Реконкиста

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Реконкиста
Cantigas battle.jpg Реконкистан тӀом. «Cantigas de Santa María» жима сурт (XIII-гӀа бӀешо)
МостагӀий

Астури паччахьалла; Галиси паччахьалла; Леон; Наварра; Португали паччахьалла; динан-рицаран орден;

Гранадан эмират; Кордован эмират; Кордован халифат;

Commons-logo.svg Аудио, суьрташ, видео Викилармехь

Реконкиста[1] (испанхойн а, португалихойн а меттанашкахь Reconquista «схьадаккхар»)- пиренейн керстанаш- коьртачу декъехь испанцаш а, португальцаш а- мавран эмираташ дӀалецна Пиренейн ахгӀайренан латтанаш юхадерзоран беха болам бу.

VӀӀӀ-чу бӀешеран хьалхарчу декъехь Пиренейн ахгӀайренан доккхаха долу дакъа Ӏаьрбоша тӀамца долалле даьккхинчул тӀаьхьа йолайелла Реконкиста.

Феодалийн къийсамаш хиларна, хийцалучу аьттонца йоьдуш яра Реконкиста. Цу хьокъехь пиренейн керста Ӏедалдайш вовшашца а, шай вассалашца-бунтхошца а тӀом беш бара. И бахьан долуш керстачу куьйгалхоша бусалбачу нахаца ханна болу берташ бора. Кхечу агӀора, цхьаболу Ӏаьрбийн элаш а бара вовшашца барт эгӀна. Шайн Ӏедал къийсарехь керстачу нахе гӀо доьхура цара.

ЖӀарахойн тӀелетарийн заманчохь, маврашна дуьхьал беш болу тӀом, дерриг керстачу дуьненан дуьхьа беш санна къобалбеш бара. Цу хьокъехь кхоьллинера мавраш  хӀаллакбан тамплиеран тайпана йолу рицаран орденаш.  Папалло Европерчу рицаршка кхайкхира Пиренейн ахгӀайренан тӀехь бехаш болу сарацинашца тӀом бан.

1492-чу шарахь Реконкиста чекхйелира. Оцу шарахь 2-чу Фердинандо а, Кастилин 1-чу Изабеллас а Пиренейн ахгӀайренан тӀера тӀаьххьара мавран Ӏедалда эккхийра. Цу шиммо Испанин доккхах долу дакъа шайн куьйгалли кӀела дерзира. (Наварра паччахьалла Испанин декъе юкъаяхара 1512-чу шарахь).

Хьостанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Реконкиста, -ы (ист.). Кеп:Книга:Прописная или строчная