Хьа́йба (лат. Cydōnia) — Ровзананаш (Rosaceae) доьзалера дечиган ораматийн цхьаьнакепара тайп. Оцу тайпанан ша бен йоцу векал ю иза.
Орамат ю уггаре ширачех стоьмийн культура, адаман евза 4000 сов шо ду. Хьайбан даймохк лору Кавказ, цигара иза Жимачу Ази кхаьчна, тӀаккха Ширачу Желтойчоь а, Руме а.
Ӏаламехь ареало дӀалоцу Кавказ, Чоьхьара Кавказ, Юккъера Ази[1]: , Туркмени (Копетдаг)[2]. Шуьйра яьржина, йола а йоьлла дерриг Лаьттаюккъера хӀордан гуонаха, Азера барамера кӀошташкахь, къилба а, юккъера а Европан кӀошташкахь. Лелайо Европан дукха кӀошташкахь (Шотландера Норвеги кхаччалц, 63°50’ къс. ш.), Къилбаседа а, Къилба а Африкехь, Къилбаседа а, Къилба а Америкехь, Австралехь а, Океанехь.
|
|
|
|
Harch́ar baq́h́a aǵor: ga du ǵaşcani; zezag; stemaş; haza guş h́aybnaşca
|
- ↑ По данным сайта GRIN (см. карточку растения).
- ↑ Атлас лекарственных растений СССР / Гл. ред. акад. Н. В. Цицин. — М.: Медгиз, 1962. — С. 11. — 702 с.