Дуи Ум-Хьаж

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дуин Ӏума
Вина терахь 1809({{padleft:1809|4|0}})
Вина меттиг Зумса, Нохчийчоь
Кхелхина терахь 1878({{padleft:1878|4|0}})
Кхелхина меттиг: Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь
Пачхьалкх Имамат
ТӀемаш

Дуин Ӏума (1809 шо, Зумса1878 шо, Соьлжа-ГӀала) тIеман баьчча, Кавказхойн–оьрсийн тIеман декъашхо. Шаройн тукхуман а, уллехь йоьлла жІайхойн эвлийн а, Зумсойн а наиб. Тайпан Зумсо[1].

Дахаралла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина ву Зумса эвлахь, Хилдиехьа олуш кІотарехь. Имам Шемалан наиб хилла а ву, Имамат йоьжнач йукъанна нохчийн гІовттаран куьйгалхо а хуьттара, БойсгІариц а 1860 шарахь, Ӏелбаг-Хьаьжац а 1877 шарахь. Кхиъ шовза ХьаьжцӀа вагІнера иза. Шемалс шен тура а, зорба а йеллера Ум-Хьажан.

Орбелиани бохуш а, кавказан эскаран командир а волуш оьрсешка йаза до:

«Дуин Іума Шемалан наиб волуш хеннахь, шен майраллица а, цІен дог-ойлац а, нийсонца а чекх ваьлла дела, къоман йукъахь лараме адам ду, цунна чӀогІа амалин бахьана долуш къоман гІовттаран куьйгалхо хилла йиш йу иза».

ГІазгІумкхийн Жамалдин кІант Абдурахьман шен Имаматех лаьцна тептар тІаьхь йаза до:

«Ас кхузахь баз бина болу наибаш, сунна сайн гина, церан хьал а дойзуш вара со. Оц наибашн йукъахь бара цІен дог-ойла а йоьллуш, Шемалан тешаме а хеттуш нах. Йа шен бахаман а са ца гатт деш, йа шеха къаъ ца хеттуш а, нахана йукъахь нийсо а лелайеш. Дукха хьолехь нийсонца чекх боьвла Нохчийчоьхь бара наибаш: Шуайб, Сухаиб, жІайхойн махкара Ахьвердин Махьма, Талхик, Іусман, Зумсойн Іумма»

Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Далхан Хожаев. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Архивйина 2014-12-22 — Wayback Machine Издательство «СЕДА» 1998 ISBN 5-85973-012-8
  2. Зарема Ибрагимова. Чеченский народ в Российской империи. Адаптационный период. — Litres, 2017-09-05. — 1135 с. — ISBN 978-5-04-003703-2. Архиван копи 2022 шеран 7 апрелехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  3. саййид Абдурахман ал-Хусайни ал-Кибуди ал-Газигумуки ад-Дагестани. Книга воспоминаний саййида Абдурахмана. — 1869. Архиван копи 2022 шеран 20 мартехь дуьйна Wayback Machine тӀехь