Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт (ЕПКИ) | |
---|---|
Логотипан сурт | |
![]() Вильгельм Пикан урам тӀера, 3-гӀа цӀа чуьра ЕПКИн коьрта дешаран корпус (2008 шо) | |
Дацдар | ЕПКИ |
Хьалхара цӀе |
Пачхьалкхан кинематографин ишкол (1919—1930)[1], Пачхьалкхан кинематографин институт (1930—1938), Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт (1938—1986), Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт (1986—1992), Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт (1992—2008) Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах университет (2008—2015). |
Кхоьллина шо | 1919 шеран 1 сентябрехь |
Тайпа | федералан |
Ректор | Малышев Владимир |
Лаьтта меттиг |
![]() |
Метро | Ботаникин беш |
Юридически адрес | 129226, Москох гӀ., Вильгельм Пикан ур., цӀа 3. |
Сайт | https://vgik.info |
СовгӀаташ |
![]() ![]() ![]() |
![]() |
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Гера́симовн цӀарах институ́т (ЕПКИ) — Российн Федерацин лакхара а, лдмал тӀаьхьара говзаллин дешаран а федералан пачхьалкхан дешаран бюджетан кхоллам[2], кхоьллина 1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь. Российн Федерацин Оьздангаллин министраллин куьйгакӀела ю[3].
2004 шеран майхь дуьйна ЕПКИс кхочушйо иштта юккъера говзаллин дешаран программа [4].
Институто кечбо кинематографин, телевизионан, видеон, кхин экранан говзаллин кхоллараллин областера говзанчаш. ЕПКИн аспирантурехь кечбо Ӏилманан а, хьехархойн гӀуллакхан говзанчаш[3][5].
2013 шеран 15 апрелехь институт дӀатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объект, йукъатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объектийн пачхьалкхан гуламан[6].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь кхоьллинера дуьненахь дуьххьарлера Пачхьалкхан кинематографин ишкол [1], иза яра Советийн майданан а, Тверан ураман а сонехь долу цӀийнан долахь хиллачу квартирин шина чохь. Хаьржира дуьххьарлера оцу хенахь кинонатурхойн (оцу хенахь иштта олура актёрех) пхьолгӀе студенташ. Уьш Ӏамабора эмоцин пластике, хелхаре, бӀаьца къаьсташ хиларе, фехтование, акробатике, дегӀ кхиоре, синхааман гимнастике. Дешаран аппаратура яцара, студентийн роль ловзо дезара киноэкран кеп хӀотто нисбен барамца болу гуранан тӀехьа.
1923 шарахь киноишколехь дӀайиллира киноинженерийн (кинооператорийн) факультет, 1924 шарахь — пхьолгӀанаш: режиссёрийн а, мультипликацин фильман а. 1925 шарахь ишколах йира Пачхьалкхан кинематографин техникум (ПКТ).
Пачхьалкхан киноишколан дуьххьарлерачех хьехархой бара Туркин Валентин (киноишколан куьйгалхо), Гардин Владимир, Кулешов Лев, Тиссэ Эдуард. 1928 шарахь кхузахь хьеха волавелира, 1948 шо кхаччалц ЕПКИхь болх бина волу Эйзенштейн Сергей. 1940 шарахь ЕПКИн коьртехь хӀоьттира Файнштейн Давид, 1941 шарахь фронтехь вела волу[7].
1930 шеран 5 августан ВСХВ омарца Пачхьалкхан кинематографин техникумах йира Пачхьалкхан кинематографин институт[1].
1938 шеран 17 майхь дуьйна — Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт (ЕПКИ)[1].
1930—1938 шерашкахь институто дӀалецира Ленинградан проспектера ресторан «Яр» чохь хилла гӀишло. Цул тӀаьхьа цхьаьна хенахь лаьттира хӀинца М. Горькийн цӀарах киностуди йолу гӀишлон чохь. ЕПКИн гӀишлон проект ян йолийра 1938 шеран сентябрехь, институтан аудитореш а, кхин чоьнаш а лерина яра 750 ладогӀархочуьнна. ГӀишло ян билгалъйаьккхира Кинохроникин студин (Ростокино) майдан тӀера меттиг. Институтан корпус ян гӀертара цхьа архитектурин комплекс санна керла студин гӀишлонца цхьаьна. 1950-гӀа шераш долалуш Вильгельм Пикан урамера, № 3, адресца долу аьтту агӀора дакъа дина делира, ткъа 1955 шарахь ЕПКИ чеккхенца дехьаелира керла гӀишлонан дешаран аудиторешка. Кинош йоху павильонаш кхин а масех шарахь лаьттира М. Горькийн цӀарах киностудин гӀишлонан чохь; студенташ Ӏара йукъара дахаран гӀишлошкахь, уьш лаьттара гӀалин тайп-тайпанчу кӀошташкахь; 1978 шарахь 16 тӀегӀа а йолуш керла йукъара дахаран гӀишло йира Галушкин Борисан урамехь, 7-гӀа лоьмар йолуш.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1941 шеран чеккхенгара 1943 шеран май кхаччалц, ЕПКИ «Мосфильмца» а, «Ленфильмца» а киностудешца цхьаьна кхалхийра Кхазакхийн ССРн коьртачу шахьре Алма-Ате, цигахь Алма-Атин кинотехникуман базин тӀехь советийн кинематографан кадрийн кечам дӀабаьхьира[8][9].
1970—1980-гӀа шерашкахь институтан ректор хилла В. Н. Ждан.
1986 шеран 5 февралан ССРС Министрийн кхеташонан сацамца Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институтана елира гӀараваьллачу советийн кинорежиссёран Герасимов Сергей Аполлинариевичан цӀе[1].
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден[1].
- 2009 — ДоттагӀаллин орден (Вьетнам) (Социалистийн Республикин Вьетнаман (СРВ) Президентан 2009 шеран 1 ноябран № 1612 йолу сацам) — кинематографин сферин белхалойн масех чкъор кечдаран а, Вьетнаман а, Российн а йукъара доттагӀаллин йукъаметтигаш чӀагӀярехь, цхьаьна гӀуллакхаш дарехь жигара дакъа лацарна[10].
- 2014 — 2014 шеран 4 мартехь Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт къоман кинематографин 2013 шеран «Ника» совгӀатан лауреат хилира башха «Кинематографин Ӏилманехь, емаллехь, дешарехь дакъа лацарна» номинацехь [11].
Нумизматика[нисйе бӀаьра | нисйе]
2019 шеран 28 августехь Российн Банко «Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институтан 100 шо кхачарна» арахецна 3 соьман мехалла долу иэсан детин нахарт[12].
Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Устав ФГОУ ВППО «Всероссийский государственный университет кинематографии имени С. А. Герасимова» (утверждён приказом Министерства культуры Российской Федерации № 544 от 1 июня 2011 года). // vgik.info
- ↑ Приказ Федерального агентства по культуре и кинематографии от 26 марта 2008 года № 151 «Об утверждении нового наименования, внесении изменений и дополнений в Устав федерального государственного образовательного учреждения высшего и послевузовского профессионального образования „Всероссийский государственный институт кинематографии имени С. А. Герасимова“». Архивйина 2015-09-23 — Wayback Machine Правовой портал в сфере культуры // pravo.roskultura.ru
- ↑ 1 2 ВГИК: Официальная информация (оьр.). vgik.info. Теллина 2012 шеран 13 сентябрехь.
- ↑ Колледж кино, телевидения и мультимедиа. vgik.info. Теллина 2019 шеран 26 декабрехь.
- ↑ Всероссийский пачхьалкхан институт кинематографин.(ТӀе цакхочу хьажорг) Сайт «Мегаэнциклопедия Кирилла и Мефодия» // megabook.ru
- ↑ Об отнесении федерального государственного бюджетного образовательного учреждения высшего и послевузовского профессионального образования "Всероссийский государственный университет кинематографии имени С.А.Герасимова" к особо ценным объектам культурного наследия народов Российской Федерации, Указ Президента РФ от 15 апреля 2013 года №360. docs.cntd.ru. Теллина 2019 шеран 9 декабрехь.
- ↑ Василий Макарович Шукшин, И. А. Коротков, Е. В. Огнева, Валерий Фомин, Государственный музей истории литературы, искусства и культуры Алтая. Василий Шукшин--жизнь в кино. — Гос. музей истории литературы, искусства и культуры Алтая, 2009. — 360 с.
- ↑ ВГИК на берегу Алма-Атинки - статья издания "Московский комсомолец" в связи с "Днями ВГИКа в Алматы". vgik.info. Теллина 2019 шеран 26 декабрехь.
- ↑ Всероссийский государственный университет кинематографии имени С.А. Герасимова (оьр.). ТАСС. Теллина 2019 шеран 26 декабрехь.
- ↑ Хонг Куан ВГИК имени С. А. Герасимова награждён Орденом Дружбы Вьетнама. Иллюстрированный журнал «Вьетнам» (2009, 10 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 июлехь. Теллина 2011 шеран 25 мартехь.
- ↑ Лауреаты Национальной кинематографической премии «НИКА» за 2013 год(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Ника. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 14 апрелехь. Теллина 2019 шеран 26 декабрехь.
- ↑ Выпускается в обращение памятная монета из драгоценного металла. Банк России. Теллина 2019 шеран 9 декабрехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Официальный сайт
- Биографии и справки. Всероссийский государственный университет кинематографии имени С. А. Герасимова. Информационное агентство России «ТАСС». — Опубликовано к 95-летию 1 сентября 2014 года. Теллина 2014 шеран 18 декабрехь.
- Всероссийский государственный институт кинематографии. Сайт «Мегаэнциклопедия Кирилла и Мефодия» // megabook.ru
vgik — сообщество «ВГИК и ВГИКовцы» в «Живом журнале»
- Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан кавалераш
- Вьетнаман ДоттагӀаллин орденца совгӀат дина кхолламаш
- Республика Эрмалойчоьнан Оьздангаллин министраллин Дешин мидал йелларш
- Университеташ абатца
- 1919 шарахь кхоьллина университеташ
- Москохан лакхара дешаран меттигаш абатца
- ССРС кинематограф
- Российн кинематограф
- Российн киноишколаш
- Москохан институташ
- Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин институт
- «Ника» совгӀатан лауреаташ