Дитрих, Марлен

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Марле́н Ди́трих
Marlene Dietrich
Марлен Дитрих, 1951 шо.
Марлен Дитрих, 1951 шо.
Бакъ цӀе Мария Магдалена Дитрих
ГӀуллакхан тайпа киноактёр, эшархо, автобиограф, эстрадный артист, скрипач, театральный актёр, Актёр, музыкант, телеактёр
Йина терахь 1901 шеран 27 декабрь({{padleft:1901|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1992 шеран 6 май({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (90 шо)
Кхелхина меттиг Париж, Франци
Корматалла актриса, эшархо
Гражданалла Германи, АЦШ
Да Луи Эрих Отто Дитрих
Нана Вильгельмина Джозефина Фельзинг
Бераш Морис
Сайт http://www.marlene.com/
Марле́н Ди́трих Викилармехь

Марле́н Ди́трих (нем. Marlene Dietrich [maɐˈleːnə ˈdiːtʁɪç], йича тиллин цӀе Мария Магдалена Дитрих (нем. Marie Magdalene Dietrich); 1901 шеран 27 декабрь1992 шеран 6 май) — немцойн а, америкин а актриса а, эшархо а. Цо кхоьллина киночохь зудчуна тоьллачарах васт.

Иштта а Дитрих йисина исторехь гӀарйалла эшархо санна а.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жималла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мари Магдалене Дитрих йина 1901 шеран 27 декабрехь Шёнеберг (1920 шо дуьна — Берлинан дакъа) гӀаланахь. Цуьна да хилла Луи Эрих Отто Дитрих (вина 1868 шарахь), нана йара Вильгельмина Джозефина Фельзинг (1876 шо). Цхьаболчара олу Марлен 1904 шарахь йина. Марленс ша олура ша 1900 шарахь йина.

Цуьна да хилла улан эскирехь. Цуьна йоӀ йечу хенахь иза вара полицин лейтенант. Нана йара хьалдолчу сахьташ духкучу хӀусамера. Шен гергарниш невцан реза боцушехь иза йагӀара цьунга маре 1898 шарахь. Марлен йале цхьа шо хьалха йинера цуьна йоккху йиша Элизабет.

Марлен 6 шо кхаьчна йолуш цуьна да велира. И валали цхьа шо хьалха дай-наний дӀасакъестинера, цундела Марлен шен да дагавогӀуш йацара.

1907 шо дуьна Марлен йоӀари школехь дешуш йара. Шен доьзалла кхабархьам нана хьалдолчу нехи цӀахь болбеш йара. Марлен музыка Ӏамо йолайелира, лютня а, скрипка а лакха Ӏамош йара иза.

1914 шо дуьна Дитрих доьзаллин Дессау дӀабагӀа дийзира. Керлачу школехь массо а дахаран агӀо боьдучу тӀеман хьаьжжина дӀадодура. ЙоӀариш тӀамтӀе бодуш салташна а, лазийна салташна а концерташ йора.

1917 шарахь доьзулла Берлине йухабехкира. Цу шарахь иза дуьххьура сценетӀе йелира скрипка локхуш.

Марлен Берлинера школе оьхура 1918 шо кхаччалц. ТӀом а, инфляци а, эпидеми а бахьнехь нах хала бохкух бара. Цундела нанас шен йоӀ Ӏалашйеш иза Веймаре йахийтира. Цигахь Марленс фрау фон Штайн школехь доьшара а, скрипка а Ӏамайора.

Дитрих Веймаре кхьаьчча хенахь цигахь хьайоллу Баухаус. Цу чохь гулбеллера дукха похӀме архитектораш а, художникаш-авангардисташ а: И. Иттен, Л. Мохой-Надь, П. Клее, В. Кандинский, Л. Фейнингер, О. Шлеммер, Г. Маркс, Ю. Шмидт, Г. Штёльцль. Баухаус кхоьллинчера дика йукъаметтиг йара фон Штайн школийца, цундела Марленан царехь дукхаберш бевзара. Нанас ша йуха а Берлине дӀайигаллалц Марлен скрипка Ӏамош йара.

ЦӀа кхаьчча Марленс скрипка йита дийзира. Цхьа бахьан дара цуьна куьг лазар. ШозлугӀа — ахча даккха дезар. Иза аздоцу фильмашна аккомпанемент йашйолу оркестре балха йахара. Цундела цунна аьтто белира массо а фильме масийттуза хьажа. Амма цуьна хазалло кхиболу музаканташ болхба ца буьтура. Цундела цхьа бутт белча иза балхара дӀайаккхира. ТӀаккха иза йолайелира вокал урокаш эца цхьана Берлинехь тоьлчах волу хьехархогара. Марлен аз чӀогӀа ца хиллехь а, массарна хаалора цунна эшар лакха хаьи.

Дитрих болхбора Рудольф Нельсон кабарехь. Цигахь иза йара йакхоьча йоӀаришца хелха а йулуш, эшар а локхуш. Цу хенахь хиира цунна ша гӀарйала лууш йуй. Иза гӀерта йолайелира шен ма хуьллу оцу Ӏалашон тӀекхача.

1922 шарахь иза Немцо театрехь йолу актеран школе экзаменех чакх ца йолу. ЙугӀа йала ца лууш, иза тӀейахара гӀарйалла кабаре актрисин Роза Валетти. Жима актрисин аз хазделла цо йагӀийтира и Рейнхардт администраторан тӀе. Иштта Марлен школе дӀаийцира. Оцу шарахь иза дукха спектакльшкахь гучуйолу.

1923 шеран 17 майхь Марлен маре йахара. 1924 шарахь цо йоӀ йира. 1925 шарахь иза йуха а болхба йолайелира. 1928 шарахь цо дуьххьара пластинкаш дӀайазйира.

Цхьа шо даьлча Джозеф фон Штернберган гира иза цуьна ревюхь. Цо кхайкхира иза «Сина малик» аьлла фильмехь дакъа лаца. И фильм бахьнехь Дитрих дуьненахь гӀарйалла артист хилира. Фильм ша оцу хенахь йара немцо киноматографан коьрта фильм. Цуьна премьера хиллера 1930 шеран 31 мартехь. Критикаш фильман баш реза а ца хиллехь, хьовсархой чутаттабелира кинозалаш чу. И фильма бахьнехь Дитрих америкера кино йоккхучарна евзира.

Голливудехь бина болх[нисйе бӀаьра | нисйе]

1930 шарахь Дитрихс «Paramount Pictures» компанехь болхба йолайелира. Цо Штернбергца йаккхина йалх фильм бахьнехь Марлен дуьненахь а гӀарйалла артист хилира. «Зуда шайтӀа ду» аьлла фильм царех тӀаьххьарниг йара.

1936 шарахь Гебельсас элира цуьнга, ша Марленс хӀора йаккхина фильмах 200 000 рейхсмарк лурду. Цул совнах Марлен шен луу продюсер а, режиссер а, харжа йиш хир йу аьлла. Амма Дитрих реза ца хилира. 1937 шарахь ша тӀаьххьара Германи еачу хенахь ша реза ца хилитар хаийтира цо. 1939 шеран 9 июнехь цуна Америкин гражданство йелира.

Штернбергца цхьана бешболу болх сецча Марленс ша дукха фильмашкахь дакъа лецира. Иза гӀертара Штернбергс йина вастахь дакъаста, амма и да гӀоьртача критикаш цунна реза ца хуьлура.

1943 шеран мартехь шен болх битина иза кхаа шарахь салтиш хьалха хуьлу Африкехь а, Италехь а, Францехь а концерташкахь дакъа лоцура. Оцу кхаа шарахь цо йелира 500 сов концерт. 19471950 шарашкахь цунна йелира Америкин лаккхара мидал — ПаргӀатон мидал, иштта а Францин «Сийлахь легионан орден» а, «Сийлахь легионан эпсир» а орденаш.

1946 шо дуьна дӀа 1951 шо кхаччалц йуха а кинохь болхбира цо. Цул совнах цо радиопередачашкахь дакъа лоцара, къагийна журналашкахь статьяш йазйора. 1953 шарахь иза йолайелира эшарш лакха а, конферансье болх ба а. Кинохь тӀехь-тӀехь кезга гучуйолура иза. Цо ша хоржура шен ролеш, кеги ролеш ловзура дукха ахчанах.

1960 шарахь иза гастролешна ФРГ еара. Немцаш иза во тӀелецира цуьна тӀеман хенахь Германин дуьхьал хиларна. 1963 шарахь цо бокху кхиамца Москвахь а, Ленинградехь а концерташ йелира. Интервью луш хенахь цо элира ша СССР кхача лууш дукха хан йу а, шен оьрсийн литература йезарна а[1].

ТӀаьххьара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1975 шарахь цо Сиднейхь ког кагбинера. И бахьнехь цуьна болх бита бизира. Цхьа шо делча цуьна майра велира. Цо йаккхина тӀаьххьара фильм йара 1978 шарахь арайалла «ТӀеххаза жиголо — къен жиголо». Оцу фильмехь Марленс коьрта эшар а лекхира, саундтрек йазйеш дакъа а лецира. 1979 шарахь цо йазйина «Marlene Dietrich ABC» книга арайелира. Иза оцу сахьтехь масийтта матта йаккхира. Россиехь иза арайелира «Сан дахаран абат» аьлла цӀе йолуш.

Маларах а, лазар дӀадокху молханех а доьзна хилара бахьнехь тӀаххьара шарашкахь иза шен Парижер квартирера ара ца йолура. Дуьненца зӀе цо телефонца латтайора. ТӀаьххьара 11 шо цо меттахь даьккхира, шен гуттар гергарниш бен тӀе ца лоцуш.

1982 шарахь Дитрихс Максимилиан Шеллан шен пурба делира шех лаьцна документан фильм йаккха. Амма цо Шеллан тӀедиллира ша оцу фильмехь гойтура йац аьлла. Цундела Шеллс «Марлен» фильм йаккхира. Иза йара Марленца аудиоинтервью. Иштта цу йукъахь йара Дитрих йина шена дахарах лецна кадршан комментариш.

Марлен Дитрих йелира 1992 шеран 6 майхь шен Парижера квартирехь. Цунна кадам бан веара кхо эзар ларамхо. Цуьна гроб тӀе Америкин флаг йиллина дӀайихьира Берлине. Цигахь шен ненан каш уллехь дӀайоллира иза.

Марленс чӀогӀа лардора шен дахарца доьзна массо а хӀума. Дукха хӀумнаш а, сурташ а цо латтайора лерина йина компанешкахь. Цигахь уьш латтайириг дукха ахча долура. Иза йеллачул тӀехь и массо а хӀума цхьана гулйинера (25 эзар хӀума а, 18 эзар сурт а). Царех дукхаериг Берлинера кинон музейчу даӀелира, цхьаериг — Сотбис аукционехь йохкира.

Йиццайар[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Марлен Дитрих цӀе 1923 шарах Карл Рейнмунт боху астрономан карийна йолу астероидан тиллина.
  • 2002 шарахь йеллачултӀехь Марлен Дитрих йинера Берлинан сийлахь гражданин.
  • Германехь а, Молдавехь а Дитрих сийдеш арахецна почтан маркаш.
  • 2008 шеран 28 июлехь Марлен Дитрих йиначу цӀийнатӀехь (Леберштрассе, 65 Шёнеберг районехь) хӀоттина леррина мемориалан у[2].
  • «Марлен» — 1935 шарахь А. Н. Вертинскийс Марленина йазйина эшар (дешнаш а, мукъам а).
  • Евровидени 1970 эшеран конкурсехь Доминик Дюссос лекхира Марлен Дитрихах лаьцна эшар.

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Премьера ЦӀе Оригинал Роль
1922 шо Божари иштта бу So sind die Männer Катрин
1923 шо Безаман бохам Tragödie der Liebe Люси
1923 шо Новкъахь долу адам Der Mensch am Wege Kramechstochter
1924 шо Дахарчу кхоссавалар Der Sprung ins Leben Guter, Mädchen am Strand
1926 шо Манон Леско Manon Lescaut -
1926 шо Дюбарри тахана Eine Dubyrry von heute Kokotte
1926 шо Охьа ма таӀа, Чарли Kopf hoch, Charly! Edmee Marchand
1926 шо Зудчун бераш ца деза Madame wünscht keine Kinder Танцовщица
1926 шо Забарча Der Juxbaron -
1927 шо Цуьна боккху аьшпаш Sein größter Bluff Иветта
1927 шо Кафе Электрик Café Electric Эрни
1928 шо Принцесса Олала Prinzessin Olala Chichotte de Gastone
1929 шо Целую вашу руку Ich küsse Ihre Hand, Madame Лоранс Жерар
1929 шо Йезаш йолу зуда Die Frau, nach der Man sich sehnt Сташа
1929 шо Байначера Der Schiff der verlorenen Menschen -
1929 шо Зудайалор хена кхерамаш Gefahren der Brautzeit Эвелин
1930 шо Сина малик Der blaue Engel Лола-Лола
1930 шо Марокко Morocco Эми Джолли
1931 шо Си дайанарг Dishonored Мэри Колверер
1932 шо Шанхайн экспресс Shanghai Express Магдален/Лили Шанхай
1932 шо Сирла месаш йолу Венера Blonde Venus Хэлен Фарадэй
1933 шо Эшари эшар Song of Songs Лили Кжепанек
1934 шо ЦӀийш йуьзна паччахь The Scarlet Empress Екатерина II
1935 шо Зуда шайтӀа ду The Devil is a Woman Кончита Пэрез
1936 шо Лаам Desire Маделен де Бюпрэ
1936 шо Дели беш The Garden of Allah Домини Энфильден
1937 шо ГӀагӀ доцу къонах Knight Without Armour Герцогиня Алесандра Владинофф
1937 шо Малик Angel Мария 'Ангел' Бэйкер
1939 шо Дестри йугӀа а говрахь ву Destry Rides Again Фрэнчи
1940 шо ВорхӀ къинош дерг Seven Sinners Бижу Бланш
1941 шо Энерги Manpower Фэй Дуваль
1942 шо Ледин иштта лаьа The Lady is Willing Элизабет Мадден
1942 шо Сийдоцургш The Spoilers Шэрри Малотт
1942 шо Питтсбург Pittsburg Джоси 'Ханки' Винтерс
1942 шо Нью-орлеанера серло The Flame of New Orleans Клэр Леду/Лили
1944 шо Кисмет Kismet Джамилла
1944 шо КӀенташна тӀаьхьа Follow the Boys камео
1946 шо Мартин Руманьяк Martin Roumagnac Бланш Ферранд
1947 шо Деши чӀагарш Golden Earrings Лидия
1948 шо Дозанал арара роман A Foreign Affair Эрика фон Шлютов
1949 шо ХӀетал-метал Jigsaw камео
1950 шо Сценехь кхерар Stage Fright Шарлотт Инвуд
1951 шо Стиглахь некъ бац No Highway in the Sky Моника Тисдейл
1951 шо Дастамдаьлла ранчо Rancho Notorious Алтар Кин
1956 шо Дуьненна гобаккхара 80 дийнахь Around the World in 80 Days Хозяйка салона
1957 шо Монте-Карло Montecarlo Мария де Крэвесье
1957 шо Бехкедаран теш Witness for the Prosecution Кристина Хельм/ Воул
1957 шо Вон зорба Touch of Evil Тана
1961 шо Нюрнберехь процесс Judgment at Nuremberg госпожа Бертхольт
1962 шо Ӏаьржа цхьогал. Адольф Гитлеран бакъдерг дийцар The Black Fox. The True Story of Adolf Hitler диктор
1963 шо Париж йовхонехь Paris When It Sizzles камео (в титрах не указана)
1978 шо ТӀеххаза жиголо — къен жиголо Schöner Gigolo, armer Gigolo Баронесса фон Зомеринг
1984 шо Марлен Marlene голос за кадром

Альбомаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сборникаш (хаьржинаш)

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Советский экран журнал № 3. — М., 1985.
  2. Deutsche Welle

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Норма Боске, Мишель Рахлин. Марлен Дитрих: последние секреты. М. Текст, 2011.
  • Н. Я. Надеждин. Марлен Дитрих: «Уйти, чтобы остаться»: Биографические рассказы. М.: Майор, Осипенко, 2011. 192 с., Серия «Неформальные биографии», 2000 экз., ISBN 978-5-98551-162-8
  • Н. Я. Надеждин. Марлен Дитрих. М.: Мир энциклопедий Аванта+, Астрель, 2011. 224 с., ил., Серия «Секрет успеха», 3000 экз., ISBN 978-5-98986-511-6, ISBN 978-5-271-36823-3
  • Паван Ж. Марлен Дитрих / Пер. с фр. Е. Пурыжинской. — М.: Молодая гвардия, Палимпсест, 2012. — 256 с. — (Жизнь замечательных людей). — 5000 экз., ISBN 978-5-235-03472-3

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]