ГӀодан га

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ДӀадие кечдина сийна гӀодан геннаш пеларгонин (Pelargonium sp.)

ГӀодан га — леррина къастийна вегетацин дебаран лелош долу ораматан дакъа.

Ораман га цӀен кхезарийн (Ribes sanguineum)

Субстрат чу орам тасийтархьама дийна гӀодан геннах, орамаш а, патарш а кхуьий, керла орамат хуьлу. ГӀодан геннах кхиина орамато Ӏалашдо шен ненан хьал а, билгалонаш а.

Дукхах дерг гӀодан га доккху маргӀалех, дечиг хилла яьлла — гӀаш доцуш (Кхезарш, Кемсаш, Хьайба, Инжир) — я сийна — гӀаш долуш (Кхезарш, Хьач, Балл, Кемсаш, КӀудалгаш), амма гӀодан геннаш дан мега бецан гӀодах (Флокс), кхин тӀе цхьанашеран ораматах а.

Цхьайолчу дечиган а, бецан а орамаш тосучу ораматийн (ЦӀен комар, Мангалкомар, Акхтарг, Ӏежан къона маргӀал, Флокс) гӀодан геннаш орамашкара оьцу (ораман геннаш), ишттачу гӀодан геннаш тӀехь керла ораматаш хуьлу кхин тӀе патарш кхуьу.

Орам тесна Каланхоэ (Kalanchoe sp) гӀан гӀадан орам

.

ТӀаьххьара, цхьайдолчу ораматийн (Бриофиллюм, Бегони, Пепероми, Сенполи) гӀадан геннаш до гӀашшах (гӀан геннаш).

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]