ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Балл |
---|
Балл. Заз даьлла доккха диттан кеп |
|
Prunus subgen. Cerasus (Mill.) A.Gray, 1856 |
|
|
ХӀара йаззам бу
Cerasus бухара тайпанан ораматех лаьцна. «
балл» дош йукъахь долу кхин ораматех лаьцна, хьажа
Балл (маьӀнаш).
Балл (лат. Prúnus subg. Cérasus) — Ровзанаш (Rosaceae) бухара тайпанера Слива (Prunus) доьзалан ораматан тайпа.
Латинийн маттахь лат. viscum «олхазарийн хьаьхьамч» хуьлу.
Фарнакина а, Трапезундна а йуккъехь лаьтта жима Керасунда шахьар (желт. Κερασουντα)[1], гӀарайаьлла шен баьллашца. Нисса цигахь гина румхошна баьллаш, цара цӀе йелира царна «керасундан стоьмаш» аьлла, лат. cerasi. Кхузара схьадаьлла итал. ciliegia, фр. cerise, испан. cereza, порт. cereja, нем. Kirsche, инг. cherry, оьрс. черешня[2].
Cerasus бухара тайпа къаьста кхечу Prunus бухара тайпанех (Armeniaca — туьрк, Prunus — хьач, Emplectocladus) тӀаьхьарчу хьесапашца:
- стом (лаг) шера, тача доцуш;
- гӀаш патарбиллар дохаллехь;
- заза лаьтта четаршца, масех заза цхьаьна а долуш;
- Баьллийн заза кхуьй гӀашца нисса йа хьалхо;
Зазан дукха хьолехь пхи жаз хуьлу, амма сих-сиха хаало йалх жаз долу заза а.
Бухара тайпа доькъу шина декъе — Cerasus а, Laurocerasus а, царна чу йогӀу 60 кеп[3].
sect. Cerasus[4]
- Балл тӀера гӀа дожжалц, мел дукха ло дилларх, йойаларо иза эккхор ду. Халкъан билгало[5].
- Барбадосан балл таксономица дикка гена йу вайн йукъара баьллана: и орамат кхечу доьзалера хила ца Ӏаш, амма кхечу могӀанера а йу.
- ↑ В настоящее время город называется Гиресун (турк. Giresun)
- ↑ Талах, В. Рождённый под знаком кометы: Митридат Эвпатор Дионис. — Одесса, 2006.
- ↑ Балл(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN.
- ↑ Species Records of Prunus sect. Cerasus (бил-боцу.). GRIN. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 20 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 24 сентябрехь
- ↑ Стрижёв А. В. Календарь русской природы. — 3-е изд., перераб. — М.: Моск. рабочий, 1981. — С. 211.
Дошамаш а, энциклопедеш а | |
---|
Таксономия | |
---|