Чулацаман тӀегӀо

Андропов, Юрий Владимирович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Андропов Юрий Владимирович
оьрс. Юрий Владимирович Андропов
Андропов Юрий Владимирович
Дин атеизм
ДӀавоьллина
Зуда Татьяна Андропова[d][3], Нина Ивановна Енгалычева[d][3]
Бераш Игорь Юрьевич Андропов[d]
Парти
Дешар
Динлелор атеизм
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Герой Социалистического Труда
орден Ленина орден Ленина орден Ленина орден Ленина орден Октябрьской Революции орден Красного Знамени орден Трудового Красного Знамени орден Трудового Красного Знамени орден Трудового Красного Знамени медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «Партизану Отечественной войны» I степени медаль «За отличие в охране государственной границы СССР» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За доблестный труд в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР» медаль «В память 250-летия Ленинграда» медаль «В память 1500-летия Киева» орден Белого льва орден Знамени орден «Солнце Свободы» медаль «50 лет Монгольской Народной Революции» медаль «За укрепление дружбы по оружию» 1 степени орден Сухэ-Батора орден Красного Знамени
Герой Народной Республики Болгария
орден «Георгий Димитров» орден Народной Республики Болгария орден Карла Маркса
почётный сотрудник госбезопасности
медаль «За укрепление дружбы по оружию»
Эскаран тайпа KGB[d]
ЦӀе эскаран инарла[d]
Буьйр дар KGB[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Андро́пов Ю́рий Влади́мирович (1914 шеран 2 [15] июнь[4][5], станци[6] Нагутски[1], Ставрополан губерни, Российн импери1984 шеран 9 февралехь, Москох, РСФСР, ССРС) — советийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 1982—1984 шерашкахь ССРС куьйгалхо. ССКП ЦК инарлин секретарь (1982—1984), ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель (1983—1984).

ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель (1967—1982). 1982 шарахь ССКП ЦК идеологин секретарь а, ССКП ЦК секретарь (1962—1967) а, 1973 шарахь дуьйна ССКП ЦК Политбюрон декъахо (1967 шарахь дуьйна кандидат). 3-гӀа а, 6—10-гӀа а кхайкхаман ССРС Лакхара Кхеташонан депутат. Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1974).

1954 – 1957 шерашкахь Андропов — Мажарчуьра векал, дакъалецира 1956 шеран Мажарийн гӀаттам охьатаӀош.

1967 шеран 10 майхь хӀоттийна ССРС ПКхК председатель.

Л. И. Брежневн урхаллин тӀаьхьарчу шерашкахь могашалла ца сацалуш телхаш, Андропов Юрий арахьара гӀуллакхийн министрца Громыко Андрейца а, дуьхьалонан министрца Устинов Дмитрийца а (ССКП ЦК Политбюрон уггаре хааамаш болу а, ладаме а декъахой хиларна) цхьаьна билгалйоккхура Советийн Союзан политика.

Л. И. Брежнев веллачул тӀаьхьа, 1982 шеран 10 ноябрера, 1982 шеран 12 ноябрь кхаччалц болчу муьрехь Андропов Юрийс иза хийцира ССКП ЦК Инарлин секретаран даржехь, хилира Советийн Союзан официалан корта. Ша даржехь веха ца Ӏийначу муьрехь (15 баттахь, йа 1 шарахь 98 дийнахь, йа 463 дийнахь) Андроповс цхьа могӀа белхаш бира, партин-пачхьалкхан аппаратера коррупци дӀайаккха а, социалистийн системин экономикин эффект айаран а лерина. Коммунистийн партин цхьа могӀа куьйгалхошна дуьхьала кечдира зуламан гӀуллакхаш. «Белхан хан — белхана!» лозунгца дов долийра балха ца лелаш йукъара буьйлучаьрца, наггахь цуо оьцура анекдотийн кеп а, кинотеатрашкахь хӀоьттура белхан меттиг мичхьа йу, хӀун хенахь хила веза балхахь.

1983 шеран февралехь, жаннаша болх лартӀехь ца беш, Андроповн могашалла сихха талха йолайелира, 1984 шеран 9 февралехь иза велира.

Схьавалар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Андропов схьаваларх хаамаш тахана а къайлаха а бу, чӀогӀа тилбина а бу, цхьаьна богӀуш а бац.[7][8]

Хьалхара ненан майра Андропов Владимир Константинович (? — 1919) — цӀерпоштнекъан гӀуллакххо, чекхйаьккхина йа дешна Москохан хаамийн императоран Николай II некъийн инженерийн институтехь[9]. Болх бина Нагутски станцехь телеграфист. Велла долу унах 1919 шарахь[10].

Нана Андропова Евгения Карловна Флекенштейн (? — 1927), музыкин хьехархо[11], хилла, Ю. В. Андроповс ша аларх, иза хилла хьал долчу жуьгтийн совдегаран доьзалехь тӀеэцна йоӀ[10][12][13][14]. Доьзал схьабаьллера Финляндера, «Ювелиран хӀумнаш» туькан долахочун[15] (Москох, Йоккха Лубянка урам, цӀа 26) Флекенштейн Карл Францевичан а[11] (велла 1915), Флекенштейн Евдокия Михайловнин а[11]. Евдокия Михайловнин йоӀ, Андроповн нана, 17 шо долучу хенахь дуьйна болх беш йара Москохара зударийн Мансбах Фелица Францевнин гимназехь музыкин хьехархочун даржехь[11].

Дешар[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Мазалкан ворхӀ шеран цӀерпоштнекъан фабрикийн-заводан ишкол (хӀинца — йуккъера йукъарадешаран № 108 йолу Ю. В. Андроповн цӀарах ишкол) (дешна 1924—1931 шерашкахь, чекхйаьккхира йуьззина курс).
  • Рыбинскан эркан техникум (дешна 1932—1936 шерашкахь, чекхйаьккхина «эркан транспорт лелоран техник» говзаллица).
  • Дуьхьала воцуш[16][17].

Андроповн ПКхК белхан накъостийн цхьаьна декъана куньйа йара «Ювелир» — Ӏоттар йара Андроповн деден — финляндин жуьгтийчуьнан Флекенштейн Карлан — Москохахь «Ювелирни хӀумнаш» туьканан долахочунна[18].

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Комсомолийн билет № 4411236, 1939 шо

Ненан хьалхара майра веллачул тӀаьхьа Юрий ненаца кхелхира Мазалке, цигахь кхиира, вехира 1932 шо кхаччалц. Чекхйаьккира ворхӀ шеран ишкол. Ийдал чухула матрос лийлира, тӀаьхьа сих-сиха шен боцманан дешнаш олураа: «Дахар, Юра кеманан тӀеда аннаш. Царна тӀаьхь ца шарша, лела сих ца луш. ХӀора ког массазза била беза, ог била меттиг харжа!»

ЙСКЛМБ декъахо 1930 шарахь дуьйна.1930 шеран августера декабрь кхаччалц Андропов Юрийс болх бира хьалха телеграфехь белхало, ткъа 1930 шеран декабрера 1932 шеран апрель кхаччалц — Мазалк станцин цӀерпоштнекъахойн кулубан киномеханикан дешархо а, гӀоьнча а вара. 1932 шарахь хӀоьттира Рыбинскан эркан доьшийле[19], иза чекхйаьккхира 1936 шарахь, цул тӀаьхьа комсорг болх бира Рыбинскан кеманийн Володарскийн цӀарах верфехь. 1935 шарахь зуда йалийра пачхьалкхан банкан Череповецан декъан урхалчин йоӀ Енгалычева Нина Ивановна, иза а йара оццу техникумехь электротехникин факультетехь доьшуш, ткъа тӀаьхьа болх бира Ярославлан ЧГӀХК архивехь.Церан шиъ бер дара — Евгений а, Владимир а.

Дукхачарна ца хаьа хьалхарчу зудчуьнца, цуьнан кӀантаца хилла баланаш, муха кхечира иза Политбюро. Дуьйцу, хьалхара зудчух дерг хаьттича иза кехат санна кӀайлора бохуш йа 1933—1935 шерашкара муьран автобиографех дерг хаьттича.

Л. И. Брежневн кӀентакӀант — Андрей Брежнев)[20]

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]