Жибрил

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Джибрил тӀера хьажжина кхуза)
Сулюс йозанца йазйина Жибрилан цӀе

Жибрӣл (Ӏаьр. جِبرِيل‎‎), Жабра̄ил[1][2](Ӏаьр. جَبْرَائِيل‎‎) — иза Делан герггарчу мукъаррабун олучу деа маликех цхьа малик ду. Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашкахь а хьехийна ду иза. И дуссуш хилла пайхамаршна дӀаделладаларш (вахьйу) дохьуш, Делан омраца, цуьнах ду цо Мухьаммаде ﷺ Къуръан доссадар а.


ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жибрил дош шина шира дашах лаьтташ ду — «Жибр» (лай, йалхо) а «ил» (Дела) а, цуьнан маьӀна «Делан лай» бохург ду.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]