Москохан энергетикин институт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къоман талламан университет «МЭИ»
сурт
Халкъашна юккъера цӀе Moscow Power Engineering Institute (MPEI)
Девиз Energia omnium fundamentum
(Энерги — дерриг хӀуман бух)
Кхоьллина шо 1930
Ректор Рогалёв, Николай Дмитриевич
Студенташ 15 000 гергга
Хьехархой 2000 гергга
Лаьтта меттиг Росси Москох, Росси
Метро Moskwa Metro Line 8.svg Авиамоторан
Кампус 8 юкъара дахаран гӀишло, санатори-профилактори
Юридически адрес 111250 Москох,
Красноказарменни урам, 14
Сайт http://mpei.ru/
СовгӀаташ Ленинан Орден Октябран Революцин Орден Халкъан Республикин Болгарин 1 тӀегӀанан орден Къинхьегаман Байракх орденДоттагӀаллин орден (Вьетнам) Къинхьегаман I тӀегӀанан орден Польшин Халкъан Республикин гӀуллакхаш дарна орденан дешин хьаьрк ComeniusMedal1953 1.png
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Москохан энергетикин институтэнергетикин, электротехникин, радиотехникин, электроникин, хаамийн технологийн, менеджментан областера российн лакхара дешаран меттиг. Кхоьллина 1930 шарахь. 2011 шарахь дуьйна Къоман талламан университетан статус ю. Официалан цӀе — «Къоман талламан университет „МЭИ“».

МЭИ юкъахь 12 институт, 65 кафедра, 176 Ӏилманан-талламан лаборатори, ЗКБ а, зиеран завод, уникалан ЙЭЦ, шайн Ӏаморан МЭС, махкахь уггаре яккхийчех библиотека, «Энерги» стадион, бассейн, оьздангаллин гӀала.

Хьехархой — РӀА 7 академик а, декъашхо-корреспондент а, 262 Ӏилманийн доктор, 715 Ӏилманийн кандидат.

Дешаран корпусаш лаьтта Москохан кӀоштахь Лефортовохь. Студентийн юкъарадахаран гӀишлош, санатори-профилактори, хӀумаяаран чоьнаш, кафеш лаьтта студентийн гӀалахь Энергетикин, Лапинан, Энергетикин чекхдолийла, 1-ра Синичкинан урамашкахь. Арахоьцуш ду «Энергетик» газет. Кхоьллина студентийн «Радио МЭИ», телевизион «МЭИ ТВ».

МЭИхь кечвина 200 эз. Сов говзанча тайп-тайпана Ӏилманан а, техникин а областашкахь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1929 шарахь ВКП(б) ЦК ноябран Пленумо сацам бира халкъан бахаман цхьацца отраслийн говзанчаш кечбен лерина лакхара дешаран меттигаш кхолларх, царна юкъахь энергетикин а.

МЭИ хилира 1930 шарахь Бауманан цӀарах МПТУн а, хӀинцалера Российн экономикин Г. В. Плехановн цӀарах университетан а ши факультет цхьанатохар бахьнехь, хӀунда аьлча мехкан электроэнергетикин оьшура шортта инженераш. 1927 шеран 4 ноябрехь араяьлла институтан «Пролетари дешарехь» газетан хьалхара лоьмар, 1937 шарахь цӀе хийцира «Энергетик» аьлла.

Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Профессор К. А. Круг

1905 шарахь Императоран Москохан техникин доьшийлин механикин декъехь (тӀаьхьа — Москохан лакхара техникин Н. Э. Бауманан цӀарах доьшийла, хӀинца — Москохан пачхьалкхан техникин Н. Э. Бауманан цӀарах университет) К. А. Круга хьегна къа бахьнехь дӀайиллира электротехникин говзалла, инженераш-электрикаш кечбан болийра; и шо лору москохан электротехникин ишкол кхолларан шо. 1918 шарахь оцу говзаллин бух тӀехь кхоьллира МЛТУ электротехникин факультет (цуьнан дуьххьарлера декан — 1918—1929 шерашкахь — хилира профессор К. А. Круг)[1][2].

1921 шеран октябрехь VIII Ерригроссийн электротехникин гуламо къобал йира коьртехь Г. М. Кржижановский волу Российн электрификацин план кечъяран пачхьалкхан комиссис йина план ПАЭЛРО, ткъа оццу шеран декабрехь план чӀагӀйира IX Ерригроссий Советийн гуламо[3]. Цунах хилира российн энергетикин дешаран ладаме историн момент: оцу хенахь Россехь долу электрийн- а, йовхотехникин а кадраш тоьуш дацара мехкан энергетикин хьалха хӀиттийна Ӏалашонаш кхочушъян. Йоцучу хенахь мехкан цхьа могӀа лакхара техникин дешаран меттигашкахь кхоьллира электротехникин а, энергетикин а факультеташ. Москохахь шолгӀа ладаме инженераш-электрикаш кечбаран юкъ хилира 1921 шарахь йиллина Москохан халкъан бахаман институтан (МХБИ; хӀинца — Российн экономикин Г.В. Плехановн цӀарах университет) электропромышленни факультет (декан — профессор Б. И. Угримов). 1930 шарахь МЛТУ электротехникин факультет (оцу хенахь декан вара профессор Я. Н. Шпильрейн) а, МХБИ электропромышленни факультет а дика кечйина лаборатореш а йолуш, лакхара квалификацин профессорийн-хьехархойн кадраш долуш яра; шине а факультето кечбора шуьйрачу профилан инженераш-энергетикаш кхаа коьртачу агӀонашкахула: электроэнергетикин , йовхоэнергетикин, гидроэнергетикин. Амма сихйина ССРС индустриализацин хьолашкахь оьшура кхин а тӀетоха иштта болу инженераш[2][4].

МЭИ йиллар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС индустриализацин оьшура 1930 - 1935 шерийн муьрехь 435000 гергга инженерин-техникин говзанча кечван, оцу хенахь, 1929 шарахь, церан барам 66000[5] бен бацара.

1930 шеран 20 мартехь № 1053 йолу омарца ССРС ХБЛКх МЛТУ йийкъира пхеа шешша йолчу доьшийле, цу тӀе электротехникин факультет къастийра Лакхара энергетикин доьшийла аьлла. Иштта жимйира Г. В. Плехановн цӀарах йолу МХБИ, электропромышленни факультетан базин тӀехь кхоьллира ша йолу отраслан институт электротехникин говзаллаш йолуш[6]. 1930 шеран гурахь ший а энергетикин отраслан лдм (ССРС ХБЛКх 3 сентябран № 1897 йолу омарца[7]) цхьаьнатуьйхира Москохан энергетикин институт (МЭИ) йина[4][8]. Оцу институтан хьалхара курс вовшахтоьхнера керла гулбинчу студенташца, ткъа лакхара йиъ курс — МЛТУ а, МХБИ а сехьабаьхначу студентех[2].

МЭИс говзанчаш кечбен говзаллаш дукха яцара: центран электрийн станцеш, лакхара буламан ток, фабрикийн а, заводийн а электрийн гӀирс, электрийн машенаш, электрийн аппараташ, электрийн дӀаузург, серлотехника, радиотехника, телефони, телеграфи[9].

Уггаре доккха дакъа лецира керла институт юьллуш Круга а, Угримовс а. К. А. Круг коьрте хӀоьттира МЭИн электротехникин бухан кафедрин, ткъа Б. И. Угримовн МЭИхь хьеха аьтту ца белира: 1930 шеран августехь иза лецира Промпартин гӀуллакх бахьнехь[1][10].

1930-гӀа шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Юьхьанца керла йиллина Москохан энергетикин институтан шайн гӀишло яцара, болх бан буьйлабелира Москохан тайп-тайпанчу кӀошташкахь лаьттачу аудиторешкахь а, лабораторийн чоьнашкахь а, уьш йисинера МЛТУ а, МХБИ а жимъеш: Гороховн урамера (хӀинца Казаковн урам) № 29 йолчу цӀа чохь, шолгӀачу гӀотан тӀехь яра институтан администраци, Бежанийн гечонехь (хӀинца 2-гӀа Бауманан урам) № 7 йолчу цӀа чохь, Кукуевн урамарган № 4 йолчу цӀа чохь, Боккха Строченовски урамалгера № 16 йолчу цӀа чохь[11][12].

Дешаран процесс дӀаяхьа чӀогӀа хала дара оцу хьолашкахь, К. А. Круга а, Я. Н. Шпильрейна а дехар дира еза промышленностан халкъан комиссаре Г. К. Орджоникидзега МЭИн керла гӀишло йогӀахьара Красноказарменн урамехьЕрригсоюзан электротехникин институтан (ЕЭИ) лулахь, цигахь а болх беш бара дукхаха болу Москохан энергетикин институтан хьехархой. Круг коьртехь волу МЭИн профессорийн тобанан аьтту белира халкъкоме агӀо лацийта, ткъа цуьнца цхьаьна гӀишлоярна ахча доладалийта, 1934 шарахь иза ян йолийра[1]. 1940 шарахь «А» корпус (майда 8161 м²) МЭИн хӀинцалера коьрта дешаран корпус (Красноказарменн ур., № 17 цӀа) дина делира[11], ткъа 1948 шарахь хьехар дерриг дӀадаьхьира Красноказарменни ураме. Цу тӀе Круган роль коьрта дешаран корпус ярехь а, иза гӀирсаца кечъярехь а чӀогӀа йоккха яра[1].

Институт йиллинчул тӀаьхьа шина шарахь цуьнан факультеташ яцара, ткъа студенташ, дешаран шолгӀачу шарахь дӀасабоькъура говзаллашка, хӀора говзаллин шен дешаран план а яра, шен куьйгалхо а вара (иза хин йолчу кафедрийн бух бара)[4]. 1932 шарахь (оцу шарахь арабаьлла лакхара ишколан хийцам баран партин-правительствон сацамца) МЭИ структурехь ялх факультет йиллира: электроэнергетикин (ЭЭФ), йовхонан техникин (ЙТФ), электромашенийн- а, аппараташъяран а (ЭМАЯ), электрозӀенан (ЭЗФ), транспотан электрификацин (ТЭФ), инженерин-экономикин (ИЭФ); 1933 шарахь царна тӀекхийтира физикаэнергетикин факультет (ФизЭн)[9][13][14].

Оццу 1932 шарахь Москохан энергетикин институтан В. М. Молотовн цӀе тиллира (1957 шарахь В. М. Молотовн цӀе дӀаяьккхира)[15].

МЭИн дукхаха болу студенташ партэзарнаш бара — 1928 шарахь партин ЦКас мехкан лдмашка деша хьовсийра эзар коммунист, иштта болабелира «эзарнийн» техникин дешар Ӏаморан болам. Партэзарнаш — ткъе пхийтта шераш гергга долу, доьзалаш болу нах; уьш чекхбевллера белхалойн факультеташкахула, партин кечаман системехула, тӀаккха институташка хьовсийна.

1933 шарахь МЭИра студентийн берриг хилира 3845 человек (1 октябран хаамашца)[13].

1934 шарахь бух биллира МЭИн коьрта гӀишлонна Красноказарменни урам тӀехь, Анненгофан боьлак тӀера еса меттигехь (№ 17 цӀа), юкъара дахаран гӀишло а йиллира Лефортовохь.

МЭИн юьхьанцара структура 1930-гӀа шераш чекхдовлале хийцаелира. 1936 шарахь физикаэнергетикин а, электрозӀенан а факультеташ вовшахтуьйхира электрофизикин факультете (ЭлФиз, декан — Я. Н. Шпильрейн)[16], ткъа электромашений- а, аппараташъяран а факультет, транспортан электрификацин факультет — электромеханикин факультете (ЭМФ)[13][14]. 1938 шарахь дӀаяьккхира инженерин-экономикин факультет (ткъа цунна чуйоьду кхо кафедра цхьаьна кафедре ерзийра – энергетикин экономикин кафедре)[17], ткъа «радиотехника» говзалла билгала яьккхира Башха факультете (1940 шарахь цӀе хийцира радиотехникин факультет, РТФ аьлла)[18].

1935 шарахь дуьйна МЭИхь юкъаяьккхира суьйренан дешаран кеп (суьйренан факультетехь «промышленностан предприятийн электрогӀирсаш» говзалла).

1940-гӀа шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1940 шарахь МЭИн «лакхара квалификацин инженерин-техникин а, Ӏилманийн а кадраш кечден гӀуллакхехь кхиамашна» совгӀат дина Ленинан орденца[13].

1941 шеран 22 июнехь болабелира Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом. 27 июнехь хьалхара йоккха белхалойн а, студентийн а тоба фронте яхара. Цунна тӀаьххьа МЭИн кхин йоккха тоба халкъан ополченин юкъаяхара. 1941 шеран июнь чекхболуш цхьа эзар ах эзар лахарчу курсашкара студентийн тоба хьехархошца а, белхалошца а 3 аьхкенан баттана дуьхьалонан чӀагӀонаш ярхьама Москохан гергара Вязьмин кӀошта бахара, студентийн цхьа дакъа и белхаш дӀадевлча халкъан ополченехь севцира. Институтехь, тӀеман хьалхарчу деношкахь дуьйна хӀаваахула тӀелатарна дуьхьалонин тобанаш йира, бумбанех лечкъаргаш йира. Белхалой а, студенташ а бумбанаш кхуьйсучу хенахь, кеманаш лардора студентийн гӀаланан юкъара дахаран гӀишлонан тхьов тӀехь. Болабелира донорийн могӀаршка хӀоттаран патриотийн болам: МЭИн студенташна а, хьехархошна а юкъахь 270 донор вара. 1941 шеран гурахь институтехь йолийра банижийн курсаш[19].

Правительствон сацамца МЭИ кхалхийра Кхазакхстане. МЭИн коллектив кхечира Лениногорске 1941 шеран 20 ноябрехь, декабран хьалхарчу деношкахь дуьйна доладелира кхаа факультетехь дешар: электроэнергетикин (декан — профессор А. А. Глазунов), теплотехникин (декан — профессор Л. И. Керцелли), электротехникин (декан — профессор А. Перекалин). 1942—1943 дешаран шарахь МЭИн Лениногорскан декъехь доьшура 600 студент. МЭИн дакъа ламанан-металлургин техникуман а, цуьнан юкъара дахаран гӀишлонна а чохь доьшуш яра[4].

1942 шеран февралехь карладаьккхира дешар МЭИн дисинчу Москохан декъехь, цуьнан директор хӀоттийра Г. И. Фомичёв. 1942—1943 дешаран шарахь оцу отделенин контингент яра 753 студент шина факультетехь — энергетикин а, электротехникин а. Ткъа 1942 шо чекхдолуш, фронтера гӀуллакх гӀоледаьлча, Москохан гена яьлча, сацам бира МЭИн кхалхийна дакъа Москоха юхадерзо.

Рейтингаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2014 шарахь «Эксперт РА» агенталло институтан елира рейтинган «В» класс, цуьнан маьӀна ду «тӀех лакхара» арахецучеран кечаман тӀегӀа. ЛПДхь цхьаъ бен йоцу ЛДМ оцу рейтингехь «А» класс еллирг («Сов лакхара тӀегӀа») хилира МПУ[20].

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Фотогалерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 Демирчян К. С., Миронов В. Г., Шакирзянов Ф. Н. Карл Адольфович Круг // МЭИ: история, люди, годы. Сборник воспоминаний. Т. 2 / Под общ. ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 560 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00577-4. — С. 152—167.
  2. 1 2 3 Хроматов В. Е. Из истории МЭИ и ЭнМИ // Энергетик. — 2013. — № 7 (3352). Архивировано 26 июлехь 2021 года. — С. 3—5. (См. также архив номеров Архивацийина 28 октябрехь 2018 шеран. газеты «Энергетик» за 2013 год).
  3. Шателен М. А. Знаменательная дата в развитии электрификации СССР. К 25-летию VIII Всероссийского электротехнического съезда // Электричество. — 1946. — № 10. — С. 3—4.
  4. 1 2 3 4 Институт тепловой и атомной энергетики (ИТАЭ). История. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  5. Д. А. Петровский. Реконструкция технической школы и пятилетка кадров. с. 5 — Л., Гостехиздат, 1930. — 42 с. — 20 см. (Ленингр. обл. сов. нар. хоз.)
  6. Гвоздецкий В. Л. Дмитрий Георгиевич Жимерин // МЭИ: история, люди, годы. Т. 1 / Под общ. ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 544 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00576-7. — С. 406—418.
  7. НИУ «МЭИ». Сведения об образовательной организации. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 20 декабрехь.
  8. Грибин В. Г. О Георгии Сергеевиче Жирицком // МЭИ: история, люди, годы. Т. 1 / Под общ. ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 544 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00576-7. — С. 420—430.
  9. 1 2 Знакомьтесь: МЭИ // Энергетик. — 2006. — № 1 (3278). — С. 1. (См. также архив номеров Архивацийина 10 июнехь 2015 шеран. газеты «Энергетик» за 2006 год).
  10. Угримов Борис Иванович (1872—1941)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). // Сайт Музея энергии. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  11. 1 2 Шамаева О. Ю. Я расскажу Вам о своём доме… // МЭИ: история, люди, годы. Сборник воспоминаний. Т. 3 / Под общ. ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 536 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00578-1. — С. 518—522.
  12. Музей истории МЭИ. II Раздел. МЭИ — детище первых советских пятилеток: создание и становление МЭИ. 1930—1941 гг. Стенд 6(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). // Сайт Музея истории МЭИ. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 20 декабрехь. Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  13. 1 2 3 4 МЭИ. История. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  14. 1 2 Институт электротехники (ИЭТ). История. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  15. Переименования МЭИ. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 13 декабрехь.
  16. История кафедры. svetmpei.ru. Теллина 2020 шеран 18 мартехь.
  17. Кафедра экономики МЭИ (ТУ) — ЭКО. История(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). // Сайт кафедры экономики МЭИ (ТУ). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 3 ноябрехь. Теллина 2016 шеран 18 декабрехь.
  18. Институт радиотехники и электроники им. В. А. Котельникова. // Официальный портал НИУ «МЭИ». Теллина 2016 шеран 18 декабрехь.
  19. Белосельский Б. С. Преподаватели, студенты и сотрудники МЭИ — защитники Москвы и участники разгрома гитлеровцев под Москвой. К 65-й годовщине разгрома немецко-фашистских войск под Москвой // Энергетик. — 2006. — № 11 (3288). — С. 12—13. (См. также архив номеров Архивацийина 10 июнехь 2015 шеран. газеты «Энергетик» за 2006 год).
  20. Рейтинг высших учебных заведений стран СНГ
  21. Иеромонах Филадельф
  22. Фотография лосей
  23. Мы из МЭИ 1992 фильм Владимира Маркина - YouTube

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 50 лет Московского ордена Ленина энергетического института имени В. М. Молотова (1905—1955). — М.: Госэнергоиздат, 1955. — 303 с.
  • Московский ордена Ленина энергетический институт. 1905—1965. — М.: Энергия, 1965. — 391 с.
  • Московский энергетический институт за 50 лет Советской власти. — М.: Энергия, 1967. — 278 с.
  • Московский ордена Ленина энергетический институт. 1905—1975. — М.: Энергия, 1975. — 240 с.
  • Энергомашу — 60 лет. — М.: Изд-во МЭИ, 2003. — 240 с.
  • Московский энергетический институт (технический университет). 1930—2005. — М.: Изд-во МЭИ, 2005. — 454 с. — ISBN 5-7046-1234-2.
  • МЭИ: история, люди, годы. Сборник воспоминаний. Т. 1 / Под ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 544 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00575-0.
  • МЭИ: история, люди, годы. Сборник воспоминаний. Т. 2 / Под ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 560 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00577-4.
  • МЭИ: история, люди, годы. Сборник воспоминаний. Т. 3 / Под ред. С. В. Серебрянникова. — М.: Издательский дом МЭИ, 2010. — 536 с. — (Выдающиеся деятели МЭИ). — ISBN 978-5-383-00578-1.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]