Российн къаьмнийн доттагӀаллин университет

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Федералан пачхьалкхан автономин лакхара дешаран кхоллам «Российн къаьмнийн доттагӀаллин университет»
(РКъДУ)
сурт
Дацдар РКъДУ
Халкъашна юккъера цӀе RUDN University[1]
Хьалхара цӀе Къаьмнийн ДоттагӀаллин Патрис Лумумбин цӀарах университет (1961 — 1992 шеран 5 февраль)
Девиз лат. Scientia unescamus
(Хааршца цхьаьнакхетар ду)
Кхоьллина шо 1960 шо 5 февраль
Тайпа пачхьалкхан
Ректор Ястребов Олег Александрович[2]
Студенташ 23 388 (2017): 19 350 дуьхьала доьшуш берш, 1957 суьйрана, 2081 дуьхьала боцуш[3]
Арахьара студенташ 5556[3] (2017 год)
Лаьтта меттиг Москох, Сочи
Кампус Москох, Миклухо-Маклайн урам, 3—21 цӀа
Юридически адрес  Росси, Москох гӀала,
Миклухо-Маклайн урам, 6 цӀа
Сайт www.rudn.ru
СовгӀаташ Халкъийн доттагӀаллин орден
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

РКъДУ коьрта гӀишло, Москох гӀала, Миклухо-Маклайн урам, 6 цӀа

Росси́йн къа́ьмнийн до́ттагӀаллин университе́тРоссера, Москохара, дукха профилан университет. Йиллина 1960 шеран 5 февралан ССКП ЦК а, ССРС министрийн кхеташонан а сацамца Къаьмнийн доттагӀаллин университет санна[4], 1961 шеран 22 февралехь елира Патрис Лумумбин цӀе[5], 1992 шеран 5 февралехь — Российнкъаьмнийн доттагӀаллин университет. Университетан ректорЯстребов Олег Александрович[2].

5-100 проектан декъахо (дуьненан коьрта Ӏилман-дешаран центрашна йукъахь коьрта Российн университетийн къовсаман хьуьнаралла айаран проект).

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС къаьмнашна йукъара Къаьмнийн доттагӀаллин университет йилларан сацам лерина бара, 1950—1960-гӀа шерашкахь колонех бозу маршо йаьккхина мехкашна гӀо лацарна. КъДУн коьрта Ӏалашо хилира, Азин, Африкин, Латинин Америкин мехкашна, къаьмнашна йукъара доттагӀаллин амалехь кхиийна лакхара квалификацин къаьмнийн кадраш кечдар. Цул сов, Университето таро лоралакхара дешар чекхдаккха советийн кегийрхошна а.

Студенташ дӀаоьцура йукъараллин а, правительствон а кхолламашкахула, тӀаьхьа — ССРС вакилаташкахула а, консулаллашкахула а. КъДУ йиллархой хилира Ерригсоюзан говзаллин бертан центран кхеташо (ЕГБЦКх), Азин а, Африкин мехкех дог лазаран советийн комитет, дозанал арахьарчу мехкашца доттагӀаллин а, оьздангаллин а уьйранаш латторан Советийн йукъараллин барт (СДЮБ)[6]. 1961 шарахь Университетан Лумумба ПатрисанДемократин Республика Конгон хьалхарчу премьер-министран, Африкин къаьмнийн къоман-маршойаккхаран боламан толаман сийлаллин – цӀе тиллира.

КъДУ дешар доладелира 1960 шарахь кечаман факультетехь, 1961 шарахь факультеташкахь: инженерин, историн-филологин, медицинин, юьртабахаман, физикин-математикин, Ӏаламан Ӏилманийн, экономикин, бакъонан. Хьалхара арахецар хилира 1965 шарахь, 228 говзанча 47 дуьненан махкара.

1964 шарахь Университет дӀаийцира Дуьненайукъара университетийн кхолламна (ДУКх) йукъа, ткъа иштта таро хилира официалан векалш Дерригдуьненан кегийрхойн а, студентийн а фестивалашка хьажо.

1975 шарахь КъДУн совгӀат дира Азин, Африкин, Латинин Америкин мехкашна говзанчаш кечбарна Халкъийн доттагӀаллин орденца[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]