦӀечу Байракхан орденца совгӀат дина кавалераш
- «Японин тӀехь толам баккхарна» мидалца совгӀат динарш (МХР)
- "Халхин-Голан толаман 30 шо кхачаран лерина" мидалца совгӀат динарш
- «Монголин Халкъан революцин 50 шо кхачаран» мидалца совгӀат динарш
- Монголин Халкъан эскаран 50 шо кхачаран мидалца совгӀат динарш
- Польша денйаран Командоран жӀаран кавалераш
- «ТӀемалойн сийлаллин» орденан Йоккхачу жӀаран кавалераш
- Грюнвальдан 1 тӀегӀанера ЖӀар орденан кавалераш
- Варшава йаккхарна мидалца совгӀат динарш. 1939—1945
- Одра а, Ниса а, Балтика а даккхаран мидалца совгӀат динарш
- КӀайчу лоьман 1 тӀегӀанан орденан кавалераш (ЧССР)
- КӀайчу лоьман Толам баккхарна орденан кавалераш
- Чехословакин ТӀеман жӀаран кавалераш 1939
- Югославин Маршонан орденан кавалераш
- «Цийчоьнан-советийн доттагӀаллин» мидалца совгӀат динарш
- Сийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалераш
- Французийн ТӀеман жӀараца совгӀат динарш 1939—1945
- Бани орденан Йоккхачу жӀаран къонахий
- "Сийлахь Легион" орденан кавалераш (коьртабаьччанаш)
- ГӀуллакхаш дарна орденан Йоккха асанан кавалераш (Мисар)
- Белоруссин пачхьалкхан университетан хьехархой
- Эскаран инарлаш (ССРС)
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀера фронтийн баьччанаш
- Германера эскарийн коьртабаьччанаш
- РФ ТӀеман ницкъийн Инарлин штабан хьаькмаш
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамех дагалецамийн авторш
- Жуков Георгий
- Лаьттахулара эскарийн коьртабаьччанаш (ССРС)
- Германера Советийн тӀеман администрацин коьртабаьччанаш
- ССКП XIX гуламан векалш
- ССКП XX гуламан векалш
- ССКП XXIV гуламан векалш
- ССРС Лакхара Кхеташонан 1-ра кхайкхаман депутаташ
- ССРС 2 кхайкхаман Лакхара Советан депутаташ
- ССРС Лакхара Кхеташонан 3-гӀа кхайкхаман депутаташ
- ССРС Лакхара Кхеташонан 4-гӀа кхайкхаман депутаташ
- Украинийн ССР Лакхара Кхеташонан 1-ра кхайкхаман депутаташ
- ССКП ЦК Политбюрон декъахошка кандидаташ
- Киевн тӀеман гуонан баьччанаш
- Одессин тӀеман гуонан баьччанаш
- Уралан тӀеман гуонан баьччанаш
- ССРС мемуархой
- ССРС Дуьхьалонан министраш
- Лахара унтер-эпсарш (Российн импери)
- ССРС Пачхьалкхан хӀостан дешин сурт долу сийлахь герзаца совгӀат динарш
- Советийн эскаран Инарлин штабан хьакмаш
- Адамаш:1-ра Украинин фронт
- Адамаш:Ленинградан фронт
- Белгородан сийлахь гражданаш
- Калугин областан сийлахь гражданаш
- Малоярославецан сийлахь гражданаш
- Берлинан операцин декъахой
- ЦӀен эскар Бессарабе дахаран декъахой (1940)
- Россера гражданийн тӀамера декъахой (цӀенарш)
- Курскан тӀеман декъашхой
- Толаман Парадан декъашхой
- Дуьненан хьалхара тӀеман декъахой (Росси)
- Ржевн тӀеман декъашхой
- Смоленскан тӀеман декъашхой (1941)
- Сталинградан тӀеман декъашхой
- Днепр къовсу тӀеман декъашхой
- Кавказ къовсу тӀеман декъашхой
- Ленинград къовсу тӀеман декъашхой
- Москох къовсу тӀеман декъашхой
- Халхин-Гол тӀиера тӀемийн декъашхой
- 1956 шеран Мажарчуьра гӀаттам охьатаӀоран декъашхой
- Советийн Союзан доьазза Турпалхой
- ЙКП(б) декъашхой
- ССКП ЦК Политбюрон декъахо
- ССКП ЦК декъахой
- Бердан йисттерачу цӀийнан бахархой
- Советийн-японин тӀеман декъашхой (ССРС)
- Миокардан инфарктах белларш