Достоевски, Фёдор Михайлович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Достоевски Фёдор Михайлович
Vasily Perov - Портрет Ф.М.Достоевского - Google Art Project.jpg
Тиллина харц цӀерш: Д.; Кузьма Прутковн доттагӀ; Зубоскал (Тархцерг); —ий, М.; Летописец; М-ий; Н. Н.; Пружинин, Зубоскалов, Белопяткин а, К° а [коллективан]; Ред.; Ф. Д.; N.N.[1]
Вина терахь 30 октябрь (11 ноябрь) 1821 шеран[2][3][4]
Вина меттиг
Кхелхина терахь: 28 январь (9 февраль) 1881 шеран[3][2][5][…] (59 шо)
Кхелхина меттиг:
ГӀуллакхан тайпа:
Жигара шераш: 18441880
Хьажам: реализм
Произведенин мотт: оьрсийн
Куьг: Куьг
Викитекин логотип Произведени Викитекехь
Commons-logo.svg Файлаш Викилармехь
Викицитатникан логотип Цитаташ Викицитатникехь

Достое́вски Фёдор Миха́йлович (30 октябрь [11 ноябрь1821, Москох, Российн импери28 январь [9 февраль1881, Петарбух, Российн импери) — оьрсийн яздархо, ойланча, философ а, публицист[10] а. 1877 шарахь дуьйна Петарбухан Ӏилманийн академи корреспондент-декъахо[11].

Яздархочун хьалхара кхолламаша, масала повесть «Записки из Мёртвого дома» (Деллачу цӀа чуьра кехаташ), психологин прозин жанр юкъаяккхаран гӀо дира[12].

Веллачул тӀаьхьа Достоевски къобал вира оьрсийн литературан классик а, дуьненан маӀна долу уггаре дикачех цхьаъ романист а ву аьлла, лору персонализман хьалхара векал Россехь. Оьрсийн яздархочун кхолларалло Ӏаткъам бира дуьненан литературин, масала Нобелан литературера совгӀатан лауреатийн цхьа могӀа кхоллараллин, философийн Ницше Фридрихан а, Сартр Жан-Полан а, ткъа кхин а экзистенциализм а, фрейдизм а когахӀоттаран[13].

Уггаре ладаме яздархочун кхолламех ю «доккха пхеа жайнара» романаш. Романаш «Зулам а, таӀзар а», «ЦӀармат», «ШайтӀанаш», «Вежрий КарамазовгӀар» юкъатоьхна 2002 шеран Норвегин жайнин клубан 100 уггаре дика жайнашна. Дукхаха долу гӀарадевлла Достоевскин кхоллараш дуккха а экранан тӀедаьхна, театрехь сценаш хӀиттийна, балеташ а, операш а хӀиттийна.

Схьавалар. Жималлин шераш (1821—1837)[нисъе бӀаьра | нисъе]

ДостоевскигӀеран тайпа[нисъе бӀаьра | нисъе]

Радван. ДостоевскигӀеран хӀост

ДостоевскигӀеран тайпа схьадолу бояринах Данила Иванович Иртищевх (Ртищевх, Ртищевичах, Иртищевичах, Артищевичах), 1506 шеран 6 октябрехь цунна делира Пинскан уездан Поречски волостан «Достоев» меттиг, иза лаьтта Пинскан къилбаседа-малхбузехьа[14]. Фамили схьаяларан талламхой тешна бу, берриш ДостоевскигӀар Иртищев Данилин тӀаьхьенаш хиларх[15]. Меттигера легендашца, «Достоево» цӀе схьаяьлла полякийн «dostoinik» — даржхо, паччахьан гергарниг. «Достойникаш» боьлуш олура элин хьадалчаш хоржу юьртан бахархойх. Иза кхетадора, хоржу нах «хьакъ долуш» хиларна оцу гӀуллакхан[16]. Белоруссин Брестан областехь йисина Достоево эвла[17]. Ртищев Данила Ивановичан дайшах, талламхошна хетарехь, хилла историн хьосташкахь хьехийна гӀезало Аслан-Челеби-мурза, цуо 1389 шарахь йитина Дешин Орда, москохан эло Дмитрий Донскойс керста дине православе валийна. Оцу гӀезалочун кӀантах олура Шуьйра бат (Широкий Рот), ткъа цуьнан тӀаьхьенех хилира РтищевгӀар. РтищевгӀеран хӀост тӀехь биллина ах бутт, ялх са болу седа, шиъ герзашца волу гӀезало, цуо гойту тайпа православера доций[18][17].

ТӀаьххьара фамили «Достоевски» чӀагӀъелира Данила Ивановичан кӀентан берашкахь, церан тӀаьхьенех хан мел ели хуьлу шляхтин хьадалчаш[19][20]. ДостоевскигӀеран Пинскан га шина бӀе шарахь хьехадо тайп-тайпанчу документашкахь, амма хан мел ели дӀаийра польшин-литванан пачхьалкхаца, дайира олалла[21][22]. XVII бӀешеран шолгӀачу декъехь тайпа кхелхира Украине. Оцу хенахь цӀеххьана лагӀделира историн кехаташкахь фамили хьехор[22]. Талламхошна ца карийра яздархочун, тайпа коьллинчу Данила Иртищевца, шеко йоцу зӀе[23][24]. Билггала хууш ду, яздархочун хьалхара баккхийнарш XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь Волынехь бехаш хилар[23]. Масех чкъоьран силсил хадар дӀадаккхархьама талламхоша лелийра реконструкцин хьесап[25]. Яздархочун дедех, Достоевски Андрей Григорьевичах а бац ниса хаамаш. Хууш ду, иза вина хилар 1756 шо гергга долуш Волынехь, жима латта долчу шляхтичан доьзалехь. 1775 шарахь деца а, вежаршца а кхелхира Брацлаван воеводалле, иза Речь Посполити ШозлагӀа екъарца юкъаяхара Российн империн юкъа. 1782 шарахь дуьйна Достоевски Андрей вара мозгӀар Войтовцы эвлахь[26].

Яздархочун да-нана[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кеп:Double image Шех лаьцна цӀена хаамаш болу дуьххьарлера Достоевски, яздархочун да, Достоевски Михаил Андреевич ву[26]. Карийначу документашца, Достоевски Михаил вина 1789 шарахь Войтовцы эвлахь[27], 1802 шарахь дӀахӀоьттира син-мехаллин семинаре Шаргородера Николайн килсахь[28]. 1809 шеран августехь Александр I омар делира Императоран медикан-хирургин академин билгалваккха кхин тӀе 120 стаг син-мехаллин академешкара а, семинарешкара а[29]. Достоевски Михаила экзаменаш дика дӀаелира, 1809 шеран 14 октябрехь академин Москохан декъан Ӏедалан медицинин декъан кхиорхошна юкъавахара[30]. 1812 шеран Даймехкан тӀом болуш 4-гӀа классан студент Достоевски хьалха хьажийра «цомгашнаш а, чевнаш йинарш лело»[31], ткъа тӀаьхьа тифан уьнца тӀом бира[32]. 1813 шеран 5 августехь цунах Бородинон гӀашлойн полкан 1 декъан дарбанча хилира[32], 1816 шеран 5 августехь цунна делира штаб-дарбанчин дарж[33].

1818 шеран апрелехь Достоевски Михаил дехьаваьккхира Москохан тӀеман дарбанцӀийнан ординатор дарже[33], цигахь дукха хан ялале накъостехула евзира Нечаева Мария, 3-гӀа гильдин совдегаран Нечаев Фёдор Тимофеевичан йоӀ, церан схьабовлар дара Калугин губернин Боровск гӀала хьалха хевшинчу нахах[34]. Нечаев махлелош вара кӀадеш духкучу могӀанехь, цуьнан дика мах хуьлура Наполеон тӀелатале, ткъа цул тӀаьхьа совдегаран берриг бахам а дӀабелира[35]. Мариян йоккхаха йолу йиша, Александра, марехь яра хьал долчу 1-ра гильдин совдегарехь Куманин Александрехь, тӀаьхьо дакъалецира яздархочун кхолламехь[36].

1820 шеран 14 январехь Достоевски Михаилан а, Нечаева Мариян а мах бира Москохан тӀеман дарбанцӀийнан килсехь[37]. 1820 шо чекхдолуш, хьалхара кӀант Михаил дуьненан тӀеваьлчи, Достоевски дӀавелира тӀеман гӀуллакхера, 1821 шарахь дехьавелира болх бан Мариински мискечеран дарбанцӀа[38], чӀогӀа лахара алапаш долушехь, официалан дери дарца «бен болх тоъал алапа луш бац, шена а шен доьзална оьшург латталуш бац»[39]. Оцу меттиган коьрта бакъо яра, «мискалла ю хьалхара бакъо» дийнахь а, буса а цигара гӀо кхача[40]. Божедомке кхелхаш, ДостоевскигӀар ларбеш бара гурахь доьзал тӀекхетар[41].

Москохара бералла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Достоевски Фёдор Михайлович вина 1821 шеран 30 октябрехь Москохахь Керла Божедомка урамехь Мариински мискачеран дарбанцӀийнан аьтту агӀора, Москохан кхеташ-кхиоран цӀенна чохь. ДарбанцӀийнан Петран а, Павелан а килсехь «Бинарш дӀаябен тептарахь…» йоза дисина: «Бер дуьненан тӀедаьлла, мискачеран дарбанцӀийнан цӀа чохь, штаб-дарбанчан Достоевски Михаила Андреичан, — кӀант Фёдор. ДуӀа дина мозгӀара Ильин Василийс»[41][42]. Фёдор цӀе хаьржира, биографашна хетарехь, ненан ден цӀарах — совдегаран Нечаев Фёдор Тимофеевичан[41][43]. 4 ноябрехь Достоевскин жӀар туьйхира. ЖӀаран да-нана хилира штаб-дарбанча кертан хьехамча Маслович Григорий Павлович а, сту Козловская Прасковья Трофимовна, деда Нечаев Фёдор Тимофеевич а, Куманина Александра Фёдоровна[41][43].

«Со схьаваьлла оьрсийн а, беркате цӀена а доьзалера. Суна со дага мел вогӀу, суна дагабоху сайга болу сайн ден-ненан безам…», — дагалоьцура ах бӀен шо даьлча Фёдор Михайловича[41]. ДостоевскигӀеран доьзалера гӀуллакхаш луьра боьршачу нехан карахь дара[41]. Ялх сахьт даьлча Достоевски Михаил самволура, дарбанцӀачухула чекхволура цомгушчаьрга хьожуш, пациентийн цӀа оьхуш чекхволура. Шийтта сахь даьлча доьзалца делкъе йора, садоӀура, юха а дарбанцӀахь цомгуш берш тӀеоьцура. «Сарахь хьалха а, тӀаьхьа а доцуш 9 сахьт даьлча, охьадуьллура пхьоьран шун, пхьор диинчул тӀаьхьа, тхо, кӀентий, жӀаран дуьхьала а хӀуьттий; дуӀанаш дора, ден-ненан буьйса дика а йой, дӀадуьйшура. Иза хӀора денна иштта хуьлура», — дагалоьцура Фёдор Михайловича[44]. Яздархочун уггаре хьалхара дагалецамаш бу 1823—1824 шерашкара. Достоевскин хьалхара биографан Миллер Орест Фёдоровичан тешаллица, иштта дагадохург дӀадийшале хьалха, хьешан цӀа чохь, ден дуӀа дара хьеший а болуш[45][46]. 1822 шарахь йиша Варвара йича, ДостоевскигӀеран доьзалехь берийн Ӏуналла дийриг хуьлу Алёна Фроловна, цунах лаьцна яздархочун уггаре дика дагалецамаш бисира: «Дерриш тхо бераш цуо кхиийра, Ӏуналла дира тхуна. Оцу хенахь цуьнан шовзткъе пхиъ шо гергга дара, амал екхна, самукъане, даиман тхуна дуьйцура хаза туьйранаш!». Достоевскин кхолламашкахь иза хьахайо «ШайтӀанаш» романехь[47][43]. 1825 шеран мартехь Андрей винчул тӀаьхьа доьзал кхелха дарбанцӀийнан аьрру цӀа чу. Керла квартира, Андрейн дагалецамашца, яра шина чоьнах а, сени чоь а, кухни а йолуш яра. Баккхийчеран берийн чоь яра «бодане чоь», сени чоьнах дӀакъастийна дакъа[48][46].

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Волгин И. Л. Хроника рода Достоевских. — Москва: Фонд Достоевского, 2012. — 1232 с. — 1000 экз. — ISBN 5-902832-02-0
  • Орнатская Т. И. Летопись жизни и творчества Ф. М. Достоевского. — Санкт-Петербург: Академический проект, 1999. — Т. 1. — С. 282—499. — 537 с. — 1000 экз. — ISBN 5-7331-043-5
  • Сараскина Л. И. Достоевский. — 2-е изд.. — Москва: Молодая гвардия, 2013. — 825 с. — 7000 экз. — ISBN 978-5-235-03595-9
  • Якубович И. Д. Летопись жизни и творчества Ф. М. Достоевского. — Санкт-Петербург: Академический проект, 1999. — Т. 1. — С. 13—281. — 537 с. — 1000 экз. — ISBN 5-7331-043-5
Арахецарш
  • Достоевский, Ф. М. Полное собрание сочинений и писем : в 35 т. / Ф. М. Достоевский. — СПб. : Наука, 2013—.
  • Достоевский, Ф. М. Полное собрание сочинений : в 30 т. / Ф. М. Достоевский. — Л. : Наука, 1972—1990.
  • Достоевский, Ф. М. Собрание сочинений : в 15 т. / Ф. М. Достоевский. — Л. : Наука, 1988—1996.
  • Достоевский, Ф. М. Полное собрание сочинений в прижизненных публикациях (1844—1881) [Электронный ресурс] / Ф. М. Достоевский ; Кафедра рус. лит-ры и журналистики ПетрГУ. — Электрон. науч. издание. — Загл. с экрана.
  • Достоевский, Ф. М. Полное собрание сочинений : канонические тексты : в 15 т. / Ф. М. Достоевский. — Петрозаводск : ПетрГУ, 1995—2011.
Гочдарш
  • Оноре де Бальзак. Бальзак в переводе Достоевского : Приложение / Гроссман Л. П. // Евгения Гранде = Eugénie Grandet / Пер. с фр. Достоевский Ф. М. — М., 2012. — 272 с. — ISBN 978-5-389-03515-7.
Биографи
Дагалецамаш
Талламаш

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Масанов И. Ф. Словарь псевдонимов русских писателей, учёных и общественных деятелей : В 4 томах. — М.: Всесоюзная книжная палата, 1956—1960.
  2. 1 2 3 Белкин А. А. Достоевский Ф. // Краткая литературная энциклопедияМ.: Советская энциклопедия, 1962. — Т. 2.
  3. 1 2 3 А. Кирпичников Достоевский, Федор Михайлович // Энциклопедический словарьСПб.: Брокгауз — Ефрон, 1893. — Т. XI. — С. 72–81.
  4. T. Se. Dostoievsky, Feodor Mikhailovich // 1911 Encyclopædia Britannica — 11 — NYC: 1911. — Vol. 8. — P. 438–439.
  5. Fjodor Dostojewski
  6. 1 2 Бороздин А. К. Достоевский, Федор Михайлович // Русский биографический словарьСПб.: 1905. — Т. 6. — С. 608–670.
  7. http://www.theguardian.com/books/2008/jun/11/fyodordostoevsky
  8. http://www.sciencedirect.com/science/article/pii/0304347981900478
  9. http://www.jstor.org/stable/40922230
  10. Достоевский Федор Михайлович // Философский энциклопедический словарь / Ред.-сост. Е. Ф. Губский, Г. В. Кораблева, В. А. Лутченко. — М. : Инфра-М, 2003. — 576 с. — (Библиотека словарей «Инфра-М»). — ISBN 586225403-X.
  11. Орнатская, Туниманов, 1992.
  12. Достоевский и русский психологический роман XIX в. Осмоловский, Олег Николаевич, 1999.
  13. Morson, Gary Saul Fyodor Dostoyevsky (ингалс.). Encyclopædia Britannica, Inc. Теллина 2015 шеран 12 сентябрехь.
  14. Сараскина, 2013, с. 21—23.
  15. Волгин, 2012, с. 19.
  16. Волгин, 2012, с. 15.
  17. 1 2 Сараскина, 2013, с. 22—23.
  18. Волгин, 2012, с. 17—18.
  19. Волгин, 2012, с. 28—39.
  20. Сараскина, 2013, с. 24.
  21. Волгин, 2012, с. 29.
  22. 1 2 Сараскина, 2013, с. 25.
  23. 1 2 Волгин, 2012, с. 67—68.
  24. Сараскина, 2013, с. 34.
  25. Волгин, 2012, с. 69.
  26. 1 2 Сараскина, 2013, с. 35.
  27. Сараскина, 2013, с. 36.
  28. Сараскина, 2013, с. 37.
  29. Сараскина, 2013, с. 39.
  30. Сараскина, 2013, с. 38.
  31. Сараскина, 2013, с. 43.
  32. 1 2 Сараскина, 2013, с. 45.
  33. 1 2 Сараскина, 2013, с. 46.
  34. Сараскина, 2013, с. 47—48.
  35. Сараскина, 2013, с. 49.
  36. Сараскина, 2013, с. 50.
  37. Сараскина, 2013, с. 48.
  38. Сараскина, 2013, с. 51.
  39. Сараскина, 2013, с. 52.
  40. Сараскина, 2013, с. 53.
  41. 1 2 3 4 5 6 Сараскина, 2013, с. 56.
  42. Якубович, 1999, с. 13.
  43. 1 2 3 Якубович, 1999, с. 14.
  44. Сараскина, 2013, с. 58.
  45. Сараскина, 2013, с. 59.
  46. 1 2 Якубович, 1999, с. 15.
  47. Сараскина, 2013, с. 57.
  48. Сараскина, 2013, с. 61—62.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

1000HA.png